Базанова, Юлия Ивановна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Базанова Юлия Ивановна
Базанова Юлия Ивановна+.jpg
ЦӀе винчу хенахь Лявдонская Юлия Ивановна
Вина терахь 1852 шо({{padleft:1852|4|0}})
Вина меттиг Иркутск
Кхелхина терахь 1924 шо({{padleft:1924|4|0}})
Кхелхина меттиг
Гражданалла Российн империFlag of Russia.svg Российн импери,
Flag of the Russian Soviet Federative Socialist Republic (1918–1937).svg РСФСР (1917—1922),
ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС
Дешар Малхбален Сибрехан маьхкарийн институт
Да Иван Лявдонский
Майра Базанов Петр Иванович
Бераш йоӀ - Базанова-Кельх Варвара

Базанова Юлия Ивановна (йинчу хенахь Лявдонская) (1852—1924) — 1-ра гильдин совдегар, диканаш дийриг, Иркутскан а, Москохан а сийлахь гражданка.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Моховера БазановгӀеран цӀа
Лергийн а, легашан а цамгарийн Базановин цӀарах клиника

Йина Сибрехахь къечу эпсаран Лявдонскийн доьзалехь. Кхийна дедас, хӀунда аьлча да-нана хьалха делира, ткъа Малхбален Сибрехан маьхкарийн институт чекхъяьккхинчул тӀаьхьа маре яхара Базанов Петр Ивановиче, меттигерчу совдегаран а, дешипромышленникан, бакъволу статски хьехамчин И. И. Базановн кӀанте. Марда гӀараваьлла вара шен диканаш дарца. Юлия Ивановнин майра хьалха велира, дукха бахам а буьтуш, уьш йоьӀца Варварица бехира «майрачун доьзалан куьйга кӀела».

1893 шарахь шен марда (И. И. Базанов) веллачул тӀаьхьа Юлия Ивановнин, дисира БазановгӀеран доьзалан доккхаха долу дакъа (8 миллион сом), кхин дӀадаьхьира доьзалан диканаш даран гӀуллакх. Ю. И. Базанован цӀарца уьйр йолуш ю Иркутскан дукхаха йолу кхолламийн истори. Царна юкъахь лецначеран берийн цӀа, берийн беш, Базанован кхиоран цӀа, хьехархойн семинари, берийн Ивано-Матренински дарбанан цӀа, Иркутскера бактериологин станци[1].Ивано-Матренински дарбанан цӀийнаха лаьцна оцу заманарчара яздора: «…иштта дарбанан цӀенош, хӀинцца дӀадиллина Ивано-Матренински дарбанан цӀа саннарш, кӀезиг ду Европехь а. Берлинан дарбанан цӀа а, Москохара сий. Ольгин дарбанан цӀа а гинчара олу дукхаха йолу агӀонаш иркутскан дарбанан цӀийнан дуккха а гӀоле ю олий». Башха Ӏуналла дора цуо БазановгӀеран бераш тӀеоьцийлина. Цуо тӀеоьцура уггаре кегийнарш: хӀинцца дина бераш, декха бераш. Цунах тераниг ерриг Малхбален Сибрехахь а дацара. 1877 шарахь, дӀадиллина кхо шо даьлча, цига дӀаэцнера 115 кӀант а, 138 йоӀ а, ткъа 1880-гӀа шерашна юкъахь — эзар гергга бер кхоьссира цига[2].

1890-гӀа шераш дуьйлалуш шен йоьӀца[3] кхелхира гуттаренна яха Москоха. Москоъхахь БазановгӀар бехира Мохови урамера шайн цӀа чохь[4] (1892—1906). Москохахь уггаре ладаме диканаш даран акт хилира 1896 шарахь Мехкарийн аренехь Москохан университетан Клиникин гӀалахь Лерган, меран, легашан клиника йиллар. Клиника ян а, чура белхан кечъян а Базановас делира миллион сом, дозанал арахьара ийцира оцу хенахь уггаре керла медицинин аппаратура. дӀайиллинчул тӀаьхьа Базановас делира кхин а 75 эзар сом, клиникин тӀеоьшу гӀишлош ян. Клиника кхио, иза лело, Ӏилманан журнал арахеца, кхечу хьашташна, кхин тӀе 515 эзар сом ахча делира. Дерриг а, лергийн, мерийн, легашан цамгарийн Ӏилманан-практикин центран Базановас дайира цхьа миллион ах миллион сом. Клиника совгӀатна елира Москохан императоран Университетан. Москохан ГӀалин Думо, динчу гӀуллакхан мах хадош Базанова Юлиян цӀе тиллира клиникина. Москохан университетан Кхеташонан лаамца клиникин холлехь иза йиллинчунна хӀоттийра мармаран хӀоллам, иза бира скульпторо Р. Р. Баха, тӀе у туьйхира: «Базанова Юлия Ивановнин кӀела диллина хӀума а доцуш, уггаре ширачу оьрсийн университетан деллачу совгӀатна кӀорггера реза хиларца а, тӀаьхьенна гуш долу масала хилийта а. Императоран Москохан университетан Кхеташо. 1896 шеран 8 майхь»[5]. Императоро Николай II-гӀачо Доккха баркалла элира цунна, совгӀатна шен куьг яздина доккха сурт делира. Цул сов 1897 цунна елира Аннин асин тӀехь «Даггара гӀуллакна» цӀе йолу дешин мидал[6][7].

Клиника ярал сов, Ю. И. Базановас дакъалецира Н. А. Алексеевн цӀарах Психиатрин дарбанан цӀа деш. Л. Н. Толстойс дехарца гӀодира кавказан духобораш океанал дехьабохуш[8], оцу гӀуллакхна дайира 7 миллион сом гергга[9].

