Чулацаман тӀегӀо

Бабур-наме

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Бабур-наме
Арахецар
Жанр автобиографи
Автор Бабур
Дуьххьара зорба тоьхна XVI бӀешо
Бабур-намен чуьра сурт
Бабур-намен чуьра сурт

«Ба́бур-на́ме» (чагат. بابر نامہ; «Бабуран жайна» йа «Бабура дӀайаздинарг») — Тимаран тӀаьхьенах волу, Сийлахь Моголийн импери коьллина ЗахӀир ад-дина Мухьаммад Бабуран дагалецамаш (14831530). Йаздина оцу заманахь «тюрки́» олучу чагатайн маттахь; цу чохь нисло фарси меттара цхьацца фразаш, байташ.

«Бабур-наме» цӀе йаьржина хиларна, ша автор шен кхолламанна «Вакъа́иӀ» (Ӏаьр. وقائع‎‎, waqā'iʿ «Хиламаш») тилла дагахь вара, ткъа тӀаьхьабогӀу Империн урхалчаша элира цунах «Wāqiʿāt-i Bāburī — Цуьнан Сийлалло, туьрки маттахь йаздина жайна [1]. Иранан матте йаьккхина Бабур-наме йукъайолу тӀаьхьа гочйина автобиографи оригиналан чагатайн меттара, оцу хенахь шуьйра даьржинчу ламастаца, гӀажарийн мате йаьккхина.

Дийцар долало 12 шо кхаьчна Бабур Ферганехь паччахь хӀоттарца. Шегара Бабура сурт хӀоттадо хьалхара гӀулчийн а, аьттонаш бохарх а, царна йукъахь Самарканд йар а. Шен 23 шо долалуш Бабур Ферганера араваьлла къилбехьа воьду. Иза хьоьжура Хорасане кхалха варианте. Йуьхьанца цуьнца 200 тӀемло бен вацара. Иза сецца меттиг Гиссар йара, цул тӀаьхьа, 1504 шарахь иза Кундузехула Къабуле вахара. ХӀунда аьлча меттигера урхалчо Мукъима Къабул тӀом ца беш дӀайелла дера, цунна бакъо йеллера да волчу Кандагаре дӀаваха. Къабулехь охьахиина, Бабура шен агӀончашна латтанаш дийкъира Газнихь, Кунарехь, Нангархарехь. Хьалхарчу шерашкахь дуьйна Бабур Ӏоттавелира хазарейхойн гӀаттамашца малхбузехь, овхӀанийн малхбалехь. Геннара мостагӀалла долучу Мухьаммад Шейбанин аьттунаша, 1507 шарахь дийзийтира Бабуран Нангархархула ХӀиндостане ваха. Амма кхерам дӀабаьлча Мухьаммад Шейбани дӀавахара Кандагар бухара, ткъа Бабур йухавирзира Къабуле, цигахь 1508 шеран бӀаьста цунна кӀант Хумаюн вира.

1508 – 1519 шерашкара Бабурах лаьцна хаамаш «Бабур-намехь» бац, иза доьзна йа авторан сацамах йа и да́къа да́рах йа тӀаьхьарчу шерашкахь ша хӀаллака дарх.

1525 шо чекхдолуш Бабур 12 эзар эскаран коьртехь тӀелата волавелира ХӀиндостанан, Къабул эркца охьа. ХӀиндах даьлла, цуьнан эскар кхечира Сиалкоте. Оцу тӀелатарехь уггаре боккха толам баьккхина тӀом хилира Панипатан тӀом меттигера ИбрахӀим султанан дуьхьала. 1526 шеран майхь Бабур вара Агрехь, цигахь ийцира гӀарадаьлла алмаз, ваха хиира ИбрахӀим султанан гӀалин чохь.

Бабур шен мемуарашкахь дуьхьала хӀутту эсала, цхьа, бахамехь атта стаг санна, оццу хенахь Бабура шен дийцарехь ша гойту уггаре Ӏовдалчу кепара[2].

Бабур хила лакхара дешна Йуккъера Азин оьздангалла йолу стаг. Цуьнан йозанаша гойту цунна ша хиллачу мехкашкара истори, хӀусаман бахам, флора, фауна хаа лаар, церан йоккха историн а, литературин а мехалла йу.

Гоччамаш а, арахецарш а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

«Бабуран тептарш» Сийлахь Моголийн муьрехь дуьйна императорийн улле дехкина жайнаш хилира, гочдира фарси мате, хаза суьрташ дохкура уггаре дика хӀиндин миниатюрин говзанчаша.

Акбар I Сийлахьволчо, Бабуран кӀентан кӀанта, омар делира кхоллам гӀажарийн матте даккха аьлла, дуккха а миниатюрашца суьрташ дахка аьлла.

Кхоллам европин оьздангаллехь гӀарабелира XVIII бӀешарахь. Хьалхара цхьацца дакъошкара «Бабур-намен» гоччам бира Голландехь 1705 шарахь Витсена. Россехь «Бабур-наме» дуьххьара зорбатоьхна И. Ильминскийс 1857 шарахь, Пилат Тимура 1714 шарахь Бухарехь эцначу испискица.

Оьрсийн маттахь

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Dale, Stephen Frederic. The garden of the eight paradises: Babur and the culture of Empire in Central Asia, Afghanistan and India (1483-1530). — Leiden, Boston: Koninklijke Brill NV, 2004. — С. 23. — ISBN 90-04-13707-6.
  2. Беренстен, Вали. Империя Великих Моголов. — Москва: АСТ:Астрель, 2005. — С. 23. — ISBN 5-17-031032-3.