Чулацаман тӀегӀо

Бадран гӀазот

Талланза
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Бадран гӀазот (Ӏаьр. غَزْوَةُ بَدْرٍ) — иза хӀижратан шолгӀачу шарахь рамазан беттан 7-чу дийнахь Мухьаммад пайхамар ﷺ коьртехь волчу бусалбачарна а, Ӏамр ибн ХӀишам аль-Махзуми аль-Къураши коьртехь волчу къурайшин тайпанна а, цуьнан Ӏаьрбийн бертахошна а йукъахь хилла тӀом бу. Бадран гӀазот исламан дуьххьарлера сацам бен тӀом лоруш бу. Шена чохь тӀом хиллачу Бадр кӀоштан цӀарах тиллина йу цунна и цӀе. Бадр — Маккина а, Мадийнатна а йукъахь лаьтташ йолу гӀарайаьлла гӀу йу.