ГаланчӀожан диалект

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Аьккхийн-орстхойн мотт тӀера хьажжина кхуза)
ГаланчӀожан диалект
Таксон диалектологи
Статус бовшболу
Ареал РФ (ГӀалгӀайн а, Нохчийн а республикаш)
Дукхалла 250.000-300.000 ст. кӀезга
Классификаци
Категори Евразин меттанаш

Къилбаседа Кавказан доьзал (массара къобал ца до)

Нах-дегӀастанан доьзал
Нах га
Вайнехан тоба
Нохчийн мотт
ХӀоттам
Меттанийн тобан кодаш
ISO 639-2
ISO 639-5

ГаланчӀо́жан диалект (галайн-чIожан диалект) — нохчийн меттан диалект. Диалект лелориш йуккъера бӀаьшерашкара схьа бу аьккхий, Ӏовхой, КистӀий, маьлхий, нашхой, орстхой, тӀерлой, ялхорой[~ 1]. Таханалерачу дийнахь диалект лелочеран дукхахадолу дакъа дӀа а ца къасталушйолу этнически компонент йу гӀалгашна, а иштта нохчашна а йукъахь.

Йаржаран истори[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГаланчӀожан диалект лелочеран Даймохк бара ломан Нохчийчоь а, ГӀалгӀайчоь а (мехкаш Лам-Аьккха, Маьлхиста, Нашха, Орстхой-Мохк кхин берш а), ткъа иштта Ӏовх ДегӀастанера. XIX бӀаьшерашкахь Кавказан тӀамехь галанчӀожан диалект лелочеран доккхахадолу дакъа халлакадинера, ткъа тӀом чекъбаьлчи бисинчарах доккхахадолу дакъано дӀатесира шайн дайбаьхна кӀошташ ХӀункара махка а, кхечу мехкашка а дӀакхелхина, диалект лелоран цигахь хилла истори йевзаш йац (дуккха а эмигранташ бухабирзира Росси XIX бӀаьшеран 70-гӀачу шерашкахь). XX бӀаьшерашкахь, кхечу вайнахашца цхьаьна, галанчӀожан диалект лелочара интеграци хилира социалистийн йукъаралле ССРС, депортаци а йира Кхазакхстане (1944 ш., «Хьозийн кхоьш» цӀе йолу операци). 1957 шарахь дукхаха болу вайнехан бахархой цӀабирзира Даймахка, ткъа алссам галанчӀожан диалет лелочеран аьтту ца хилира шайн ломан кӀошташка охьаховша, хӀунда аьлчи уьш бахархошна къевлина хилира баха ховша. Иза бахьанехь диалект лелочеран доккхаха долу дакъа ломан кӀажошкара ийна йарташка охьахевшира, цхацца халонаш хилира ДегӀастане йухабоьрзучеран а. Тахана галанчӀожан диалект лелориш охьаховшийна Нохчийчоьнан, ГӀалгӀайчоьнан, ДегӀастанан тайп-тайпана кӀошташкахь, ткъа кисташ — Гуьржехьарчу Панкисин Ӏинехь, диалект лелоран хаамаш чӀогӀа кӀезга бу.

Классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГӀалгӀайн маттан йукъахь. Ломан Нохчийчоьнан а, ГӀалгӀайчоьнан а гергара диалектийн тобанаш Ӏаморан хьалхарчу муьрехь талламчаша цхьанатуьйхира уьш «галанчӀожан диалект» цӀе туьллуш, гӀалгӀайн меттана йукъа классификации йеш. Дуьххьара гӀарайаьккхина и ойла шен «ГӀалгӀайн оьздангалин хьалхера (Из культурного прошлого ингушей)» цӀе йолчу балхатӀехь (1930) российн а, советийн моттӀаморхочо, кавказӀаморхочо, историко, этнографо, фил.1.д., профессоро А. Н. Генкос[1]. ГаланчӀожан диалектан иштта йолу классификаци лелайора советийн лингвист-кавказӀаморхочо, фонолого, социолингвисто, фил.1.д., профессоро Н. Ф. Яковлевс, шен талламаш «Кавказан меттанаш а, къаьмнаш а (Языки и народы Кавказа)» (1930) цӀе йолчу балхатӀехь зорбатоьхна волчу[2].

