Бабарико Виктор
| Бабарико Виктор | |
|---|---|
| белорус. Віктар Дзмітрыевіч Бабарыка | |
| | |
| Вина терахь | 1963 шеран 9 ноябрь (62 шо) |
| Вина меттиг | |
| Пачхьалкх | |
| ГӀуллакхан тайпа | йукъараллин, политикин гӀуллаккхо, политик |
| Бераш | Эдуард Викторович Бабарико[вд] |
| СовгӀаташ | |
| Куьг таӀор |
|
| Сайт | babariko.vision (оьрс.) |
Бабариков Виктор Дмитриевич (белор. Віктар Дзмітрыевіч Бабарыка; вина 1963-чу шеран лахьанан (ноябран) 9-чу дийнахь, Минскехь) — белорусийн банкир а, йукъараллин, политикин гӀуллакххо ву. 2020-чу шарахь Беларусь Республикин Президентан харжамашкахь кандидат вара. Бабарико Виктор- политикин тутмакх, меценат ву.
2021-чу шеран мангалан (июлан) 6-чохь Беларусь Республикин Лакхарчу Кхело иза бехкевина баккхийчу барамашкахь кхаьънаш эцарна, 15 шарна чувоьллина.
Доьзал
[бӀаьра нисйан | нисйан]ЦӀийннана Марина — «Шанс» цӀе йолчу фондан Ӏуналлин кхеташонан куьйгалхо йара, йелла Мадейрехь 2017-чу шеран хьаьттан (августан) 15-чохь, дайвинг йечу хенахь[1]. Бераш:
КӀант Эдуард (вина 1990-чу шеран кхолламан (январан) 22-чохь), бизнесмен, «Улей» краудфандинган майданан кхоллархо,
ЙоӀ Мария, Австралехь Ӏаш ю[2].