Ахьмад-Юрт

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эвла
Хуоси-Юрт
Центорой
Хоси-Юрт.jpg
Пачхьалкх Росси
Регион Нохчийчоь
КIошт Курчалойн кӀошт
Юьртан меттиг Ахьмад-Юьртан
Координаташ 43°13′21″ къ. ш. 46°15′19″ м. д.HGЯO
Йиллина 1859 шо
Дуьххьара хьахор 1859 шо
Хьалхара цӀерш Красноармейск, 2019 шо кхаччалц Хоси-Юрт
Эвла ю 1859 шо
ХӀордан сизал локхалла 862[1] м
Бахархой #Н/Д[2] стаг ([[#Н/Д[3] шо|#Н/Д[3]]])
Къаьмнийн хӀоттам нохчий
Динан хӀоттам бусалба-суннийш
Бахархойн цӀерш хосаюьртахо, хосаюьртахой
Сахьтан аса UTC+3
Телефонан код 87155[1]
Поштан индекс 366318
ОКАТО 96 212 840 001
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Хуоси-Юрт
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Хуоси-Юрт
Хуоси-Юрт картан тӀехь
Хуоси-Юрт

Ахьмад-Юрт[4] я Хоси-ЮьртНохчийчоьнан Курчалойн кӀоштан эвла ю.

Иза ю Ахьмад-Юьртан юьртан меттиган административан центр[5].

Истори[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хуосийн-Юьрт йиллина волу Хуоса ша цӀонтаро а, Ӏальбиг-горах а, Ойсхар йиллийна болучу цӀонтаройн тӀехьенах а, цӀера оцу Ойсхарара а хилла. 1840 шарахь массо нохчаша Росси-паччхьалкхан дуьхьал гӀаттам бина Шемал куьгаллехь волуш. Оцу хенахь Шемалан Мичкан виллайатехь наиб хилла волчу цӀонтаройн Мухьаммад-хьаьжийн кӀанта ШуӀайба биначу кхайкхамна жоп луш ГӀачалкхан рагӀан къилбседехьа йолучу ярташкахь бехаш болу нохчий дуккхах берш шайн ярташ Ӏад йуьтуш ГӀачалкхан регӀах бовле, Мичкаца йолучу ярташка баха охьа ховшу. Царех цхьаъ ву Ӏумхан кӀант Хуоса а. Иза Оки-Юьртахь ваха сецна. Цигара гергарчу хенашца дийцича 1841—1842 шершкахь Хуоса Оки-Юьртара Пхьоне хин Ӏинчохь кӀотар йуьллий ваха хуу.

Нохчийнчоь паччахьан эскаро дӀалаьцначул тӀехьа, Шемал Россей Ӏедал кара вахале массех бутт хьалха, паччахьан Ӏедалан векалша пурба а лой, гонахьар кӀотаршкара бахархой а, БӀачи-Юьртара а, Оки-Юьртара цӀонтарой тӀе а кхойкхе Мичкан уллохь юьрт йуьллу Хуосас. Юьрт йиллийна чул тӀеха 18 шарахь юьрт-да лаьттина иза. Хуосийн цӀийнан, тӀехьенах, пхиъ фамилий ю-Адалаевхар, Бачаловхар, Пашаевхар, Тамаговхар, Хосаевхар.

1944 шеран 23 февралехь коммунистийн Ӏедало нохчий а, гӀалгӀай а махкахбахар а, ишта Нохч-ГӀалгӀайн АССР дӀаяккхар а бахьана долуш, эвлан цӀе Красноармейск аьлла хийцина. Эвла бахкина Дагестанера акхшой (даьргӀой). 1957 шеран 9 январехь Нохч-ГӀалгӀайн АССР меттахӀоттийна[6] ишта меттахӀоттийна эвлан хьалхалера цӀе а. Коммунистийн харца Ӏедало баха охьахийшина болу суьйлийн дезна шаьш схьа баьхканча юха баха.

Бахархой[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Н/Д[7]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Село Центорой / Чечня / Справка / СКФО (Северо-Кавказский федеральный округ)
  2. Ахмат-Юрт > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
  3. Ахмат-Юрт > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник
  4. https://meduza.io/news/2019/08/29/rodnoe-selo-kadyrova-pereimenovali-v-ahmat-yurt
  5. Центороевская сельский округ (Юьртан меттиг)* Курчалоевский район
  6. Указ Президиума ВС СССР от 09.01.1957
  7. Ахмат-Юрт > Данные не обнаружены. Возможно, страница переименовывалась. Проверьте справочник