Чулацаман тӀегӀо

Ахматова, Раиса Солтамурдан йоӀ

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ахматова Раиса Солтамурдан йоӀ
Йина терахь 1928 шеран 30 декабрь({{padleft:1928|4|0}}-{{padleft:12|2|0}}-{{padleft:30|2|0}})[1]
Йина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Кхелхина терахь 1992 шеран 29 январь({{padleft:1992|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}) (63 шо)
Кхелхина меттиг Соьлжа-ГӀала, Нохчийн Республика, РСФСР, ССРС
Гражданалла ССРС ССРС
ГӀуллакхан тайпа поэт, публицист
СовгӀаташ
Халкъийн доттагӀаллин орденОрден «Сийлаллин Билгало»
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Ахматова Раиса Солтамурдан йоӀ (1928 шеран 13 декабрь, Соьлжа-ГӀала — 1992 шеран 29 январь) — нохчийн поэтесса, Нохчийн Республикин Халкъан поэтесса (1977), Нохч-ГӀалгӀайн АССР йаздархойн бертан председатель (19611983), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Советан председатель (19631985).

Раиса Ахматова йина 1928 шеран 13 декабрехь. 1943 шарахь цо чекхйаьккхира Соьлжа-ГӀалин хьехархойн доьшийла. Нохчий а, гӀалгӀай а цӀера баьхначу хенахь цо хьехархо болх бира. 1956 шарахь дуьйна иза йара журналист. 1958 шарахь иза деша йахара А. М. Горькийн цӀарах йолу литературин институтан лакхара литературин курсашка.

Цуьнан иттаннаш жайнаш арадевлла, йуха зорбане даьхна. Иза цхьаъ бен зуда йац "Нохч-ГӀалгӀайчоьнан халкъан поэтесса" цӀе йелла. Нохчийн литературехь дуьххьара цуьнан турпалхой йукъараллин дахарехь жигара дакъалоцуш йолу индивидуаш санна гайтина. «Уггаре дезаниг» циклехь («Эвхьазло» гулар), Ахматовас йаздо Даймахках, машарх, доттагӀаллех лаьцна. Цуьнан жайнаш арадевлла ССРС-н дуккха а къаьмнийн меттанашкахь, иштта гочйина хӀиндин, ингалсан, французийн, полякийн, немцойн меттанашка[2].

Раиса Ахматовас лоцура докха дакъа йукъараллин бахамехь. Иза йара Нохч-ГӀалгӀайн АССР йаздархойн бертан председатель (19611983), Нохч-ГӀалгӀайн АССР Лакхара Кхеташонан председатель (19631985), XXII ССКП гуламан депутат а, Дерригдуьненан герз дӀадаккхаран а, машаран конгрессан в декъашхо, Советийн машар Ӏалашбаран комитетан декъашхо[3]. Шен дахаран тӀаьххьара шерашкахь иза йара советийн оьздангаллин фондан республикин декъан куьйгалхо.

Цхьаболу талламхош боху цуьнан произведенийн йуьззина архив (600 папка сов) Хьалхара нохчийн тӀом болуш хӀаллакхилла[4].

Говзаллехь

[бӀаьра нисйан | нисйан]

1972 шарахь Бекичев Ивана диллира скульптурин сурт Ахматова Раисин[6].

2012 шарахь иза, цхьаьна могӀара Жумалаева Лулица, нохчийн поэзин векал санна Дерригдуьненан зударийн поэзин Антологин йукъа йахийтира[7]. ЧӀулга-Йуртара цхьаьна урамна йелла Раиса Ахматован цӀе.