Базанова Юлия йоьӀца Варварица а, йоьӀа йоьӀца Юлияца а, СиверсгӀеран, КельхгӀеран доьзалера кхечу гергарчаьрца а Ялтера дачехь

Таро йоцучу студентийн пособин юкъаралла сийлахь декъахо (1887 шарахь дуьйна), Москохан университетан юкъара дахаран меттиган Ӏуьналлин кхеташонан декъахо. Даккхий ахчанаш лора Москохан университетан тайп-тайпана хьашташна: дакъа лора дика даран стипендешна, льготин квартираш латтайора студентийн юкъара дахаран меттигехь, сагӀа лора Ӏаламдовзар дезархойн юкъараллин зоологин декъан. Бух биллира студентийн медицинин Воронцовскийн цӀарах йолчу библиотекин. Ю. И. Базановас а, цуьнан йоӀа В. А. Базанова-Кельхан а ахчанех университетехь хӀиттийра дуьххьарлера студентийн йорах йина а, маьхаза делкъенан столовеш[10].

Базанова Юлиян диканаш дагалоьцура «Восточни обозренин» редакторо И. И. Поповс: «цуо дӀасадийкъира шен дерриг миллионаш, цуьнан 300 эз. сом бен ца дисира, церан процентех цуо дӀалора ах юкъараллин гӀуллакхашна. Даиман а Ӏаьржа коч йоьхна, дика лекха, куц долуш, озаелла а, дика лаьтташ а йолу Юлия Ивановна, цунна декхарийла яра Москох а, Сибрех а, университет а, сибрехан юкъаралла а, лелара эсала, иэхь хеташ, ца дезара шен куьйган барт алар». ГӀалин социалан а, оьздангаллин а дахаран даккхий саӀанаш дарна 1909 шарахь Ю. И. Базановина елира «Иркутск гӀалин сийлахь гражданка» цӀе. Цуьнан суьрто хазйинера иркутскан гӀалин думин чоь[7].

1905 шарахь Ленин маьӀда доккхийлехь, уьш Базановин а, цуьнан йоьӀан а долахь яра, гӀаттам хилира, цуо капиталан хьал дохийра. МаьӀда доккхийлаш йоьхкира ингалсан компанин. 1906 шарахь Базанова Юлийн дийзира шен Мохови урамера цӀа а доьхкина, мехах квартире яха. Шен иэшам а беш, иза шен ницкъ мм-кхоччу гӀолоцуш яра ша йолийначу проекташна.

Базанова Юлия елира 1924 шарахь, дӀайоьллина Введенски кешнашкахь КельхгӀеран фамилин кашковхь йоьӀан хьалхарчу майрин уллехь (8 дакъа).

2017-гӀа шарахь цуьнан тӀаьхьенан кхоалгӀа чкъоьран векалийн доьзалехь карийна Юлия Ивановнин архив, материалаш, царех долу кехаташ юкъадахара цунах а, цуьнан диканех а лаьцна йолчу биографин фильман[11].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Титов, В. Четвёртое исключение Карла Фаберже. Журнал «Капиталист» (2011, февраль). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 3 декабрехь. Теллина 2019 шеран 30 ноябрехь.
  2. Гордеева, О. Как снимали «Историю базановских миллионов». Байкал Инфо (2019, 7 март). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 5 декабрехь. Теллина 2019 шеран 30 ноябрехь.
  3. Варвара Петровна Базанова-Кельх.
  4. ЦӀийнах хӀинци а олу БазановгӀеран цӀа.
  5. После революции скульптурный бюст Ю. Базановой из холла клиники был выброшен на свалку. Его обнаружили лишь в 1990-е годы во время прокладки коммуникаций у стен больницы, так же, как и экспонаты аудиокабинета. Сегодня они хранятся в музее истории медицины Первого МГМУ им. И. М. Сеченова.
  6. Рощеня, Д. Иркутская барыня: история о самой передовой в Москве клинике и самой богатой благотворительнице. Милосердие.ру (2015-02-0). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 2 декабрехь. Теллина 2019 шеран 30 ноябрехь.
  7. 1 2 Анискович, 2008, с. 191.
  8. Анискович, 2008, с. 193.
  9. Вязники, 2016.
  10. Благотворители и меценаты, 2010, с. 294.
  11. Дарчук, А. История жизни Юлии Базановой. Новости Иркутска (2019, 2 май). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2019 шеран 1 декабрехь. Теллина 2019 шеран 30 ноябрехь.

Литература[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Г. Н. Ульянова Благотворительность московских предпринимателей. 1860-1914. Словарь купцов-благотворителей. — изд. 2-е. — М.: Форум, 2014. — 496 с.
  • Е. Ю. Горбунова Благотворители и меценаты в истории Московского университета / редактор: В. И. Тропин. — М.: Издательство Московского университета, 2010. — 320 с. — ISBN 978-5-211-05745-6
  • Императорский Московский университет: 1755-1917 : энциклопедический словарь / А. Ю. Андреев, Д. А. Цыганков. — М.: Российская политическая энциклопедия (РОССПЭН), 2010. — С. 512. — 894 с. — 2 000 экз. — ISBN 978-5-8243-1429-8
  • Анискович Л. И. Храм милосердия: русские женщины. — Логос, 2008. — С. 187—193. — 464 с. — ISBN 978-5-98704-339-5
  • Коллектив авторов Неизвестные Вязники. О чем писали газеты, но не расскажут на экскурсиях / под ред. Ратникова А. А.. — 2016. — ISBN 978-5-4483-3809-0

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]