Ахматова Анна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ахматова Анна
оьрс. Анна Андреевна Ахматова
Сурт
Бакъ цӀе оьрс. Анна Андреевна Горенко
ГӀуллакхан тайпа яздархо а, гочдархо а, литературхо а, критик а, поэтесса а
Йина терахь 11 (23) июнь 1889 шеран[1][2]
Йина меттиг
Кхелхина терахь 1966 шеран 5 март({{padleft:1966|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})[3][4][5][…] (76 шо)
Кхелхина меттиг
Да Горенко, Андрей Антонович[d]
Нана Инна Эразмовна Стогова[d]
Commons-logo.svg Ахматова Анна Викилармехь

Ахматова Анна Андреевна (йоӀ йолуш Горенко хилла Ахматова) — оьрсийн литературехь Дато оьмар олучу муьран поэтесса а, гочдархо а, литературхо а ю. XX-чу бӀешеран оьрсийн литературехь цуьнан кхолларалло доккха дакъа дӀалоцу. 1965-чу, 1966-чу шерашкахь Нобелан литературан совгӀат дала хьалхатеттира иза.

Пачхьалкхан меженаш таӀзарш дина цуьнан гергарчу нахан: вовшашца дӀасакъаьстинчул тӀаьхьа 1921-чу шарахь тоьпаш а йиттина вийра цуьнан хьалхара цӀийнда Гумилёв Николай. Кхузза лецира цуьнан кхоалгӀа майра Пунин Николай, 1953-чу шарахь лагерехь велира иза. Церан цхьаъ бен воцу кӀант Гумилёв Лев XX-чу бӀешеран 30-50-чу шерашкахь чувоьллина итт шо даьккхира.

«Къоман мостагӀий» бу аьлла нехан зударийн а, нанойн а гӀайгӀа гайтина цо шен «Реквием» цӀе йолу поэмехь. Иза цуьнан мехала йозанех цхьаъ ду.

Оьрсийн поэзин классик яра Ахматова. Ӏедало цуьнан кхолларалла тӀехь цензура латтийра. Цуьнан дукхах долу йозанаш Советийн Бертахь зорба ца тухура. Цул сов, кхелхинчул тӀаьхьа кхиъ ткъа шарахь ца магадора уьш зорба тоха. Делахь а, Ахматова даима лоруш яра шен даймахкахь а, дозанал арахьа а.

Хьостанаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Лесневский С. С. Ахматова // Краткая литературная энциклопедияМ.: Советская энциклопедия, 1962. — Т. 1.
  2. Roux P. d. Nouveau Dictionnaire des œuvres de tous les temps et tous les pays — 2 — Éditions Robert Laffont, 1994. — Vol. 1. — P. 32. — ISBN 978-2-221-06888-5
  3. 1 2 Немецкая национальная библиотека, Берлинская государственная библиотека, Баварская государственная библиотека и др. Record #118637584 // Общий нормативный контроль (GND) — 2012—2016.
  4. 1 2 Ахматова Анна Андреевна // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] / под ред. А. М. Прохорова — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  5. Bibliothèque nationale de France идентификатор BNF: платформа открытых данных — 2011.
  6. http://www.theguardian.com/books/2005/jul/31/biography.features
  7. http://russiapedia.rt.com/prominent-russians/literature/anna-akhmatova/
  8. http://www.britannica.com/EBchecked/topic/11577/Anna-Akhmatova