Чулацаман тӀегӀо

Байталваккхар

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
1930 шеран пропагандистийн плакат: «ХӀаллак вийр ву кулак класс санна».

Байталваккхар йа Кулакаш бохор[1]) — тароне хьаьжжина ахархой массашкахь хьийзабар[2][3], лелош хилла большевикаш 1930 - 1954-гӀа шерийн муьрехь. Политика лелор цхьаьна нисделла нуьцкъала бепиг дӀадаккхарца а, колхозаш яхкарца а, цуо массашкахь реза ца хиларца дуьхьал баьхна ахархой[4][5][6][7][8][9][10][11], тобанашкахь арабаьхна «кулакаш» а, церан доьзалаш а лерринчу меттигашка[12][13][14], дӀабаьхна церан бахам («йукъара бина») [15][16][17][18], тоьпаш йиттина[19][20], ткъа иштта ойла йина ца хиларна а, политика кхочушъян цхьа а лерина инструкци ца хиларна[21] — меттигера Ӏедалша дуккха къиен а, йуккъера бахам болу а йуьртан бахархой хӀаллакбина[22][14][23], кхин а меттигера Ӏедалан декъашхой а. Политикин йуьхьаг йолийра ВКП(б) ЦК Политбюрон 1930 шеран 30 январан «Ерриг коллективизаци йаран кӀошташкахь кулакийн бахамаш дӀабахаран белхах лаьцна» цӀе йолчу постановленица[2][24] Формалан политика лелор чекхдаьлла 1930 шо долалуш[25], амма, уьш дӀайахаран муьран тӀаьхье йахйелира 1954 шо кхаччалц. Цул тӀаьхьа 60 шо даьлча, «Политикин репресси йиначарна реабилитаци йарах лаьцна»[26] 1991 шеран октябрехь арадаьллачу законаца, байталбаьхна («репрессеш йина») нах официалан лерина Лакхарчу Совето репресси йина а, реабилитацин бакъо йолуш а.

1917—1923 шерашкахь байталваккхар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1918 шеран 8 ноябрехь къиечеран комитетан векалийн гуламехь Ленина дӀахьедина кулакалла дӀадаккхаран новкъах лаьцна: «…нагахь кулак меттах ца ваккхахь, нагахь дуьне дуурш вай иэша ца бахь, тӀаккха лаахь а, ца лаахь а паччахь а, капиталист а хир ву.»[27][28][29] 1918 шеран 11 июнан Декретаца кхоьллира къиечеран комитеташ, цара йоккха роль ловзийра байталбахарехь, шайн меттигашкахь урхалла дора кулакашкара схьадаьхна латташ, белхан гӀирс, совдевлла сурсаташ дӀасадекъаран процессан. Билгалйелира йуьхьиг «бепиг йухудухкучарна, кулакашна, дуьне дуучарна дуьхьала сийлахь-боккхачу тӀеман, … тӀаьххьара а, хадаме а тӀом берриг кулакашна — нах боцочарна».[30] Схьадехира къиечарна а, йуккъерчарна а дӀаделладолу 50 миллион гектар кулакийн латтанаш, схьабаьккхира кулакаллегара алсама долу дакъа белхан гӀирсах къечеран пайденна.[31]

Кулакаллин класс дӀайаккхар

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1928 шеран 15 февралехь Правда газето дуьххьала зорба тоьхна кулакалла емалъеш материалаш, хоуьйтура йуьртахь долу хала хьал, меттигашкахь хьал долу ахархошна бешболу ницкъ, иза йуьртахь миска нахан беш хилла ца Ӏаш, партийна шена чохь а беш бу, цхьа могӀа коммунистийн тобанаш урхалла а деш. Зорбане дехира кулакаллин зуламе белхаш — гучубехира миска нах а, ялхой а меттигерачу партин декъе ца буьту меттигера секретарийн даржашкара кулакийн элементаш.[32]

Кулакашкара а, йуккъерчаьргара а ялтан экспроприаци йарах олура «чолхечу хенан белхаш». Амма нуьцкъала бепиг а, кхин сурсаташ схьадахаро хьалдолчу ахархойн ялташ дӀадер совдаккха болу лаам дӀабоккхура, тӀаьхьа ялхой а, мисканиш а болх боцуш буьсура. Байталваккхаран механизмо сацийра долара бахамаш киар, хаттар а хӀоттадора уьш хиларан тӀаьхьлонех. Дукха хан ялале чолхечу хенан белхех хилира «кулакаллин класс дӀайаккхаран» аса.[32]

Кулакаллин класс дӀайаккхаран политике парти йирзира, Сталина ма-аллара:[33]

« Кулакаллин класс арататта, и класс биллинчу тӀемца кагго еза, дӀайабаха беза цуьнгара белхан гӀирсаш, уьш хиларан а, кхиаран а хьост болу (паргӀата латта лелор, белхан гӀирсаш, аренда, белхалой лелоран бакъо, кхин дӀа а).