Библиографи

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Нохчийн маттахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • «Хьоме республика». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1958.
  • «Нийсархошка». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1963
  • «Сан седа». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1967.
  • «Шовданан йистехь». Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1969.
  • Стихаш. Соьлжа-ГӀала, 1972.
  • «Дикалла». Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, 1973.
  • «Цхьаьнакхетар». Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн книгийн арахоьцийла, тираж 5 000, 1978.
  • «Суьйренан зӀаьнарш». Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн книгийн арахоьцийла, тираж 2 000, 1983.
  • Хаьржинарш. Стихаш, поэмаш. Соьлжа-ГӀала, 1987.
  • «Даган иллеш». Стихаш, поэмаш, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн полиграфин цхьанакхетар «Книга», тираж 3 000, 1991.

Оьрсийн маттахь

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • «Бей мне, ветер в лицо!» Стихи. Грозный, 1959.
  • «Иду к тебе». Стихи. М., 1960.
  • «Трудная любовь». Стихи. М., 1963.
  • «Откровение». Стихи. Грозный, 1964.
  • «Откровение». Стихи (2-е издание). Грозный, 1966.
  • «Лунной тропою». Стихи. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, тираж 10 000, 1968.
  • Избранная лирика. Грозный, 1970.
  • «Будьте счастливы». Стихи. М., 1972.
  • «Доброта». Стихи и поэмы. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, тираж 10 000, 1973.
  • «Медный листопад». Стихи и поэмы. М., 1974.
  • «Поющая чинара». Стихи и поэмы. М. 1976
  • «Перевал». Стихи и поэмы. 1977.
  • «Рассвет и горы». Стихи. Грозный, 1981
  • «Прикосновение». Стихи и поэмы. Грозный, Чечено-Ингушское книжное издательство, тираж 10 000, 1981.
  • «Разговор с сердцем». Стихи и поэмы. М., изд. «Детская литература», тираж 50 000, 1984.
  • «Ожидание». Стихи и поэмы. М., изд. «Советская Россия», тираж 10 000, 1988.
  • «Вдохновение». Стихи. Грозный, 1989.
  • Избранное. «Край любви». Стихи и поэмы. М., 2009.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Ахматова Раиса Солтамурадовна // Большая советская энциклопедия: [в 30 т.] — 3-е изд. — М.: Советская энциклопедия, 1969.
  2. Казаков А. И. (составитель). Город Грозный. Гр.: Чечено-Ингушское книжное издательство, 1984. — С. 155. — 190 с. 15 000 экз.
  3. «Я говорю от имени горянок…»(ТӀе цакхочу хьажорг)
  4. The Chechens. Amjad Jaimoukha, 2005. — ISBN 978-0-415-32328-4
  5. Источник. ТӀекхочу дата: 2024 шеран 1 октябрь. Архивйина 2024 шеран 1 октябрехь
  6. Бойцова, 2018, с. 92-93.
  7. grozny-inform.ru. Имена чеченских поэтесс Раисы Ахматовой и Лулы Куни вошли в Антологию Всемирной женской поэзии. archive.li (2012 шеран 23 ноябрь). ТӀекхочу дата: 2017 шеран 20 ноябрь. Кху чуьра архивйина оригиналан 2015 шеран 10 январехь

Литература

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  • Муса Гешаев. Знаменитые чеченцы. Грозный: Седа, 1999. — Т. 1. — С. 458-493. — 644 с. 2000 экз.
  • Литературный энциклопедический словарь, «Советская энциклопедия», М., 1987 г.
  • Бойцова Т. И. Изобразительное искусство Чеченской Республики / Хабарова М. В.. Гр.: АО Издательско-полиграфический комплекс «Грозненский рабочий», 2018. — С. 92—93. — 256 с. 500 экз. ISBN 978-5-4314-0326-2.
  • Юсупов Азим. Юбиляре. Ахматова Раисин 50 шо кхачарна = В честь 50-летия Раисы Ахматовой [стих.] / А. Юсупов // Ленинан некъ. — 1979. — 24 янв.
  • Чагаева Тамара. Литературно-географический атлас Чеченской Республики. — Нальчик: ООО Тетраграф, 2018. — С. 80—83. — 440 с. 5000 экз. ISBN 978-5-00066-153-6.