Базардюзю
| Базардюзю́ | |
|---|---|
| азерб. Bazardüzü, лезг. Кичӏен дагъ | |
Шахдаг лам тӀера Базардюзю лам гар. | |
| Бохьан локхалла | |
| Абсолютан локхалла | 4466[1] м |
| Дустараллин локхалла | 2454 м |
| Дуьххьара лам тӀебовлар | 1849 шеран май (топограф С. Т. Александров) |
| Лаьтта меттиг | |
| 41°13′16″ къ. ш. 47°51′29″ м. д.HGЯO | |
| Пачхьалкхаш | |
| Регион | Гусаран кӀошт, ДегӀаста |
| Лаьмнийн система | Йоккха Кавказ |
Базардюзю́[2] (азерб. Bazardüzü, лаьзг. КичӀен сув) — Азербайджанан а, Россин (ДегӀаста) а дозанера Йоккха Кавказан Хидоькъа дукъан бохь. Боххьан локхалла йу 4466 метр.
Базардюзю шуьйра бевзаш бу Россин уггаре къилба меттиг аьлла, амма бакъдерг аьлча иза лаьтта оцу меттигера 4 километр гергга къилбаседехьа, 7,3 км генахь. Шен рогӀехь, Рагдан а, Несен а лаьмнаш лаьтта Базардюзюн къилбехьа а, Российн дозанан уггаре къилба меттигна гергахь а, 2,2 а, 3,7 км генахь а[3]. Базардюзю — Азербайджанан а, ДегӀастанан а уггар лекха лам бу. Иза лаьтта поппаран сланцех а, порфиритех а. XX бӀешо долалуш Базардюзю лакхенера охьабогӀура йалх жима, царех уггар боккханиг 1 километре кхаччалц беха болуш, Тихицар олуш хилла[4].
Географи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Базардюзю — малхбалехьа Йоккхачу Кавказера дӀасайаьржина раьгӀнаш тӀаьххьара вовшахкхета меттиг йу, цул тӀаьхьа гуш ду рельефан тӀаьхь-тӀаьхьа лахдалар. Базардюзюн лаьмнашкара схьадовлу дуккха а хиш, шайна йукъахь Самуран геннаш а долуш. Базардюзю кӀошт билгалйолу нивал-шаломан, шаломан-эрозин, эрозин-денудацин рельефца. ХӀокху заманан шабаран лараш (караш, чаккхенан а, агӀонан а моренаш, трогаш) уггаре а дика гуш йу массиван къилбаседа-малхбузерачу декъехь. Массиван къилбан а, малхбален а агӀонаш тӀехь шабаран лараш йерриге а бохург санна дӀайаьхна эрозино. Физикин мохо йохоран хьесапаша доккха дакъа лоцу Базардюзю рельефан кеп хӀотторехь, иза доьзна ду тайп-тайпана барамаш болу нийса чутаьӀна меттигаш (нивалан терхьаш) кхолладаларца лаьмнашкахь. ТогӀин дисекци дика кхиъна йу массиван басешкахь. ТогӀеш билгалйолу ладаме кӀоргенца (1500 м кхаччалц йа цул сов), коьртачу декъана U кепара ю. Цу тайпана йу 8—9 км кхаччалц дӀасайаржийна троган тогӀенаш. Цигара лаьмнаш тогӀин бух тӀера 400-500 м лакхахь хьаладовлу. Цу тогӀийн нийса а, шера а бух бу меттигашкахь 200 метре кхаччалц йа цул сов шуьйра.
Базадюзюн къилбаседа басехь шиъ шалам бу — Муркар а, Тихицар а, царна тӀера дӀабоьду пхиъ жима кхозабелла пиллиг кепара мотт. ТӀекхалуш берг царех бу Тихицар шалам, цуьнан бохалла 0,9 км бу шораллехь 150—200 м а болуш. ОхьатаӀар шаломан цӀеххьана лесташ йу, йуккъера барам 250 метр гергга бу. Шаломан мотт бахло къилбаседехьа. Шалам чӀогӀа охьатаӀна хиларо сиха до цуьнан болар, иза хулу 4,4 - 9,3 см динахь-бусий.