И ду кулакаллин класс дӀайаккхаран политике верзар. Иза а доцуш кулакалла арататтарх хабарш дийцар, деса къамел ду, иза пайдехьа ду аьтту агӀора таьӀначарна.

»

1928 шарахь ВКП(б) аьтту оппозици гӀиртира хьалдолчу ахархойн агӀо лаца а, байталваккхар кӀаддан а. Масала, А. И. Рыковс, байталваккхаран политика а, «тӀеман коммунизман хенан кепаш» а емалъеш кхайкхадора, «кулакашна тӀетаӀар хила ца деза олуш долчу байталваккхарца», мегар дац ярташкара долара долара бахаман Ӏаткъам бан, хӀунда аьлча церан ялта шозза кӀезиг хублу европин мехкашкахьчул, цуо лорура, «партийн ладаме Ӏалашо ахархойн долара бахам пачхьалкхан гӀоьнца кхиор церан коопераци йаран гӀуллакхехь».

ЦК Пленуман гуламехь аьтту оппозицин аьтту белира долара бахаман гӀо дандезар кхайкхо: «Кхин дӀа гӀо дандеза жима а, йуккъера а ахархойн долара бахам ойуш, хӀунда аьлча иза еххачу хенан мехкан ялтийн бахаман база хир йу».[34]

Хьал долу ахархой дӀабоху жигара белхаш йуьртан къоьлло хазахетарца тӀеоьцура, уьш кхоьрура, «партис „байталбахаран“ меттана, кулакан некъ эцарна». Партис билгалдоккхура, «къенчарна вайн йуьртара политика, цхьанне схьаэцча го къечарна тӀиера цӀеххьана йуккъерчарна а, кулакашна а тӀейоьрзуш». Иштта хетара уггаре мискачу йуьртан бахархошна 1925 шеран XIV партийн гуламан «керла некъ». Сих-сиха Ӏедало билгалдоккхура къоьллин йукъахь «диллина хилла ца Ӏаш, хадам боллуш хьал долчу а, коьртерачу йуккъерчеран декъана а дуьхьала довлар»[35].

Къечеран реза ца хилар тӀекхетар чӀагӀдора ярташкара мацалло, большевикаш цунна бехке бора «халкъ партин дуьхьала даккха луу йуьртан кулакаллин контрреволюци»: «Юьртара кехаташца казарме йогӀу кулакийн идеологи йухатоха еза. Кулакан коьрта козар — бепигца хало латтор». Сих-сиха прессехь арадовлура идеологица кечдина резабоцучу цӀеэскархой—ахархойн кехаташ: «Кулакаш — социализман дера мостагӀий — хӀинца хьерабевлла. Уьш хӀаллак бан беза, ма эца уьш колхозе, уьш арабохуш тӀеэца сацамаш, церан бахам, гӀирс схьабаккха». Шуьйра гӀараделира 28-гӀа артиллерийн полкан цӀечуэскархочо Вороновс «тӀаьххьара бепиг схьадоккху, цӀечуэскархочун доьзал ца лору» аьлла шен дас динчу арзан дуьхьала йаздина кехат: «Хьо сан да велахь а, цхьаьна дешах хьан кулакийн эшарах ца тийшира. Со воккха вуьй, хьуна дика Ӏамола йаларна. Дохка бепиг, дахьуо совдерг — иза сан тӀаьххьара дош ду».[36][37]

Кулакаллин къиза дуьхьало йан езаш хилар ЕКП(б) Йуккъерачу Ӏаьржалаьттан областан обкоман пленумехь кхайкхийра цуьнан секретара И. М. Варейкиса:[38]

«

…колхозашка ца боьлхурш хӀинца йа кулакан агӀончаш бу, иза цаьрга дӀахьедан деза, ткъа наггахь экономикин Ӏаткъам бан а беза, йа ца тешна, шеконехь лаьттарш бу. И дахьеданза долчу шеконехь долу декъе, дӀахьедан деза. … хууш ду йуккъерниг онда хир ву колхозашкахь, цуьнца цхьаьна йуха а хьоьжур вац, вай кулак хӀаллак чӀогӀа мел во, цуьнан цхьан а шеко йац.

