Байрамов, Владимир Караджаевич
Байрамов Владимир | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
| | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Йукъара хаамаш | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Йуьззина цӀе | Байрамов Владимир Караджаевич | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Вина терахь | 1980 шеран 2 август[1][2] (46 шо) | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Вина меттиг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Гражданалла | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Локхалла | 181 сантиметр | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Позици | тӀелатархо | ||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Информаци клубех | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
| Клуб |
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Влади́мир Караджа́евич Байра́мов (туркм.Wladimir Karajaýýewiç Baýramow; 1980 шеран 2 августехь, Ашхабадехь, Туркменийн ССР, ССРС) — россин а, туркменийн а футболист, тӀелатархо[3]. Доккха зеделларг ду Туркменистанан къоман гулйина командехь ловзар (2001—2013).
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Владимир вина Ашхабад гӀалахь. Футболех ловза волавелла 8 шо долуш. Хьалхара тренер — Казанков Сергей. Ашхабад гӀалин № 39 йолу йуккъера ишколан арахецархо.
Ӏамийна Туркменистанан слортан а, туризман а институт говзаллица тренеран болх.
Жимаха волу ваша Назар Байрамов — футболист[4]. 2001 шарахь зуда йалийна. Зуда Джемма — банкир.
Карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Шен профессионалан футболан карьера йолийра цо шен 17 шо долуш, 1997—1999 шерашкахь Ашхабадан «Копетдаг» тобанехь ловзуш, цул тӀаьхьа Кхазакхстане дӀавахара. «Женис» а, «Аксесс-Голден Грейн» а клубашкахь ловзуш вара 1999—2000 шерашкахь. 2001 шарахь шолгӀа дакъа цо даьккхира Россехь, «Кристалл» тобанца.
2002 шарахь бегонде эцна красноярскан «Металлурго» цхьана шарна.
Байрамовс керла шо долийра казанан «Рубинехь». Рубинан коьртачу тобанехь чӀагӀвала аьтто ца баьлла цуьнан; шен хьалхарчу шарахь Казанан клубехь Байрамов ловзуш вара коьртачу декъана резерван тобанийн турнирехь, цигахь цо масех гол тоьхна. Шен дебютан шарахь цхьа матч бен ца левзина иза Премьер-лигехь. 2003-чу шеран аьхке йуккъе йаьлча, бегондица Соьлжа-ГӀалара «Терк» йукъа дӀавахар кховдийра цунна.
2003 шеран аьхка дехьаваьлла «Терке» бегондин бакъонашца шо чекхдаллалц. Соьлжа-ГӀалин клубехь дебют йира калининградан «Балтикица», шолгӀа таймехь цхьаъ хийца йукъавелира, «Терк» туьйлира чоьтаца 1:0[5]. Клубехь Байрамовс 20 официалан матч левзина Россин хьалхейаккхарехь, чутоьхна 8 гол. «Теркан» йукъахь Россин кедан 2003/04 толамхо хилла.
Туркменистанан гулйина команда
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Азин Кедан декъашхо.
2013 шеран 22 мартехь Камбоджин дуьхьалчу матчехь АФК кхайкхаман Кедехь квалификацехь дубль йина, оцу матчехь Туркмени туьйлира 7:0[6].