Муркар шалам, къилбаседа-малхбалехьа лелаш, дӀалоцуш йу Базардюзюн басенера йаьттӀа меттиг. Цуьнан йаьттӀа меттиг кад кепара йу, гергарчу барамехь вертикалан лаьмнаш а долуш, бухара шуьйралла гергарчу хьесапехь 700—800 м йу. Берриг шаломан бохалла 1440 м бу, шуьйралла 300—450 м йу. Шаломан мотт чекхболу 70 м кхаччалц лекха а, гергарчу хьесапехь 130 м шуьйра а йолчу скарапна тӀехула. ТӀаьхьарчу бӀешарахь хаъал лахделла шалаьмнаш. Нагахь санна церан майда 1897 шарахь 13,8 км2 хиллехь, ткъа 1911 шарахь 6,67 км², карарчу хенахь гергарчу хьесапехь 3,8 км² йу. Массиван лаьмнашкахь тайп-тайпана хаза альпийн а, субальпийн а аренаш йу, уьш аьхкенан дика дежийлаш ду, цигахь апрелера сентябрь кхаччалц меттигерчу колхозан а, совхозийн а эзарнаш уьстагӀийн а, гезарийн а жаш дежа.
Хьал долуш а, шакепара а йу Базардюзю ломанан массив. Кхузахь тахана а дисина дегӀастан хьехарийн а, лунийн жаш. Хала тӀекхачало тархаш тӀехь, шалам болчохь, хаало ламанан москалш йа улараш.
Этимологи
[бӀаьра нисйан | нисйан]
Азербайджанийн маттера гочдича Базардюзю хуьлу «базаран майда», нийсо аьлча ориентир — «базара дӀавоьрзу меттиг». Ширачу заманахь а, йуккъерачу бӀешерашкахь Шахнабад тогӀи чохь, иза ломан малхбалехьа йу, хилара хӀора шеран йаккхий дуккху къаьмнийн базарш. Цига гуллора йохк-эцархой гергара хилла ца Ӏаш Малхбален Кавказера къаьмнаш — хыналыгхой, крызаш, будуххой, лаьзгий, рутулаш, цахураш, жӀайхой, гӀазгӀумкий, даьргӀой, гӀумкий, ногӀий, азербайджанаш. БогӀура иштта гуьржий, эрмалой, Ӏарбий, жуьгтий, гӀажарий. Базардюзю лам коьрта бара луларчу латмнел, геннара гуш бара. ГӀепалхошна дуьхьала цуьнан шен пен хӀоьттича, царна хаара, аьрру агӀор верза везий, кхузара гена йац, хала доцучу бецан дукъдоккхийла дӀайаьлча базаран майда йу.
Меттигера лаьзгоша ломах олу «КичӀен сув», иза гоч до «Кхераме лам» бохург[5].
Хьалабовларан истори
[бӀаьра нисйан | нисйан]Дуьххьара документашца гайтина Базардюзю къарбинарг вара оьрсийн топограф прапорщик Сергей Тимофеевич Александров. 1847 шеран майхь Курушан дукъ даккхарера къилба-малхбален дукъ тӀехула хьалавелира иза, лома тӀехь триангуляцин бӀов хӀоттийра. 1952 шеран августехь Г. И. Анохинас Базардюзю буьйсанна хьалавелира. 1952 шеран сентябрехь иза а хилира исторехь дуьххьарлера Базардюзю шен тӀехула хьалаваьлла. 1993 шарахь Э. М. Рагимов къилба дукъ тӀехула хьалавелира, ткъа Я. А. Асадов Къилбаседа-малхбузерчу циркера хьалавелира.
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- ↑ Peakbagger.com (инг.). ТӀекхочу терахь: 2013 шеран 30 январь. Архивйина 2019 шеран 3 майхь
- ↑ Кеп:Книга:География
- ↑ Лист карты K-38-108 Хачмас. Масштаб: 1 : 100 000. Указать дату выпуска/состояния местности.K-38
- ↑ Кичен-даг // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
- ↑ Серёгина, Диана. Базардюзю : [арх. 2 январехь 2022] // Дагестанская правда. — 2008. — 5 июнехь.
Литература
[бӀаьра нисйан | нисйан]Хьажоргаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- Маршруты на вершину Базардюзю (Восточный Кавказ), 4466 м
- Классификационная таблица маршрутов на горные вершины Азербайджана
- Фотографии горы Базардюзю. ТӀекхочу терахь: 2009 шеран 24 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 15 сентябрехь
- Над Базардюзю редко когда не бывает облаков… ТӀекхочу терахь: 2009 шеран 24 июнь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2009 шеран 15 сентябрехь