»

Массашкахь репрессеш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

ССРС 19281932 шерашкахь йуьртабахаман коллективизаци ечу хенахь, советашна дуьхьала болчу ахархошна таӀзар дора, «кулакаллин класс дӀайаьккхира» («байталваккхар») — хьал долу, белхалой лело ахархой ницкъаца дӀабехира, белхан гӀирс, латта дӀадаьккхира, хьоле хьаьжжина, областан (мехкан, республикин) чохь йа арахьа кхалхийра.

1930 шеран 30 январехь ВКП(б) ЦК Политбюроно сацам бира «s:Коллективизаци еш йолчу кӀошташкахь кулакийн бахамаш дӀабахарах». Оцу сацамца кулакаш бийкъира кхаа категоре:

  • хьалхара категори — контрреволюцин жигархой, террористийн акташ а, гӀовттамаш а кечбийриш,
  • шолгӀа категори — контрреволюцин жигархойх дисина дакъа, уггаре хьал долу кулакаш а, ах мехкадайш а.
  • кхоалгӀа категори — бисина кулакаш.

Хьалхара категорин кулакийн доьзалийн кортош лоьцура, цара лелийна гӀуллакхаш дӀалора листа ОКПУн, ВКП(б) обкомийн (мехкакомийн), прокуратурин векалех лаьтта башха тройке. Хьалхара категорин кулакийн доьзалаш а, шолгӀа категорин кулакаш а арабохура ССРС генарчу меттигашка йа шайн областан (мехкан, республикин) генарчу кӀошташка. КхоалгӀа категорин кулакаш, кхалхабора кӀошта чохь леррина кечйинчу меттигашка колхозийн латташ доцучу.

Контрреволюцин кулакийн жигархой «ца совццуш терроистийн акташ еш берш, контрреволюцин гӀовттамаш беш берш, гӀовттаман кхоллараллаш лакхара кхел ярца дӀабаха, концлагераш чубухкуш» (ст. 3, п.а).

Файл:Раскулачивание в Сибири.jpg
Сибрехахь байталбахар.

ОКПУс хьалхара а, шолгӀа а категорин кхелъеш кховдийра:

  • концлагерашка 60 000 стаг хьажавар, арабахар – 150 000 кулак (дакъа II, ст.1)
  • адам доцу а, кӀезиг адам долчу а меттигашка хьовсо чот йу хӀокху регионашка: Къилбаседа мохк — 70 эз. доьзал, Сибреха — 50 эзар доьзал, Урал — 20 — 25 эзар доьзал, Кхазакхстан — 20 — 25 эзар доьзал, «арабохурш лелабеш йуьртабахаман белхашкахь йа промыслашкахь» (дакъа II, ст.4). Арабохучеран бахам схьабаьккхира, доьзалан 500 сом ахча дита бакъо йелира.

ССРС ХКС а, ССРС ЦКХК 1930 шеран 1 февралехь «Массанхьа коллективизаци йина кӀошташкахь йуьртабахаман социалистийн хийцамаш чӀагӀбаран белхех а, кулакаллица дечу девнех а» цӀе йолу сацам бира, цуьнца дӀайаьккхира лаьттан арендан бакъо, доларчу ахархойн бахамашка мехах белхалой лелор, цхьацца йукъарадаккхар могуьйтура «йукъарчарна», кӀоштан а, гуонан КХК сацамца (ст. 1). Мехкан, областан КХК а, республикийн правительствошна а бакъо йелира «кулакаллина дуьхьала оьшу белхаш барехь, кулакийн бахам берриг схьабаккха а, арабаха а магош» (ст. 2).

1930 шеран 4 февралехь арахийцира ССРС ЦКХК Президиуман къайлаха «Кулакийн бахамаш арабахарх а, баржорах а» йолу инструкци, куьг йаздинера ССРС ЕЦКХК председатела М. И. Калинина а, ССРС ХКС председатела А. И. Рыковс, цунна чохь «юха ца довллуш кулакийн Ӏаткъам бохо Ӏалашо йолуш» а, «муьлхха а контр-революцинин дуьхьало охьатаӀорхьама» ОКПУ тӀедиллира:

  • кулакийн жигаралла араяккха, уггаре хьалдолу кулакаш а, латтадай а гена махка;
  • бисина кулакаш баржабе шеш бехачу кӀоштахь, керлачу, колхозан бахамал арахьарчу дакъош тӀехь. (ст. 1)

Инструкцис тардолуьйтура 3-5 % берриг ахархойн бахамех арабахар (ст. 2).

