Байса (орамат)
| Байса (орамат) | |||||||||||||||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| Байса | |||||||||||||||||||
| Ӏилманан классификаци | |||||||||||||||||||
|
йуккъера рангаш
|
|||||||||||||||||||
| Дуьненайукъара Ӏилманан цӀе | |||||||||||||||||||
| Gratiola officinalis L., 1753 | |||||||||||||||||||
| Синонимаш | |||||||||||||||||||
| Ларйен статус | |||||||||||||||||||
| |||||||||||||||||||
Байса (лат. Gratīola officinālis) — бецан орамат; Норичникан доьзалера Байса кепара орамат. Шуьйра йаьржина Евразехь а, Къилбаседа Америкехь а. Шеца дӀевшан хьал долун дера леладо халкъан медицинехь.
Байсан биологех лаьцна
[бӀаьра нисйан | нисйан]

Байса — масех шеран бецан орамат йу, локхалла 15—60 см текхаш чолхе орамца. Орам тӀехула боьра пелагаш (редукци йина гӀашца).
ГӀодмаш нийса лаьтта, деса йа гаьннаш долуш, лакхарчу декъехь деакӀуо. ГӀаш дуьхь-дуьхьал, хевшина йа ахгӀадлоцуш, ланцетан йа шуьйраланцетан, 6 см гергга деха а, 1,5 см шуьйра а, ира, лакхарчу декъехь цергаш йевлла йа херх кепара, кхаа Ӏадкепара хьасанца, наггахь эчиг-тӀадамаш болуш.
Зезагаш лаьтта цхьалха гӀан четехь. Зезаган когаш дуткъа ду, йеха шиъ зезаган хьалхе йу кедалган бух тӀехь. Кедалган гӀаш а, зезаган хьалхе а, гӀаш санна, наггахь эчиган тӀадамашца ду. Кедалг пхеадекъа ду, аса-ланцетан дакъошца, шозза — кхузза доца заза. Заза 2 см деха хуьлу, лакхахь шоръелла можа турба, ши балда долуш кач, кӀайчу наггахь шекъан басахь хьасанаш а болуш; лакхара балда хадийна ду, лахара — кхо жаз йолуш ду. Зазан турба лакхарчу декъехь а, жазан бух тӀехь а чоьхьа агӀора беха можо чоьш долуш ду. Дургал диъ: шиъ (хьалхара) доца, шиъ деха. Йизан лакхахь ши бен болу чӀениг йу. БӀогӀамалг цхьаъ, шен бохаллийца дикка дургалал беха бу, лахах сеттина бу. БӀогӀалган бух болчохь йу дургалан экъа. Дургал-цӀузам ши жаз йолуш ду. Лаьтта аьхке дӀайаллалц, июнера сентябрь кхаччалц.
ХӀу — хӀоакепара ира дуккхахӀушдолу боьра-мокха бот, йохаллехь кедалг-гӀа санна ду. ХӀуш шорта, кегийра, деха, кхоъ са болуш ала мегар ду, боьра йа мокха, бойнан-хебаршка ихина, 0,8 мм гергга деха. 1000 хӀун дозаллин барам 0,05 г[1]. Июль баттахь дуьйна стоьмаш мад ло.
Экологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Кхуьу тӀуьна бай тӀехь, уьшал тӀехь, хин бердашца, иштта хаадала там бу тӀуьна гӀамарш тӀехь.
Ареал
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ораматан ареал чӀогӀа шуьйра йу, дӀалоцу Евразин а, Къилбаседа Америкин а дукхах болу мохк.
Россехь кхуьу аренан зонехь а, европин декъан хьуьнан зонан къилба декъехь а, Къилбаседа Кавказехь а, Малхбузен Сибрехан къилбехь а; къилбаседан уллохьа кхуьу даккхий хишшан тогӀенаш чохь (Иртышан, Обан).
Бахамехь иэшар а, лелор а
[бӀаьра нисйан | нисйан]Орамат дӀевше ду.
Ораматца ду гликозидаш: грациозид (грациолин) — къаьхьа дӀевше аморфан хӀума, грациотоксин. Цул сов, лаьттан тӀехуларчу декъехь ду алкалоидаш (0,2 %), сапонинаш, хьена даьтта, кхин а бетулинан, силу ден, Ӏежан мусталлаш.
Даьхьнаша дожийлаш тӀехь байса йевза ца йуу, амма и орамат кхача тарло царна докъарца цхьаьна, тӀаккха иза дӀевше хуьлу дохнашна. Байсина чӀогӀа экама йу говраш.
Бецах дина боккха барам молха мелчи стаг бодво, Ӏийжадо хьеран мазин пардо а, чуьйраш а, Ӏаьттаво, эвнашца а, цӀийца а чоьна до, ткъа иштта пхенаш а ийзадо, коллапс а йо. КӀезиг барам мелчи баьццара бос дика го, ткъа дукха мелчи — ган а ца го спектран баьццара дакъа. Геннех даьккхина спирто экспериментехь дагана Ӏаткъам бо. Ораматан орамийн бу къаьсташ Ӏаттаваран а, чоьнадаран а, хьатӀдаккхаран а Ӏаткъам[1].
Байсан буц лелайо халкъан медицинехь деган, доӀахан, Ӏонжаран лазаршна, гоьта-лазарна, чуьйрийн атонина, цӀано йохарна дарба лелош молуш, ткъа тӀехула – цӀуокан цамгаршна (кхарта), гирзна, генадаьлла даӀна, цергаш йаарна, пхенаш шордаларна, энийн цамгарна, ткъа кхин а чуокачйаран, хьатӀдаккхаран, нӀаьна барна дуьхьала гӀирс.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Губанов И. А. и др. 1144. Gratiola officinalis L. — Авран лекарственный // Иллюстрированный определитель растений Средней России. В 3 т. — М.: Т-во науч. изд. КМК, Ин-т технолог. иссл., 2004. — Т. 3. Покрытосеменные (двудольные: раздельнолепестные). — С. 177. — ISBN 5-87317-163-7.
- Алексеев, Ю. Е. и др. Травянистые растения СССР: Справочник. — Т. 2. — М.: Мысль, 1971.
- Цвелёв, Н. Н. Семейство норичниковые (Scrophulariaceae) // Жизнь растений. — Т. 5, ч. 2. — М.: Просвещение, 1981.
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Gratiola officinalis: «Плантариум» проектера таксонех хаамаш (ораматаш а, атлас тӀехь суьрташ долу кепаш а билгалйоккхург).

