Аьчкапхьар

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Аьчкапхьар болх беш

А́ьчкапхьа́р — довха металл кечдо пхьар.

Аькапхьеран говзалла[нисйе бӀаьра | нисйе]

Аьчкапхьеран белхан коьрта гӀирс — металлаш: эчиг (болам), ткъа кхин а цӀеста а, цуьнан лаламаш (борза…), даша, мехала металлаш. Аьчкапхьеран говзаллин йукъадоьду: паргӀата тусар, аьчкапхьеран тӀелатор, лалор, цӀестаца хӀума латор, йовхонца металл тодар, кхин дӀа а.

Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ЦӀестан бӀешо[нисйе бӀаьра | нисйе]

Адамаша карадерзийна хьалхара металлаш дара деши, дети, цӀеста, цуьнан лаламаш. Иза доьзна дара и металлаш бӀелиг кепара хиларх, химин агӀора чӀогӀа хиларх, шийлачу хьолехь уьш кечдан атта хиларх. ЦӀеста атта лаларо, цунах адамо лало дуьххьарлера металл дира. Карийна шира цӀестин гӀирсийн терахь хӀоттийна вайн эрал VII эзар шо хьалха аьлла. Уьш кечлуш ухку хазаллаш йара бӀелиган цӀестах йина (туьтиш, чӀепа экъанех йина турбанаш.). Цул тӀаьхьа йукъадолу металлургин цӀеста а, цӀестан кхечу металлашца лаламаш а (хӀоттаме ца хьоьжуш, историкаша борза олу). Нисса лаламаш (мышьякан, гӀелин, кхин а борзанаш), уьш чӀогӀа хиларна а, даа атта ца даларна а, технологин металл санна хьалхара меттиге хӀоьттира (белхан гӀирсан материал). Уьш хилира кхоллалучу лаламийн металлургин бух.

ЦӀеста тӀехула долу маьӀданан меттигаш дукха йац. Шира дуьне кхиарна ладаме йолу цӀеста доккху меттигаш йара Жима Азехь, цигара бахархоша дуьххьала карайерзийра цӀеста даккхаран а, лалоран а говзалла. Иштта, цӀестан маьӀда кӀезиг долу Мисара, иза чудохьура Синайн ахгӀайрен тӀера. Шира мисархоша цӀеста билгалдоккхура «анх» иероглифца, цуо билгалдоккхура гуттаренна дахар, Венера планета, стен хӀума. ЦӀестан желтойн цӀе «халькос» йу, иза тиллина Эвбей гӀайренан коьртачу гӀалин цӀарах, оцу гӀайрен тӀехь дара цӀестан маьӀданаш, цигара шира желтойш доккхура цӀеста. Руман, цул тӀаьхьа латинан металлан цӀе «купрум» схьадолу Кипр гӀайренан латинан цӀарах (шен рогӀехь, иза схьадолу ассирийн «кипар» = цӀеста). Коьртаниг гӀайренан тӀехь цӀеста доккхура, арадоккхура гӀорзанашкахь, бугӀан некъан кепара. Гергахь долчу мехкашка, масала Шема, арадоккхура маьӀда. Цунах лаьцна дуьйцу Рас-Шамрехь карийначу маьӀдано (схьадалар чӀагӀдо анализаша).

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]