Коллективизаци ечу кӀошташкахь, инструкцица, кулакашкара схьабоккхура «белхан гӀирс, даьхний, бахаман а, дахаран а гӀишлош, сурсаташ даран а, йохк-иэцаран а предприятеш, тӀаьхьалон дӀаехкина йуург, йол, хӀу, совбаьлла чура бахам, ткъа иштта ахча а». Керлачу меттигехь дӀатарвала хӀоттийна барам бара «500 сом доьзална» (ст. 5). Банкан книжкаш финансийн халкоматан меженашка дӀайалархьама схьайохура, банке диллина ахча а, закъалтан хӀума йиллина луш долу ссуда а сацадора (ст. 7). Пайш а, банке диллина ахча а схьадоккхура, церан дай хилларш йукъара бохура ерриг кепара кооперацешна (ст. 8).

1930 шеран 2 февралехь арадаьккхира ССРС ОКПУ № 44/21 йолу омар[39]. Цу чохь бохура, «кулакаллин класс дӀайаккхар низамехь дӀайахьа Ӏалашо йолуш а, сацамаллийца охьатаӀо муьлхха а кулакийн агӀора йолу Советийн Ӏедало беш болу йуьртабахаман социалистийн хийцамашна дуьхьало — уггаре хьалха массанхьа коллективизаци ечу кӀошташкахь — уггаре йоцучу хенахь кулакан, хьалдолчу а, жигара контрреволюцин декъан муххале а, уьш цецбохуш хӀума кхета еза».

Омро бохура[39]:

  1. Дукха чехка дӀайаккха «контрреволюцин кулакийн жигаралла», уггаре хьалха «болхбеш йолу контрреволюцин, гӀовттаман кхолламийн а, тобанийн а кадраш», «уггаре оьгӀазе а, гӀирбоьлларш а» — аьлчи а уьш йукъатоьхна хьалхара категори:
    • Кулакаш — уггаре жигарнаш, дуьхьалоешберш, партин а, Ӏедалан а социалистийн бахаман хийцамаш беш болчарна новкъарло лелошберш; гуттаренна Ӏачу кӀошташкара уьдуш, къайлабуьлуш болу кулакаш, уггаре хьалха жигарчу кӀайнгвардихошца уьйр йолуш берш;
    • Кулакаш — жигара кӀайнгвардихой, гӀовттамхой; хилла кӀайн эпсарш, контрреволюцин жигаралла гойту дозанал арахьара цӀа бирзинарш, уггаре хьалха низам хӀоттийнарш;
    • Кулакаш — килсан кхеташонан жигара декъашхой, массо а тайпана динан «шеш жигара гойту» йукъараллаш а, тобанаш а.
    • Кулакаш — уггаре хьалдерш, риба лелориш, хӀума йухайухкурш, шайн бахамаш бохориш, хьалха хилла лаьттан дай.
    Лецначеран, концлагершкахь болчеран йа тоьпаш тохаран кхел йинчеран доьзалш арабаха безара ССРС къилбаседа кӀошташка, массийн кампани йолуш арабаьхна кулакашца а, церан доьзалшца а цхьаьна могӀара, «доьзалехь болхбан гӀора долуш нах бу-бац, оцу доьзалех социалан тӀегӀанера кхерам бу-бац чот а еш».
  2. Массашкахь арабахар (уггаре хьалха массанхьара коллективизаци йечу кӀошташкара а, дозанан асанера а) уггаре хьалдолу кулакаш (хилла эпсарш, ахмехкадай, «меттигера кулакийн лераме нах», «шайха контрреволюцин жигаралла еш долу дерриг кулакийн кадраш, «кулакийн советийн дуьхьалара жигаралла», «килсхой а, сектанташ а») а, церан доьзалш а ССРС генарчу къилбаседан кӀошташка, бахам схьа а боккхуш — шолгӀа категори.

1930 шеран 6 февралан ОКПУн № 44.21 приказаца, «хьалхарчу категорин» 60 эзар кулак «схьавоккху» операци йолайелла. ОКПУ операци йолийна хьалхарчу дийнахь лецира 16 эзар стаг гергга, 1930 шеран 9 февралехь «схьаваьккхира» 25 эзар стаг. 1930 шеран 15 февралан ОКПУн лерина хаамашкахь йара операци йарах тӀаьхьа йогӀу чот[40][41]:

Комсомолаша схьадоккхуш ду кешнашкахь лачкъийна дӀадиллина ялта, 1930 ноябрь, фото М. Альпертан
« Кулакийн класс дӀайоккхуш массийн операцешкахь а, цхьацца дӀалахьорехь а „йукъараваьккхина“ 64 589 стаг, царех кечаман операцешкахь (1 категорин) 52 166 стаг, ткъа массийн операцешкахь — 12 423 стаг. »

