Чулацаман тӀегӀо

Бакохан пачхьалкхан университет

40°22′24″ къ. ш. 49°48′40″ м. д.HGЯO
Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бакохан пачхьалкхан университет
(БГУ)
сурт
Дацдар БГУ
Кхоьллина шо 1919
Ректор Эльчин Бабаев
Лаьтта меттиг Бакох,  Азербайджан
Юридически адрес Академик Халилов ЗахӀидан ур., 23. Индекс: AZ 1148, AZ-1073/1
Сайт bsu.edu.az/
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Бакохан пачхьалкхан университет — Азербайджанан лакхара говзаллин дешаран меттиг. Университет йукъайоду Европин Университетийн ассоциацин (EUA). Университетехь хӀора шарахь дешар ло 22 500 студентан. Хьехархойн барам — 1300, царех 250 — Ӏилманийн доктор, профессораш, 750 Ӏилманийн кандидат.

1919 шеран Бакохан пачхьалкхан университетан мухар

Азербайджанан Демократин Республикин парламентан 1919 шеран 1 сентябран гуламехь тӀеийцира Бакохахь Пачхьалкхан университет йилларан закон [1] — керла дешаран меттиг йиллира Европа Азех къаьстачехь. Университет кхоьллира шен йукъахь 4 факультет йолуш (историн-филологин, физикин-математикин, юридически, медицинин). Университетан хьалхара ректор хилира гӀараваьлла хирург В. И. Разумовский.

АДР правительствон 1919 шеран 8 сентябран сацам:

« Университетан комиссис хаьржина хьакъ долу оперативан хирургин кафедрера профессор В.И. Разумовский а, патологин анатомин кафедрера профессор И.И. Широкогоров а чӀагӀве: хьалхарниг — Бакохан пачхьалкхан университетан ректор, ткъа шолгӀаниг — медицинин факультетан декан. Оццу комиссис хаьржина факультетан терапевтин клиникин кафедрера хьакъ долу профессор А.М. Левин а, йукъара историн кафедрера доцент Н.А. Дубровский а деканан декхарш кхочушдан вита: хьалхарниг — медицинин факультетан, ткъа шолгӀаниг — историн-филологин.[2] »
Университетан хьост

1920 шарахь Бакохахь дӀайиллира йукъахь медицинин а, историн-филологин а факультеташ йолу пачхьалкхан университет. 1924 шарахь цунна цӀе елира Азербайджанан пачхьалкхан университет. 1929 шарахь йукъайогӀура 4 факультет. 1930 шарахь Университетах йира масех шешша йолу институт (медицинин, хьехархойн, халкъан бахаман, кхин а). 1934 шарахь университет метахӀоттийра АГУ санна, цунна С. М. Кировн цӀе тиллира.

1920—1930-гӀа шерашкахь университетера коьрта хьехархой гӀарабевлла азербайджанан йаздархой Ахвердиев Ӏабдуррахьим бек, Шахбази, Таги Ӏаббас охӀли, гӀараваьлла поэт, филолог, историк В. И. Иванов, гӀарабевлла малхбалеӀаморхой — профессор П. К. Жузе, профессор А. О. Мишель, историк а, философ а А. О. Маковельский, ботаник А. А. Гроссгейм, юрист — Керимов Агалар Сейфаддин охӀли, кхин а дика Ӏилманчаш. Оцу муьрехь университетан куьйгалло кхайкхина Бакоха шайн говзаллашца лекцеш еша баьхкира Н. Я. Марр, В. В. Бартольд, А. Б. Селиханович, Малхбален Ӏилманийн академин академик Фуад бек Кюпрюлюзаде.

ТӀехьа гӀарабевлла университетера арахецнарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Азербайджанская Демократическая Республика (1918―1920). Законодательные акты. (Сборник документов). — Баку, 1998, с. 101—103
  2. Азербайджанская Демократическая Республика (1918―1920). Законодательные акты. (Сборник документов). — Баку, 1998, с. 356