Байсултанов Одес Хасин воӀ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Байсултанов, Одес Хасин воӀ
Байсултанов, Одес Хасин воӀ
Российн Федерацин Спортан министран гӀовс
2020 шеран 11 февраль
Российн Федерацин Къилбаседа Кавказан гӀуллакхийн министран хьалхара гӀовс
2016 шеран 30 апрель — 2020 шеран 15 январь
(д. кх. 2020 шеран 15—21 январь)
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Когаметтаниг дарж дӀадаьккхина
Российн Федерацин Къилбаседа Кавказан гӀуллакхийн министран гӀовс
2014 шеран 17 июль — 2016 шеран 30 апрель
Хьалха хилларг дарж кхоьллина
Къилбаседа-Кавказан Федералан гуон Российн Федерацин президентан юьззина бакъонаш йолу федералан гуонера векалан гӀовс
2012 шеран май — 2014 шеран 17 июль
Нохчийн Республикин Правительствон председатель
(д. кх. 2007 шеран 18 март — 10 апрель)
2007 шеран 12 апрель — 2012 шеран 17 май
Хьалха хилларг Кадыров Рамзан
Когаметтаниг Эдельгериев Руслан

Дин суннизм
Вина терахь 1965 шеран 17 январь({{padleft:1965|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (55 шо)
Вина меттиг ССРС, РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Гуьмсан кӀошт, Иласхан-Юрт,
Парти Юкъара Росси
Дешар Толстой Л. Н. цӀарах НГӀПУ
Динлелор ислам (суннийн кхетаман)
СовгӀаташ
ДоттагӀаллин Орден «Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал
Ахьмад Кадыровн Орден
Нохчийн Республикин сийлаллин гражданин
Commons-logo.svg Байсултанов Одес Хасин воӀ Викилармехь

Байсултанов Одес Хасин воӀ (вина 1965 шеран 17 январехь, ССРС РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Гуьмсан кӀоштан Иласхан-Юртахь) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо. 2020 шеран 11 февралехь дуьйна Российн Федерацин спортан министран гӀовс.

Нохчийн Республикин Правительствон председатель 2007 шеран 10 апрелера 2012 шеран 17 май кхаччалц (Нохчийн Республикин Правительствон председателан декхарш кхочушдийриг 2007 шеран 18 мартера 10 апрель кхаччалц). 2012 шеран май баттера 2014 шеран 17 июль кхаччалц Къилбаседа-Кавказан Федералан гуонера Российн Федерацин президентан юьззина бакъо йолу векалан гӀовс. 2014 шеран 17 июлера 2020 шеран 21 январь кхаччалц Российн Федерацин Къилбаседа Кавказан гӀуллакхийн министран гӀовс а, хьалхара гӀовс а. Экономикин Ӏилманийн кандидат (2006).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1965 шеран 17 январехь Иласхан-Юртахь. Циггахь чекхъяьккхина ишкол. 1994 шарахь чекхъяьккхина Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан Л. Н. Толстойн цӀарах университетан физикин-математикин факультет. 2005 шарахь чекхъяьккхира Нохчийн пачхьалкхан университет «пачхьалкхан а, муниципалан а урхалла» говзаллица. 2011 шарахь чекхъяьккхира Финансийн а, бакъонан а институт (ХӀинжа-ГӀала).

1989 шеран мартера 1990 шеран май кхаччалц — Соьлжа-ГӀалин «Мичуринец» кооперативан лакхара экспедитор.

1990 шеран майра 1992 шеран сентябрь кхаччалц — жима предприятин «IАМАн» йохкаран декъан хьаькам.

1992 шеран октябрехь дуьйна 20 шарахь болх бина Нохчийн Республикин Правительствехь. Нохчийн Республикин Юьртабахаман министраллин механизацин а, электрификацин а декъан коьрта говзанча, Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а аппаратан материал-техника латторан декъан хьалхара а, коьрта а говзанча, Пачхьалкхан Урхаллин «Нохчийн Республикин Правительствон гӀишлонан урхалла» куьйгалхочун даржашкахь хилла.

2004 шеран июнера 2006 шеран март кхаччалц — Нохчийн Республикин Президентан а, Правительствон а гӀуллакхийн урхалча — Нохчийн Республикин министр.

2006 шеран мартера 2007 шеран 10 апрель кхаччалц — Нохчийн Республикин правительствон Председателан хьалхара гӀовс.

2007 шеран 18 мартера 10 апрель кхаччалц — Нохчийн Республикин правительствон Председателан декхарш кхочушдийриг.

2007 шеран 10 апрелера 2012 шеран 17 май кхаччалц — Нохчийн Республикин Правительствон председатель.

2012 шеран майра 2014 шеран 17 июль кхаччалц — Къилбаседа-Кавказан Федералан гуонера Российн Федерацин юьззина бакъонаш йолу векалан гӀовс.

2014 шеран 17 июлера 2016 шеран 30 апрель кхаччалц — Российн Федерацин Къилбаседа-Кавказан гӀуллакхийн министран гӀовс.

2016 шеран 30 апрелера 2020 шеран 21 январь кхаччалц — Российн Федерацин Къилбаседа-Кавказан гӀуллакхийн министран хьалхара гӀовс.

2020 шеран 11 февралехь дуьйна — Российн Федерацин спортан министран гӀовс[1][2].

Доьзал[нисъе бӀаьра | нисъе]

Зуда ялийна, ворхӀ беран да ву: кхаа йоьӀан а, веа кӀентан а.

Классан чин[нисъе бӀаьра | нисъе]

СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]