Багаудинова, Меседа Абдулларисовна

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Багаудинова Меседа
Меседа Багаудинова.jpg
Коьрта хаам
Юьззина цӀе Багаудинова Меседа Абдулларисовна
Йина терахь 1983 шеран 30 октябрь({{padleft:1983|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (36 шо)
Йина меттиг
Пачхьалкх РоссиFlag of Russia.svg Росси
Говзаллаш йишлакхархо
Жанраш эстрада, поп-музыка, джаз
Коллективаш ВИА Гра
Официальный сайт MESEDA


Багауди́нова Месе́да Абдуллари́совна (йина 1983 30 октября) — российн йишлакхархо, украинан зударийн «ВИА Гра» (2007—2009) тобан декъашхо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1983 шеран 30 октябрехь Соьлжа-ГӀалахь. Цуьнан да — жӀай[1][2][3][4][5] ву, нана — украинех-белорусех схьаялар долуш ю[6].Цуьнан йоккхаха ши йиша ю: Виктория а, Салима а, воккхаха волу ваша Олег а, жимаха — Рустам.

Меседан ис шо долуш доьзал кхелхира Кисловодске. 16 шо долуш кхелхира Дон-тӀера-Ростов, цигахь иза лууш яра музыкан доьшийле дӀахӀотта, амма оьшу кечам ца хиларна дийзира оьздангаллин доьшийле яха. Чекхдаьккхира Ростовн пачхьалкхан оьздангаллин доьшийлан, эстрадан-джазан вокалан дакъа[7]. 2005 шарахь деша хӀоьттира ГИТИСан эстрадан факультете (Назаров Владимиран курс).

Карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Ансамбль «Мечты»[нисъе бӀаьра | нисъе]

Тоба «Мечты» — Багаудинова Меседа[8] юкъахь йолу Ростохар интеркъамнийн кхоъ ду. Дуьххьарлера нахан хьалха йоккха ансамблан концерт хилла 2002 шарахь: мехкарашка кхайкхира Ӏиде Ростовн ЧГӀГӀУ. Нисса оцу концерто яьккхира тоба «Мечты» боккъала а гӀара, коллектив оьшуш хилира. Ансамбль масийттаза яхара гастролашка Российн къилбехьахула. Тобано иштта концерташ лора дозанал арахьа, масала Австрехь[7]. Оцу шен дахаран муьрехь Багаудиновна евзира Котова Татьяна, тӀаьхьа «Российн мисс 2006» а, ВИА Гра коллективан декъашхо хилла а йолу. 2005 шарахь декъашхой бахара Москох деша. Меседа дӀайоьду Москох, деша хӀутту ГИТИСан эстрадан факультете.

ВИА Гра[нисъе бӀаьра | нисъе]

2007 шеран 1 апрелехь Меседах хилира ВИА Гра тобан солистка, цуо дӀаяхна Корягина Ольга[9][10] хийцира. Тобан юкъара хьалхара концерт хилира 21 апрелехь Российн экономикан форумехь Лондонехь. Шуьйрачу публикан керла тобан декъашхо йовзийтира МУЗ-ТВ СовгӀатехь 2007 шеран 1 июнехь. Дебют хилира клипехь «Поцелуи». Коллективехь Ӏийра иза цхьана шарахь эха шарахь. Оцу хенахь Меседас дакъалецира 4 клипехь, телевизионан «Держи меня крепче» сериалехь а, божарийн MAXIM журналан кхаа фотосессешкахь а[8][11][12], кхин а дакъалецира ши альбом язъеш. 2009 шеран 16 январехь[13][14] Багаудинова Меседас йитира коллектив тобане Мейхер Надежда юхаяр бахьнехь.[15][16]Ша дӀаялар йоӀа дийцира иштта: «Шен хенахь аса Надин меттиг дӀалецира. Тобанехь даиман а яра сирлачу аматерниг, хьаьрсаниг, Ӏаьржачу аматерниг. Со Надяца Ӏаьржачу аматехь ю, цундела тхойшиъ цхьаьна тобанехь хила йиш яц. Надяс, шеко яц, дукха пайда бина тобан ВИА Гра юкъаяьлчхьа, цуьнан лерам бан беза. Со кӀеззиг а дохко ца яьлла. Сан дерриг дика ду дахарехь а, кхоллараллехь а. Солон проект йийр ю аса»[17].