Репрессин меженийн къайлаха чоьташца, «1 категорин лецна» кулакийн барам 1930 шеран 1 октябрехь иштта бара: байталбахаран хьалхарчу муьрехь 1930 шеран 15 апрель кхаччалц лаьцна 140 724 стаг, царех кулакаш 79 330, килсхой — 5028, хилла болу лаьттан дай, фабрикийн дай — 4405, антисоветийн элементаш — 51 961 стаг. Байталбахаран шолгӀачу муьрехь 1930 шеран 15 апрелера 1930 шеран 1 октябрь кхаччалц лецна 142 993 стаг, царех кулакаш — 45 559, советашна дуьхьала берш — 97 434. 1931 шарахь «беккъа январехь лаьцна 36 698 стаг», цу тӀе «дукхах берш кулакийн-кӀайгвардихой к/р».[42]

Берриш 19301931 шерашкахь, исправкехь ма-гайттара ОГПУ ГУЛАГан лерина кхалхочеран дакъано, кхалхийра 381 026 доьзал берриш 1 803 392 стаг. 19321940 шерашкахь лерина кечйинчу меттигашка балийра кхин а 489 822 байталбаьхнарш.[43]

ОГПУн центран регистратуран декъан кулакаш арабахарх йолчу исправкица 1930 шеран йуьххьера 1931 шеран 30 сентябрь кхаччалц билгалбоккхура «лерина кхалхийначеран» барам 517 665 доьзал, 2 437 062 стаг.[42]

«2-гӀа категорица» кхалхийна доьзалаш сих-сиха бовдура, хӀунда аьлча дийна виса эрана арахь хала дара. 1932—1940 шерашкахь «бевдда кулакийн» барам кхечира 629 042 стеге, царех лаьцна, йухаберзийна 235 120 стаг.[42]

1930 шеран 13 ноябран ССРС СХК № 90 йолу, ССРС ЦКХК № 40 йолу «Кулакаш а, бахам схьабаьккхинарш а кооперацин йукъа ца битарх» цӀе йолу цхьаьна бинчу сацамца, ца магийра муьлхха а коопераци, цу йукъахь колхозан декъашхо хилар а, массарна а кулак цӀе тиллинчарна. Йукъара бехира доьзалаш, нагахь хиллехь «советан Ӏедална муьтӀахь цӀиен партизанаш, цӀиенэскархой, цӀиенфлотхой, йуьртан хьехархой, агрономаш — нагахь цара жоп лахь шайн гергарчарех». Масала, сацамо чӀагӀйора лахара норма:

« «Колхозан, кхин йуьртабахаман кооперативийн, ткъа иштта промыслан кооперативийн доттагӀаллин (артелийн), хьашташ оьшу йукъараллин декъашхой хила йиш йац кулакаш, советашка харжа бакъо дӀайаьккхина кхин берш.» (ст. 1

»

Сталина кховдадарца законан акт тӀеийцира[44][45] , тӀаьхьа иза девзар ду халкъехь омар «7-8»

«

Нагахь аса бохучун, кооперативан а, колхозан а бахам, транспортан мохь а лечкъабарна дуьхьала дацахь, – кхетаве со. Капитализмо феодализм йохор йацара, иза кхуьар а, чӀагӀлур а йацара, нагахь цуо ца кхайкхинехьара долара бахаман хьесап капиталистийн йукъараллин хьост, нагахь цуо ца бинехьара долара бахам сийлахь, цунна тӀекховдар луьра таӀзарца доьрзу, иза ларбархьама цуо шайн пачхьалкх йуьллу. Социализме охьатаӀлур йац, дӀайоллалур йац капиталистийн элементаш а, шен-шена лечкъоран амалаш, Ӏамораш, ламасташ (къоллин бух болу), керла йукъаралла техкош йолу, нагахь цуо ца кхайкхабахь йукъараллин бахам (кооперативан, колхозан, пачхьалкхан) сийлахь а, тӀекховда ца мегаш а. Цуьнга чӀагӀлур бац, кхиалур бац керла хӀоттам, социалистийн дахар тодар, нагахь ца ларбахь колхозийн, кооперацин, пачхьалкхан бахам берриг ницкъашца, нагахь цуо йукъараллин дуьхьала, кулакийн-капиталистийн элементаша йукъараллин бахам лечкъор йуха ца тохахь. Цунна оьшу керла закон. Иштта закон вайн дац. И есалла вай йуза еза. Цунах, аьлчи а керла законах, иштта ала мегар дара: «Йукъараллин кхолламийн (колхозаш, кооперацеш, кхин дӀа а) бахам ларбарех а, йукъараллин (соцалистийн) бахаман хьесапаш чӀагӀдарех а». йа иштта тайпана цхьа хӀума.

