Ачичаев, Алым Адамович

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Алым Адамович Ачичаев
Replace this image male.svg
Шех лаьцна
Гражданалла

ССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРСРоссиFlag of Russia.svg Росси

Вина терахь

1949 шеран 17 май({{padleft:1949|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:17|2|0}}) (69 шо)

Вина меттиг

Казахийн ССР, СССР

Спортан карьера

1970-1979

Говзалла

Еза атлетика

Тренераш
  • Паша Баштаров
  • Александр Дмитриевич Алексеенко
  • Рудольф Плюкфельдер
Йозалла

100 кг

Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Алым
Image-silk.png Адамович
Image-silk.png Ачичаев

Алы́м Ада́мович Ачича́ев (1949 шеран 17 май, Казахийн ССР, СССР) — нохчийн штангист, 19751977 шерашкахь СССР чемпион, СССР Кубок яккхинарг (1975 шо), СССР халкъашна юккъера классан спортан говзанча, СССР еза атлетикан чемпион хилла хьалхара нохчий.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Вина Казахстанехь 1949 шеран 17 маехь. Цуьнан да вара математикан хьехархо. Иза велира машен тӀетоьхна 1963 шарахь. Алыман доьзалехь воккха стаг ша висарна дийзира шел кеги болу шина вешах а, шина йишах а дола шен тӀелаца.

Иза ша волавелира спорт лелаян. Шен доттагӀаца иза Ӏаьржа йолушшехь хьала а гӀоттий уьдура, турникан тӀехь кхийзалора, еза хӀумнаш уьйура, латаран секци оьхура.

1967 шарахь иза арме дӀавигира Благовещенске. Цигара ваьлча иза Хабаровскан хинкеманаш деш йолу заводехь болх беш вара. Хабаровскехь иза еза атлетика Ӏамо волавелира. Цьунан хьалхара тренера вара Александр Дмитриевич Алексеенко. Шен тренировкаш дика хилитархьам иза еза атлетикан зал йолу «Амуркабель» заводе балха вахар[1]. Тренировкаш ян волавелчула тӀехь цхьа шо даьлча иза хилира Хабаровски крайн чемпион. 1972 шарахь цо СССР спортан говзанчан норматив кхочуш йира.

1973 шарахь Шахты гӀалахь хилла Российн чемпионатехь цуьнан цхьа а гӀортар дика а ца хилла цуьнан яхьаллонера юкъара дӀавала дийзира. Яхьаллонаш чекхъялча цунна тӀе веара Рудольф Плюкфельдер. Цо кхайкира Ачичаев ша волчахь тренировкаш ян. Ачичаев реза а хилла Шахты гӀала вахара.

1974 шарахь СССР чемпионатехь цо 335 кг (150+185) хьала а айбина 7-гӀа меттиг яккхира. Цуьл тӀаьхьа цо масийтта йоккха турнирехь толам беккхира, масала, ВЦСПС а, ЦС «Труд» а яхьаллонаш. 1975 шеран 28 апрелехь Балашихехь хилла йолу VI аьхкенан Российн халкъийн Спартакиадехь иза туьйлира 365 кг (160 + 205) хьала а айбина[1].

1975 шеран 15 декабрехь Челябинскехь цо яккхира СССР Кубок 100 кг кхаччалц йолу категорехь 370 кг сумма а йолуш. Иштта иза СССР чемпион хилира толчок яш 207,5 кг хьалаайбина.

1976 шеран 15 маехь Карагандахь хилла йолу СССР чемпионатехь цо толам беккхира рывок яш а (172,5 кг) двоеборьехь а (380 кг). Цул совнах, цо СССР халкъашна юккъера даржан спортан говзанчан норматив кхочуш йира.

