Баляй, Беким

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Футбол
Беким Баляй
Кегийрхойн клубаш
2002—2009 Албани Влазния
Клубан карьера[* 1]
2009—2010 Албани Влазния 30 (9)
2010—2011 Туркойчоь Генчлербирлиги 1 (0)
2011—2012 Албани Тирана 37 (15)
2012—2014 Чехи Спарта (Прага) 25 (6)
2013—2014 Польша Ягеллония 31 (7)
2015—2016 Хорвати Риека 46 (18)
2016—2019 Росси Ахмат 61 (12)
2019—таханналц Австри Штурм 13 (5)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара.

Беки́м Абдю́ль Баля́й (алб. Bekim Abdyl Balaj; 1991 шеран 11 январь, Шкодер) — албанера футболист. Иза ловза «Штурм» цӀе йолу клубехь а, Албанин гулйина тобанехь а.

Клубашкахь ловзар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Баляй ловза волавелира «Влазния» цӀе йолу Албанера клубехь. 17 шо кхаьчча цо дакъалецира шен Албанера лакхара лигехь хьалхара ловзарехь «Беселидья» (Лежа) цӀе йолу тобанан дуьхьула 2008 шеран 17 майхь[1]. 2009/10 шерийн сезонехь Баляй хилира «Влазнин» коьрта тобанан декъашхо. 2010 шарахь кхоьчу Албанера футболистца Одисе Роши и шиъ ваханера Франци «ПСЖ» клубе шаьш гайта, амма Францехь царне реза ца хилира. 2010 шеран 17 июнехь Баляйс 4 шеран контракт йира «Генчлербирлиги» цӀе йолу Турцера клубац. Турцин Суперлигехь иза цкъа бен ца левзира, 90-гӀа минутехь «Галатасарайн» дуьхал хьешахь ловзуш кхоьчу футболистан меттан араваьлла[2]. 2011 шарахь Баляй «Влазния» а, «Тирана» а цӀе йолу Албанин клубаш шайгхьа ловза кхайкхира. Оцу шеран 20 январехь цо «Тиранехь» шина шарахь ловзур ву аьлла барт бира. Оцу бертахь цуьнан шеран алап хуьлура €70 000 сезонехь. Оцу шеран 18 августехь Баляйс цхьа гол чутуьхира 2011 шеран Албанин Суперкубкехь. И гол йоцург кхи чутоха аьтту ца белира цунан цу шарахь. 2016—2019 шерашкахь иза левзира Соьлжа-ГӀалин «Ахматехь».

Гулйина тобанехь ловзар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Беким Баляй масийттуза левзира Албанин берийн а, кегирхойн а гулийна тобанашкахь. 2010 шаран 17 февралехь иза дуьххьара левзира Албанин коьрта гулйина тобанехь иза Косово пачхьалкхан гулйина тобанан дуьхьала ловзуш. Оцу ловзарехь цо шен гулйина тобанехь хьалхара гол туьхура. Иштта Португалехь оцу пачхьалкахн гулйина тобанан дуьхьуьла ловзуш Баляйс чутоьхна голас нахана тамашена хетта толам беккхира цуьнан тобанан.

Ловзарийн статистика[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тобанан[нисйе бӀаьра | нисйе]

2018 шеран 12 октябрь хьолан
Команда Сезон Чемпионат Кубок Кхи ериг Йеррига
Лига Ловзараш Голаш Ловзараш Голаш Ловзараш Голаш Ловзараш Голаш
Албани Влазни 2009/10 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 30 9 0 0 4 0 34 9
Итого 30 9 0 0 4 0 34 9
Туркойчоь Генчлербирлиги 2010/11 шерийн Турцийн футболан чемпионат Лакхара 1 0 1 0 2 0
Йерриг 1 0 1 0 2 0
Албани Тирана 2010/11 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 13 2 1 1 14 3
2011/12 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 24 13 0 0 2 0 26 13
2012/13 шерийн Албанин футболан чемпионат Лакхара 2 0 2 0
Йерриг 37 15 1 1 4 0 42 16
Чехи Спарта (Прага) 2012/13 шерийн Чехин футболан чемпионат Лакхара 12 3 0 0 5 1 17 4
Йерриг 12 3 0 0 5 1 17 4
Польша Ягеллони 2013/14 шерийн Польшин футболан чемпионат Лакхара 31 7 6 2 37 9
Йерриг 31 7 6 2 37 9
Чехи Славия (Прага) 2014/15 шерийн Чехин футболан чемпионат Лакхара 13 3 1 0 14 3
Итого 13 3 1 0 14 3
Хорвати Риека 2014/15 шерийн Хорвати футболан чемпионат Лакхара 15 9 3 1 18 10
2015/16 шерийн Хорватин футболан чемпионат Лакхара 31 9 4 1 2 0 37 10
Йерриг 46 18 7 2 2 0 55 20
Росси Ахмат 2016/17 шерийн Российн футболан чемпионат Лакхара 26 9 1 0 27 9
2017/2018 шерийн Российн футболан чемпионат Лакхара 13 0 0 0 13 0
2018/2019 шерийн Российн футболан чемпионат Лакхара 7 0 1 1 8 1
Йерриг 46 9 2 1 48 10
Массо цхьаьна 216 61 18 6 15 1 249 68

Гулйина тобанехь[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йерриг: 35 ловзар / 6 гол; eu-football.info.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Тобанан кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Албанин байракх «Влазния»

  • Албанин Кубкан толамхо: 2007/08

Албанин байракх «Тирана»

  • Албанин Кубкан толамхо (2): 2010/11, 2011/12
  • Албанин Суперкубкан толамхо: 2011

Чехин байракх «Спарта Прага»

  • Чехин чемпионатехь 2-гӀа меттиг: 2012/13

Хорватин байракх «Риека»

  • Хорватин чемпионатехь 2-гӀа меттиг (2): 2014/15, 2015/16

Шен кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Албанин Суперлиган тоьлла къона футболист: 2011/12

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Beselidhja Lezhe 4:2 Vllaznia Shkoder (инг.). — footballdatabase.eu. ТӀекхочу дата: 15 апреля 2016.
  2. Galatasaray 0:2 Genclerbirligi (инг.). — soccerway.com. ТӀекхочу дата: 15 апреля 2016.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]