»

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Сталинское раскрестьянивание. Политика. Практика. Цена
  2. 1 2 Определение Верховного Суда РФ от 30.03.1999 // «Бюллетень Верховного Суда РФ», 1999, N 7
  3. СТАЛИНСКАЯ ГОСУДАРСТВЕННАЯ РЕПРЕССИВНАЯ ПОЛИТИКА
  4. С.Кара-Мурза «Советская цивилизация», ч.1
  5. § 10—11. КОЛЛЕКТИВИЗАЦИЯ СЕЛЬСКОГО ХОЗЯЙСТВА В КАЗАХСТАНЕ | 9 класс Учебник "История Казахстана" | Учебники по Истории Казахстана. tak-to-ent.net. — «В 1929—1931 гг. в Казахстане прошла волна вооружен­ных выступлений. Движение началось в сентябре 1929 г. в Тактакупыре в Каракалпакии, в Батпаккаре Кустанайского округа, в Сузакском районе Сырдарьинского округа, в Иргизе Актюбинского округа, в Сарканде Алма-Атинского округа. Эти стихийные выступления отражали настроения крестьянских масс. Истинной причиной этих выступлений были принудительная коллективизация, разрушение пекового уклада жизни, раскулачивание середняков и бедняков.» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 апрель.
  6. Коллективизация в СССР: факты, идеология, итоги. www.portal-slovo.ru. — «... по ряду губерний средней полосы и юга России прокатилась волна протестных выступлений и вооруженных мятежей. Принудительная поставка сельхозпродукции полностью себя дискредитировала.» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 28 март. Архивйина 2018-03-28 — Wayback Machine
  7. СИАНСКОЕ ВОССТАНИЕ КРЕСТЬЯН. 1930 г. — «Поскольку требования восставших были (если их обобщить) в том, чтобы вернуться к той жизни, что была до коллективизации (прекращение хлебоза готовительной кампании, возвращение раскулаченных и т.д.),». Архивйина 2018-03-28 — Wayback Machine
  8. 2011-03-15 04:03:00 Afanarizm Afanarizm 2011-03-15 04:03:00 Afanarizmwrote. Народные волнения при Сталине (1927-1952). Часть 1(ингалс.). ТӀекхочу дата: 2018 шеран 28 март.
  9. Антисоветское восстание на Кубани в 1932 году - Красный террор - История России - Россия в красках. ricolor.org. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 28 март.
  10. Фицпатрик Ш. Сталинские крестьяне: социальная история Советской России в 30-е годы: деревня. М.: Российская политическая энциклопедия, 2001. Фицпатрик Ш. Сталинские крестьяне: социальная история Советской России в 30-е годы: деревня. М.: Российская политическая энциклопедия, 2001. krotov.info. — «На этих собраниях крестьяне демонстрировали все свое мастерство в тактике уклончивости и проявляли чудеса изобретательности. Сообщалось о множестве разных уловок, позволявших прервать собрание, прежде чем от собравшихся потребуют подписи.» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март.
  11. § 10—11. КОЛЛЕКТИВИЗАЦИЯ СЕЛЬСКОГО ХОЗЯЙСТВА В КАЗАХСТАНЕ | 9 класс Учебник "История Казахстана" | Учебники по Истории Казахстана. tak-to-ent.net. — «В 1929—1931 гг. в Казахстане прошла волна вооружен­ных выступлений. Движение началось в сентябре 1929 г. в Тактакупыре в Каракалпакии, в Батпаккаре Кустанайского округа, в Сузакском районе Сырдарьинского округа, в Иргизе Актюбинского округа, в Сарканде Алма-Атинского округа. Эти стихийные выступления отражали настроения крестьянских масс. Истинной причиной этих выступлений были принудительная коллективизация, разрушение пекового уклада жизни, раскулачивание середняков и бедняков.» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 апрель.
  12. Из сводки № 3 Секретно-политического отдела ОГПУ «О ходе выселения кулачества». 3 апреля 1931 г. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. — «... Нижне-Волжский край. Продолжается стягивание кулацких семей на сборные пункты и отгрузка их к месту выселения.... В большинстве районов беднота активно помогает сельсоветам в дополнительном выявлении кулачества и в сопровождении кулацких семей на сборные пункты.... Центрально-Черноземная обл. 29 марта по ЦЧО отправлен к месту расселения последний эшелон с выселяемыми кулаками. Вместо установленной цифры 3500 семей отправлено 3820 семей. В основном выселение прошло спокойно, при полной поддержке бедноты и колхозников. Московская обл. Проведенное изъятие контрреволюционного кулацкого и антисоветского элемента, а также глав кулацких семей, намеченных к выселению, встречает положительную оценку со стороны бедноты и колхозников. Отмечается значительный прилив в колхозы. В целях предотвращения бегства на 23 марта изъято 2840 чел. глав кулацких семей, подлежащих выселению. Начато стягивание кулацких семей на пункты концентрации, куда из отдельных районов уже прибыло 415 кулацких семей.» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март. Архивйина 2018-03-30 — Wayback Machine