2011 шеран 27 мартехь Меседас дакъалоцу «ВИА Гра» тобан юбилейн концертехь[18].

2013 шарахь К. Меладзен шоу «Хочу V ВИА Гру» хилира декъашхошна ялханнах цхьа тренер.

Солон карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

2009 шарахь Меседа юкъаяхара уггаре сексуалан итт зудчунна, MAXIM журналан дешархоша кхаж тесна[19]. «ВИА Гра» тобанера дӀаяьллачул тӀаьхьа Меседас, Plazma тобан «MYSTERY» (The Power Within) эшаран клип тӀиера, йолийра шен солон карьера[20]. 2009 шарахь декабрехь дакъалецира Mixed Russian Fashion Show гайтарехь[21].

Дуьххьарлера солон композици йишлакхархочун карьерехь хилира йиш «Дым» («КӀур»), иза хӀоттийра «ВИА Гра» тобан юбилейн концертехь. Амма оцу эшарал тӀаьхьа йоьӀан карьера сецира, йишлакхархо мааре а яхна, кӀант вар бахьнехь. Кхин а Меседага кхайкхира «Блестящие» тобане Дубовицкая Аннин меттана, амма цуьнан дӀататта бийзира и кхайкхам доьзалхочух хиларна[22].

2013 шеран керлачу шеран буьйсана Хьалхара канал тӀаьхь Меседас ВИА Гра тобан хилла солисткашца (Седокова Анна, Джанабаева Альбина, Бушмина Ева) цхьаьна сценин тӀаьхь, цара лекхира йиш «Бриллианты» («Жовхарш»)[23]. 2013 шеран 3 мартехь, «ВИА Гра» тоба официалан дӀакъевлинчул тӀаьхьа, Меседас Джанабаева Альбиница цхьаьна эшарш лекхира корпоративехь.

Майхь Меседа гучуелира Ю телеканал тӀаьхь «Кто сверху?» («Лакхахь мила ву?») шоухь. 2013 шеран июнехь Меседас арахоьцу «Просто замри» («Атта саца») цӀе йолуш шолгӀа солон йиш. Шо чекхдолуш арайолу сингл «Я у тебя ничего не прошу»[17] («Аса хьоьгара хӀумма а ца доьху»). 2014 шо долалуш арайолу сингл «Верю я» («Теша со»). 2015 шеран 26 январехь арайолу сингл «Пересечение» («Некъ хадор»). Дешнийн а, музыкан а автор вара Реснянский Алексей, алсама вевза йишлакхархо Daniel[24] аьлча. 2015 шеран 2 мартехь ELLO кевнехь (порталехь) хилира иштта цӀе йолу клипан премьера, цуьнан режиссёр хилира Шерстников Иван. Оццу дийнахь москохан Wicked ресторанехь хилира видеоклипан презентаци[24].

3 мартехь Меседас арахоьцу керла сингл — «Жаль» («Къахета»), цуьнан автор хилира журналан гӀараяьлла редактор — Рыбакова Юлия. Йиш арахийцира «FEELDALFA» лейблца.

6 мартехь Меседас арахоьцу ялхолгӀа солон «День» («Де») цӀе йолу композици.

Шен дахар[нисъе бӀаьра | нисъе]

2011 шеран аьхка Меседа мааре яхара бизнесмене Алане[25], ткъа 2012 шеран 6 январехь цуо вира кӀант, цунна тиллира Аспар цӀе[26][27]. 2015 шарахь уьш къаьстира[25].

Дискографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

ВИА Гра тобан юкъара гуламаш:

Синглаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Дым (КӀур (2011))
  • Просто замри (Атта саца (2013))
  • Я у тебя ничего не прошу (Аса хьоьгара хӀумма а ца доьху (2013))
  • Верю я (Теша со (2014))
  • Пересечение (Некъ хадор (2015))
  • День (Де (2016))
  • Жаль (Къахета (2017))

Чарташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Шо ЦӀе Чарташ Альбом
Росси а, ЛПД а (Tophit Юкъара Топ-100) Украина (Tophit Украинан Топ-100) Украина (Tophit Киевн Топ-100) Радиочарт TopHit 100 дехарца
2015 «Некъ хадор»[28] 192 655 54 альбом йоцуш