Нохчийн маттан йукъахь. Нохчийн советийн а, российн а кавказӀаморхо, фил.1.д., профессор, сийлахь академик НР ӀА Ю. Д. Дешериевс шен «Нах меттанийн дустаран-историн грамматика…» (1963) цӀе йолчу балхатӀехь дуьххьара гӀарайаьккхира галанчӀожан диалект гӀалгӀайн хиларах йолу шеко, цо иза нохчийн маттана йукъахь классификаци йира[3]. Цунна тӀеххье галанчӀожан диалект нохчийн маттана йукъахь классификаци йан буьйлабелира кхин талламчаш а: И. А. Арсаханов (1969)[4], Д. С. Имнайшвили (1977)[5], Т. И. Дешериева (1998)[6].

Йуккъера меттиг. Ю. Д. Дешериевс галанчӀожан диалект нохчийн маттара йу бахахь а, цо хила тардолийтара оцу диалектан нохчийн а, гӀалгӀайн меттанашна йуккъера меттиг: «Исторехь аьккийн а, галанчӀожан а диалекташ йуккъера меттиг латтайора акъарера нохчийн а, гӀалгӀайн а диалекташна йукъахь. Цуьндела аьккхийн а, галанчӀожан а диалектехь меттан хоттамаш бу, нохчийн, — цхьана агӀора, — гӀалгӀай вукха агӀора»[7]. Оцу хьокъехь болчу таханлерачу цхьана «Кавказан меттанийн атлас» (2006) цӀе йолчу балхатӀехь российн лингвистан, Р1А МоттӀаморан институтан лакхара Ӏилм.белх. Ю. Б. Коряковс, галанчӀожан диалектах «галанчӀожан диалект» олу, иза нохчийн а, гӀалгӀайн а йуккъерчу мете а хоттайо[8].

ХӀоттам[нисйе бӀаьра | нисйе]


Ю. Б. Коряковн балхатӀехь
2006 г.[8]

Т. И. Дешериеван балхатӀехь
1998 г.[6]

Д. С. Имнайшвилин балхатӀехь
1977 г.[5]

И. А. Арсахановн балхатӀехь
1969 г.[4]

Ю. Д. Дешериевн балхатӀехь
1963 г.[9]
галанчӀожан диалект галанчӀожан диалект
  • аьккхийн лиер
  • маьлхийн лиер
  • нашхойн лиер
  • аьккхийн лиер
  • маьлхийн лиер
  • нашхойн лиер
  • ялхоройн лиер
  • аьккхийн лиер
  • маьлхийн лиер
  • нашхойн лиер
  • тӀерлойн лиер
  • аьккхийн лиер долу нах дукхахберш беха Нохчийчуьра ТӀехьа-Мартан кӀоштахь.
  • нашхойн лиер долу нах нашхой бу. И диалект лелошберш, дукхахаберш Нохчийчоьнан Хьалха-Мартанан кӀоштехь беха.
  • тӀерлойн лиер — Арсахановс дийцарехь, 1944 шо кхачале гулахь дара Ошнехь, НикӀарехь, Барайхь; хӀинца тӀерлой акъарехь беха.
  • маьлхийн лиер — Арсахановс дийцарехь, тахана беха Бумтахь, Аьрштахь, Мешехь кхин дӀа а.
  • орстхойн лиер долу нах тахана гулахь беха ТӀехьа-МартантӀехь, Хьалха-МартантӀехь, Шалажехь, Гихтахь, Гихчохь, Рошничохь, Бумтахь, Янди-кӀотарахь, кхин дӀа а.
  • Ӏовхойн лиер (Ӏвхойн лиер, декъало овхойн, бамматюртан а, пхьарчхойн а лиеран) — ДегӀастанехь.
  • кистӀийн лиер — Гуьржийчохь Панкисин Ӏинехь (гӀиллакх а хилла хьоьжу нохчийн шалаьтташ долчу диалекте санна).