  13. Записка члена президиума ВСНХ СССР Ю.П.Фигатнера А.А.Андрееву о перераспределении спецпереселенцев по стройкам Сибири. Март 1931 г. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март. Архивйина 2018-03-30 — Wayback Machine
  14. 1 2 Шашков, В. Я. Раскулачивание в СССР и судьбы спецпереселенцев, 1930-1954 гг. (ru-RU). — 1995.
  15. Постановление Политбюро ЦК ВКП(б) «О борьбе с искривлениями партлинии в колхозном движении». Из приложения к протоколу заседания политбюро № 120, п. 76 от 15 марта 1930 г. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. — «Наряду с этими искривлениями наблюдаются в некоторых местах недопустимые и вредные для дела факты принудительного обобществления жилых построек, мелкого скота, птицы, нетоварного молочного скота...» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 апрель. Архивйина 2020-01-29 — Wayback Machine
  16. Фицпатрик Ш. Сталинские крестьяне: социальная история Советской России в 30-е годы: деревня. М.: Российская политическая энциклопедия, 2001. Фицпатрик Ш. Сталинские крестьяне: социальная история Советской России в 30-е годы: деревня. М.: Российская политическая энциклопедия, 2001. krotov.info. — «Коллективизаторы часто старались обобществить в крестьянских хозяйствах все вплоть до поросят и кур, считая, что их заслуга будет больше, если они отрапортуют, что создали коммуну, а не артель». ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март.
  17. Из приказа № 4421. Объединенного государственного политического управления (ОГПУ) (инг.). www.sakharov-center.ru. — «6. Обеспечить (особенно в районах и округах) тщательное наблюдение за составлением списков кулаков и их семейств (для выселения и конфискации имущества), а также за самой кампанией по выселению. Принимать через Рай- и Окрисполкомы соответствующие меры по линии сигнализации и устранения замеченных дефектов, перегибов и т. п. Следить за точным исполнением сроков операции и размеров ее, в соответствии с имеющимися директивами.» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март.
  18. О мероприятиях по ликвидации кулацких хозяйств в районах сплошной коллективизации. (Утверждено Политбюро ЦК ВКП(б) 30.I.1930 г.). Приложение № 2-ОП к п. 36 (о. п.) пр. ПБ № 116. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март. Архивйина 2018-03-30 — Wayback Machine
  19. Оперативный приказ народного комиссара внутренних дел СССР № 00447 «Об операции по репрессированию бывших кулаков, уголовников и других антисоветских элементов». old.memo.ru. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 5 апрель.
  20. Из протокола № 51 заседания Политбюро ЦК ВКП(б) об утверждении состава троек и лимитов репрессированных. 10 июля 1937 г. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 5 апрель. Архивйина 2018-04-05 — Wayback Machine
  21. Фицпатрик Ш. Сталинские крестьяне: социальная история Советской России в 30-е годы: деревня. М.: Российская политическая энциклопедия, 2001. Фицпатрик Ш. Сталинские крестьяне: социальная история Советской России в 30-е годы: деревня. М.: Российская политическая энциклопедия, 2001. krotov.info. — «То, что центр не дал надлежащих инструкций по проведению коллективизации и раскулачивания, нельзя рассматривать как обычный просчет. Скорее, это представляется определенной стратегией, главной целью которой было заставить местные кадры стремиться сделать максимум возможного и тем самым достичь быстрых результатов, а заодно и узнать пределы этого максимума.» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март.