* «—» йиш яцара чартехь

Видеографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Шо Клип Режиссёр Альбом
ВИА Гра тобан юкъахь
2007 «Поцелуи» («Барташ бахар») Бадоев Алан «Поцелуи» («Барташ бахар»)/ «Эмансипаци»
2008 «Я не боюсь» («Со ца кхоьру») «Эмансипаци»
«My emancipation»
«Американская жена» («Америкера зуда») Васьянов Роман
Солон карьера
2015 «Пересечение» («Некъ хадор») Шерстников Иван хирйолу альбом
Кхечу йишлакхархочуьнца дакъалацар
2010 «Mystery (The Power Within)» (Plazma) Адельшин Марат альбом яц

Фильмографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

ВИА Гра тобан юкъахь[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • Держи меня крепче (ЧӀогӀа дӀалаца со (телевизионан сериал, 2007 шо))
  • Новогодняя ночь 2009 на Первом (Керлачу 2009 шеран буьйса Хьалхарчун тӀаьхь (Керла шеран мюзикл, 2009 шо))

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Меседа Багаудинова: биография (оьр.). www.woman.ru. Теллина 2018 шеран 28 июнехь.
  2. Меседа Багаудинова. 24SMI. Теллина 2018 шеран 28 июнехь.
  3. Самые красивые девушки-аварки (10 фото) (ru-ru). Хьаьжна 28 июнехь 2018.
  4. Меседа Багаудинова: биография экс-солистки группы «ВИА Гра» (ru), FB.ru. Хьаьжна 28 июнехь 2018.
  5. Игорь Аксютаwrote, 2014-12-04 07:05:00 Игорь Аксюта 101 2014-12-04 07:05:00 Самые красивые девушки народов Кавказа (ингалс.). Теллина 2018 шеран 28 июнехь.
  6. Александр Маленков. Неотразимая // Maxim UA : ж.. — 2009. — № июль-август. — С. 80.
  7. 1 2 Меседа Багаудинова // Last.fm
  8. 1 2 Вива, Виа Гра! — Журнал «Maxim»
  9. Любимая женщина Валерия Меладзе стала самой сексапильной «виагрой»! // Комсомольская правда
  10. Меседа Багаудинова: «Я не приму подарок за 190 тысяч долларов!» // Комсомольская правда
  11. Меседа Багаудинова — журнал MAXIM
  12. Меседа Багаудинова — Девушки MAXIM
  13. Меседа Багаудинова разделась для Maxim
  14. Уволенная солистка «ВИА Гра» Меседа Багаудинова: «Две брюнетки в группе — это перебор!» // Комсомольская правда
  15. Ускользающая красота // Комсомольская правда
  16. В «ВИА Гру» вернулась «черненькая» Надя! // Комсомольская правда
  17. 1 2 Меседа Багаудинова решила стать популярнее Веры Брежневой? (оьр.). Теллина 2016 шеран 7 июлехь.
  18. Юбилейный концерт ВИА Гры может закончиться родами // Комсомольская правда
  19. Меседа Багаудинова. Теллина 2016 шеран 7 июлехь.
  20. Максим Кадаев Ростовчанка Меседа Багаудинова стала королевой вампиров. Комсомольская правда (2010, 27 апрель). Теллина 2018 шеран 18 февралехь.
  21. Звезды отрепетировали Новый год: Иван Николаев и другие (оьр.). Теллина 2016 шеран 7 июлехь.
  22. Меседа Багаудинова ждет ребенка. Теллина 2016 шеран 7 июлехь.
  23. Экс-солистка «ВИА Гры» Меседа Багаудинова заметно поправилась (оьр.). Теллина 2016 шеран 7 июлехь.
  24. 1 2 Меседа Багаутдинова покажет сольное «Пересечение». InterMedia (2015, 26 февраль). Теллина 2018 шеран 18 февралехь.
  25. 1 2 Экс-солистка «ВИА Гры» Меседа Багаудинова: «Я развожусь и начинаю новую жизнь» (оьр.). Теллина 2016 шеран 7 июлехь.
  26. Экс-участница ВИА Гры беременна // Сегодня Мультимедиа (13 Декабря 2011)
  27. Маша Малиновская родила хитреца, а Ани Лорак- упрямицу // Комсомольская правда (20 марта 2012)
  28. Меседа Багаудинова (экс-Виа Гра) - Пересечение(послушать музыку, посмотреть видео клип). tophit.ru. Теллина 2016 шеран 20 августехь.