Диалетийн лиеран цхьатерра аматаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

ГаланчӀожан диалектийн лиераш къаьстина башхаллаш йолуш ду, амма шайолу диалектин специфика билгалйоккхуш цхьанатоьхна йу цхьайолу цхьатерра аматаш. Лам аьккхийн, маьлхийн, нашхойн диалектийн цхьайолу тера аматаш йу[6]:

  1. ХӀинцца дӀайаханачу хенан кеп цахилар.
  2. Нохчийн литературин баха дешан меттана йаха дош лелор.
  3. Мие дакъа лелор бие меттана.
  4. Ӏо- дешахьалхе лелор охьа- меттана (Ӏоха, нохчийн литературин моттахь: охьахаа); меттигерчу V серин дожарах даьлла -гӀола лелор -хула меттана; суффикс -вар/-верг лелор -ниг меттана (воккхавар/воккхаверг, литературин маттахь: воккханиг).
  5. Дош долалуш ст цахилар (саг, нохчийн литературин маттахь: стаг; уст, литературин маттахь: сту; сокха, нохчийн литературин маттахь: стокха).
  6. Лург дожарехь -шта аффикс лелор нохчийн литературин маттахь -шна меттана

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

Комментареш
  1. Вайнаха, скъилбаседакавказан кхин къаьмнаш санна, хала а йолуш даиман цхьанакепара а йоцуш йолу цӀерийн система лелайора шайн йукъахь йолчу цхьанакхетараллийн кепийн, дукха хьолахь цхьа могӀа терминаш а далош — тукхумаш/шахьараш, тайпанаш, гараш, некъи, цӀа, доьзалаш кхин а. кавказӀаморехь, йаккхийчу цхьанакхетараллийн тобанашна, «паргӀата йукъаралла» цӀе йоккха йа «йукъаралла» олу.
Схьадаьлла меттиг

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Арсаханов И. А. Галанчожский диалект // Чеченская диалектология / Под ред. З. А. Гавришевской. — Чечено-Ингушский НИИ истории, языка, литературы и экономики. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное изд-во, 1969. — 211 с. — 600 экз.
  • Генко А. Н. Из культурного прошлого ингушей // Записки коллегии востоковедов при Азиатском музее АН СССР. — Л., 1930. — Т. V.
  • Дешериев Ю. Д. Сравнительно-историческая грамматика нахских языков и проблемы происхождения и исторического развития горских кавказских народов. — АН СССР. Институт языкознания. Чечено-Ингушский НИИ истории, языка и литературы. — Грозный: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1963. — 556 с. — 600 экз.
  • Дешериева Т. И. Чеченский язык // Языки мира. Кавказские языки / Председатель главн. ред. коллегии В. Н. Ярцева. — РАН. Институт языкознания. — М.: «Academia», 1998. — 480 с. — ISBN 5-87444-079-8.
  • Имнайшвили Д. С. Историко-сравнительный анализ фонетики нахских языков / Ред. А. С. Чикобава. — АН Грузинской ССР. Институт языкознания. — Тбилиси: «Мецниереба», 1977. — 300 с. — 1000 экз.
  • Коряков Ю. Б. Северокавказская семья // Атлас кавказских языков (с приложением полного реестра языков). — РАН. Ин-т языкознания. — М.: «Пилигрим», 2006. — 76 с. — ISBN 5-9900772-1-1.
  • Яковлев Н. Ф. Языки и народы Кавказа. — М., 1930.

Хьежориш[нисйе бӀаьра | нисйе]