Баккхал

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Баккхал Алабамехь (1936)

Баккхал (турк. bakkalхасстоьмаш духкург, Ӏаьр. بَقْلٌ‎‎ — бецаш, хасстоьмаш[1]) — бахамехь уггаре хьалха оьшу декъа сурсаташ, ахфабрикаташ, консерваш, ткъа иштта цхьайолу бахамехь ца хилча ца долу сурсаташ (саба, хӀуманаш юьтту порошок, сирникаш)[2]. Дуа сурсаташ дохкаран агӀора хьаьжчи, баккхалан сурсаташ къаьсташ хуьлу алсама латтарца, лело атта хиларца, нисса дуьхьала гастрономинчарна, уьш даа кийчча хуьлу, деза а хуьлу, латто башха хьолаш а деза.

Революцил хьалхарчу Россехь баккхал чохь духкура декъа дуа сурсаташ — хьалха стоьмийн аьхкаш, кхагарш, тӀаьхьа чай, шекар, къаьхьуо, дама, Ӏов, чам бийригаш. Цул тӀаьхьа баккхал ала долийра иштта сурсаташ цхьацца духкачу жимачу туькнах я йоккхачу туькан декъах. Баккхалан я туькан дех олу баккхалхо.


1950-гӀа шерашкахь дуьйна Советийн Союзехь бахархошна баккхалан сурсаташ духкура ССРС Йохк-эцаран министраллин юкъара Коьртабаккхало. Советийн законашца хӀоттийра баккхалан белхалочун белхан меттиган, гӀирсан таран, кхечу йохк-эцаран аспектийн жоьпалла[2], тӀедожадора зуламан сагалматашца а, дехкашца а тӀом латтор.

Таханлерачу йохк-эцаран классификацица дааран баккхалан сурсаташна юкъа догӀу: Ӏов, дама, гарзнаш, шекар, крахмал, юурган концентраташ, совсорг, чай, чайн маларш, къаьхьуо, къаьхьуон маларш, бецан даьттанаш, туьха, къонза, чам бийригаш[3]. Шелдаран гӀирс бахьнехь, таханлера цӀера туькан чохь юхку баккхал а, иштта гастрономин сурсаташ а, царна юкъахь жижиган а, шуран а сурсаташ, ткъа иштта керла даьхна стоьмаш а, хасстоьмаш а.

Галерей[нисъе | нисъе чухулара]


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. бакалея // Lua гӀалат: expandTemplate: template "бсокр" does not exist.. — Изд. 2-е, стер. — М. : Прогресс, 1986—1987.
  2. 1 2 Бакалейные товары в СССР
  3. Кондрашова Е. А., Коник Н. В., Пешкова Т. А. Товароведение продовольственных товаров. — М.: Альфа-М, 2007. — С. 21. — 416 с. — ISBN 978-5-98281-108-0