Тренеран карьера
[бӀаьра нисйан | нисйан]Тренеран карьера йолийна Казанан Вахитан кӀоштан олимпийн резерван спортан ишколехь[7]. 2023 шеран декабрехь ФК "Аркадаг" коьрта тренеран даржехь дебют йира.[8]
Ловзархочун кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Туркменистанан чемпион: 1998
- Туркменистанан кедан толамхо: 1997, 1999
- Кхазакхстана кедан 1999/00 финалхо (ФК «Аксесс» йукъахь)
- Кхазакхстанан вице-чемпион 2000 (ФК «Аксесс» йукъахь)
- Россин Кедан толамхо 2003/04 (ФК «Терк» йукъахь, 1 матч/1 гол)
- АФК президентан Кедан толамхо 2013 (ФК «Балкан» йукъахь)
- «Даймохк безарна» мидал: 2025[9]
Тренеран кхиамаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Туркменистанан чемпион: 2023,2024,2025
- Туркменистанан Кедан толамхо: 2023,2024,2025
- «Даймохк безарна» мидал (Туркменистан)[10]
Статистика шерашкахула
[бӀаьра нисйан | нисйан]| Шо | Команда | Лига | Матчаш | Голаш |
|---|---|---|---|---|
| 1999 | Женис (Астана, Кхазакхстан) | СЛ | 21 | 6 |
| 2000 | Аксесс-Голден Грейн (Петропавловск, Кхазакхстан) | СЛ | 25 | 7 |
| 2001 | Кристалл (Смоленск, Росси) | ПД | 15 | 1 |
| 2002 | Металлург (Красноярск, Росси) | ПД | 20 | 1 |
| 2003 | Рубин (Казань, Росси) | ПЛ | 1 | 0 |
| 2003 | Терк (Соьлжа-ГӀала, Росси) | ПД | 20 | 8 |
| 2004 | Рубин (Казань, Росси) | ПЛ | 13 | 3 |
| 2005 | Рубин (Казань, Росси) | ПЛ | 21 | 6 |
| 2006 | Рубин (Казань, Росси) | ПЛ | 25 | 2 |
| 2007 | Рубин (Казань, Росси) | ПЛ | 23 | 4 |
| 2008 | Химки (Химки, Росси) | ПЛ | 15 | 0 |
| 2009 | Тобол (Костанай, Кхазакхстан) | СЛ | 22 | 20 |
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Vladimir Bayramow // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
- ↑ VLADIMIR BAYRAMOV // (unspecified title) (исп.)
- ↑ Экс-игрок «Рубина» Байрамов завершил карьеру и намерен жить в Казани. ТӀекхочу терахь: 2015 шеран 18 июнь. Архивйина 2021 шеран 20 ноябрехь Архивйина 2021-11-20 — Wayback Machine
- ↑ Я обсудил свою дальнейшую карьеру со старшим братом Владимиром(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ ТУРКМЕНСКИЙ ФУТБОЛИСТ ВЛАДИМИР БАЙРАМОВ ПЕРЕШЕЛ ИЗ КАЗАНСКОГО «РУБИНА» В ГРОЗНЕНСКИЙ «ТЕРК» | Интернет-газета Turkmenistan.Ru. www.turkmenistan.ru. ТӀекхочу терахь: 2021 шеран 4 сентябрь. Архивйина 2021 шеран 21 ноябрехь
- ↑ Turkmenistan 7-0 Cambodia. ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 22 март. Архивйина 2013 шеран 25 мартехь
- ↑ Тренеры юношеской команды. vahitka.ru. ТӀекхочу терахь: 2023 шеран 29 декабрь. Архивйина 2023 шеран 29 декабрехь
- ↑ Владимир Байрамов стал новым главным тренером футбольной команды «Аркадаг». Turkmenportal (2023 шеран 3 декабрь). ТӀекхочу терахь: 2023 шеран 29 декабрь. Архивйина 2023 шеран 4 декабрехь
- ↑ Указ Президента Туркменистана О награждении государственными наградами в ознаменование 34-й годовщины независимости Туркменистана
- ↑
Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Профиль на официальном сайте ФК «Химки»
- Дебютный гол для первенца(ТӀе цакхочу хьажорг)
- Бинарш 2 августехь
- Бинарш 1980 шарахь
- Бинарш ССРС
- Адамаш абатца
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- Туркменистанан футболисташ
- Россин футболисташ
- Футболех ловзаран Туркменистанан гулйина командин ловзархой
- ФК «Копетдаг» ловзархой
- ФК «Дагдан» ловзархой
- ФК «Астана-1964» ловзархой
- ФК «Кызыл-Жар» ловзархой
- ФК «Кристалл» Смоленск ловзархой
- ФК «Енисей» ловзархой
- ФК «Рубин» ловзархой
- ФК «Ахьмад» ловзархой
- ФК «Химки» ловзархой
- ФК «Тобол» Костанай ловзархой
- ФК «Кайрат» ловзархой
- ФК «Ахал» ловзархой
- ФК «Небитчи» ловзархой
- ФК «Талып спорты» ловзархой
- Туркменистанан футболан тренерш
- ФК «Аркадаг» тренерш