Ачичаев тоьллачул тӀаьхьа цун тӀе веара Плюкфельдер а, ЦСКА тренер Стогов а. «Хьо бахьнехь со туьйлира цуьнца болу къовсамехь», — воьлуш, элира Плюкфелдерс. Шахташкахь йолу чемпионатехь Плюкфельдеран а, Стогован а къовсам хиллера. Стоговс бахара, Плюкфельдерс шена уггар тоьлла спортхой дӀабуьгу. Царех чемпион ван хала дац. ГӀийла спортсменах чемпион ван ду хала. Плюкфельдерс дош делира муьлха а спортсменах чемпион ван. Оцу минотехь Стогован бӀаьрг кхийтира «чӀуьрг» яккхина Ачичаевах[1].

1976 шарахь Монреалехь хила еза йолу Олимпиадан программехь 100 кг йозаллин категори яцар, цундела Ачичаеван Олимпиадехь дакъа лацар ца нисделира.

1976 шеран 13 декабрехь Первоуральскехь хилира СССР Кубок а, чемпионат а. Ачичаевс толам беккхира 172,5 кг рывок а йина. Иштта цо толам беккхира Карагандахь хилла дуьненан чемпионатан харжаман турнирехь, 2-гӀа меттиг яккхина волу Владимир Козловал 15 кг сов айбина[1].

Плюкфельдерца юкъаметтиг телхира. Ачичаев Днепродзержинске дӀавахара. Цо шен хьалхара тренер Александр Алексеенко Хабаровскера ша волчу дӀавигира. Керла меттехь Алексеенкон карийра цӀа а, болх а, зуда а[1].

1977 шеран 18 декабрехь СССР Кубкехь а, чемпионатехь Ачичаевс хьалхара меттиг яккхира 172,5 кг рывок а йина. 1978 шарахь Киевехь хилла чемпионатехь цо 2-гӀа меттиг яккхира. 1979 шарахь шен тӀаьххьара яхьаллонашкахь Киевехь цо айбира 405 кг (177,5 + 227,5). Цул тӀаьхьа цо спорт а йитира, тренеран болх бан волавелира[1].

1986 шарахь иза цӀа вирзира. Цо ДЮСШ тренер болх бира, дукха штангисташ кеч а бира. Царна юкъахь бара гӀарбоьвлла штангисташ, масала, Умар Эдельханов[1].

Кхиамаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • 1975 шарахь СССР Кубока яккхинарг (370 кг);
  • Толчок яш СССР чемпион 1975 шарахь (207,5 кг);
  • СССР чемпион 1976 шарахь рывок яш а (172,5 кг), суммехь а (172,5+207,5=380);
  • Рывок яш СССР чемпион 1977 шарахь (172,5 кг);
  • 1978 шарахь СССР чемпионатехь суммехь дато медаль (172,5+210=382,5);

Доьзалла[нисъе | нисъе чухулара]

Ачичаеван вежарий Ахьмад а, Мохьмад а и волче Украине дӀабахара. Цара шайн воккха ваша волчехь тренировкаш йолайира. Царех а дика штангисташ хилира.

Ахьмад вара 100 кг кхаччалц ойлу категорехь. Цо йиъ юниорийн дуьненан рекорд хӀоттира, СССР чемпионатехь толам беккхира, Европан а, дуьненан а чемпионаташкахь дато Мидалш яккхира, СССР халкъашна юккъера даржан спортан говзанчан норматив кхочуш йира. 1985 шарахь Волгоградехь цо СССР чемпионатехь толам беккхира 390 кг айбина (175 + 215). 1986 шарахь Львовехь 110 кг кхаччалц категорехь цо толам беккхира СА а, ВМФ а чемпионатехь 432,5 кг айбина (192,5 + 240).

Мохьмадас тренировкашкахь халкъашна юккъера спортан говзанчан норматив кхочуш йора. Амма тренировкехь иза лазавар бахьнехь цуьнан спорт йита дийзира.

Хаза хилларш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Польшехь хилла турнирехь Ачичаеван делира совгӀта массарелла а самукъане штангист ву аьлла.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]