  22. Постановление Политбюро ЦК ВКП(б) «О борьбе с искривлениями партлинии в колхозном движении». Из приложения к протоколу заседания политбюро № 120, п. 76 от 15 марта 1930 г. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. — «В результате в число «раскулаченных» попадает иногда часть середняков и даже бедняков, причем10 в некоторых районах процент «раскулаченных» доходит до 15-ти, а процент лишенных избирательных прав - до 15-20. Наблюдаются факты исключительно грубого, безобразного, преступного обращения с населением со стороны некоторых низовых работников, являющихся иногда жертвой провокации со стороны примазавшихся контрреволюционных элементов (мародерство, дележка имущества, арест середняков и даже бедняков и т.п.).» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 апрель. Архивйина 2020-01-29 — Wayback Machine
  23. М. Н. Рютин. Ко всем членам вкп (б). StudFiles. — «... авантюристическая коллективизация с помощью … террора, раскулачивания, направленного фактически главным образом против середняцких и бедняцких масс деревни, и, наконец, экспроприация деревни путем всякого рода поборов и насильственных заготовок привели всю страну к глубочайшему кризису, чудовищному обнищанию масс и голоду, как в деревне, так и в городах ...» ТӀекхочу дата: 2018 шеран 4 апрель.
  24. О мероприятиях по ликвидации кулацких хозяйств в районах сплошной коллективизации. (Утверждено Политбюро ЦК ВКП(б) 30.I.1930 г.). Приложение № 2-ОП к п. 36 (о. п.) пр. ПБ № 116. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 29 март. Архивйина 2018-03-30 — Wayback Machine
  25. Постановление Политбюро ЦК ВКП(б) «О борьбе с искривлениями партлинии в колхозном движении». Из приложения к протоколу заседания политбюро № 120, п. 76 от 15 марта 1930 г. | Проект «Исторические Материалы». istmat.info. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 5 апрель. Архивйина 2020-01-29 — Wayback Machine
  26. Закон РФ от 18.10.1991 № 1761-I/Редакция 15.10.1993 — Викитека. ru.wikisource.org. ТӀекхочу дата: 2018 шеран 7 март.
  27. А.Арутюнов «Досье Ленина без ретуши. Документы. Факты. Свидетельства.», Москва: Вече, 1999
  28. "Документ. «О ликвидации кулака как класса»". diletant.media(оьр.). Дата обращения: 2018 ш. 21 апрелехь.
  29. Ленин В. И. Полное собрание сочинений. — Directmedia, 2013-03-13. — 784 с. — ISBN 9785998958380.
  30. Ленин В. И. Полн. собр. сочинений. Т. 36. С. 361—363; Т. 37. С. 144.
  31. Краткий курс истории ВКП(б) (1938 год) // Репринтное воспроизведение стабильного издания 30-40-х годов. Москва, изд. «Писатель», 1997 г.
  32. 1 2 Л. Д. Троцкий «Материалы о революции. Преданная революция. Что такое СССР и куда он идет»
  33. И. В. Сталин «К вопросу о ликвидации кулачества как класса»
  34. Н. В. Валентинов, Ю. Г. Фельштинский «Наследники Ленина» Архивйина 2014-09-03 — Wayback Machine
  35. РГВА, ф. 4, оп. 1, д. 107, л. 215. Цит. по: Чуркин В. Ф. Самоидентификация крестьянства на переломном этапе своей истории. // История государства и права, 2006, N 7 Архивйина 2014-12-19 — Wayback Machine
  36. В. Ф. Чуркин, кандидат исторических наук. «Самоидентификация крестьянства на переломном этапе своей истории» // «История государства и права», 2006, N 7)
  37. Красный воин (МВО). 1930. 13 февраля, 14 мая.
  38. Никулин Р. Л.,кандидат исторических наук, доцент. «Участие комсомольских организаций черноземья в раскулачивании» Архивйина 2007-10-07 — Wayback Machine
  39. 1 2 Приказ ОГПУ № 44/21 2 февраля 1930 г. Архивйина 2009-01-01 — Wayback Machine
  40. Н. А. Ивницкий, доктор исторических наук. «Коллективизация и раскулачивание», М., 1994, с. 32—49, с. 106.
  41. Стефан Куртуэ, Николл Верт, Жан-Луи Панне. «Черная книга коммунизма: Преступления, террор, репрессии», раздел «Насильственная коллективизация и раскулачивание».
  42. 1 2 3 Российская академия наук. Институт российской истории. Федеральная архивная служба России. Российский государственный архив социально-политической истории. Центральный архив Федеральной службы безопасности. В.Данилов, Р.Маннинг, Л.Виола «Коллективизация и раскулачивание. Документы и материалы в пяти томах. 1927—1939» Архивйина 2009-11-07 — Wayback Machine
  43. Сколько было сослано кулаков?
  44. Архив Александра Н. Яковлева — Главная Архивйина 2005-02-28 — Wayback Machine
  45. Архив Александра Н. Яковлева — Главная Архивйина 2005-03-28 — Wayback Machine