Ахмадов, Рамзан Аюбович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Рамзан Аюбович Ахмадов
ГӀуллакхан тайпа хьелхархо, хореограф
Вина терахь 1954 шеран 30 май({{padleft:1954|4|0}}-{{padleft:5|2|0}}-{{padleft:30|2|0}}) (69 шо)
Вина меттиг Коктал, Талды-Курганан область, Казахийн ССР, СССР
Гражданалла

ССРС СССР

 Росси
СовгӀаташ

РСФСР Хьакъдолу артист

Российн Федерацин Халкъан артист
Российн Федерацин Халкъан артист

Рамза́н Аю́бович Ахма́дов (1954 шеран 30 май, Коктал, Талды-Курганан область, Казахийн ССР) — хелхархо, хореограф, «Даймохк» ансамблан кхоллархо а, куьйгалхо а, Нохч-ГӀалгӀай АССР Халкъан артист, Российн Халкъан артист, Нохчийн Республикин культурин министран хьалхара когаметтаниг.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Рамзан Ахмадов вина 1954 шеран 30 майхь Кхазакхстанан Талды-Курганан областехь. 1957 шарахь иза цӀавирзира Хьалха-Марта. Шен юртехь цо № 7 йуккъера школа чекхйаьккхира. Доьшуш хенахь иза вара Докка Кагиров куьйгалхо волу хелхаран ансамблехь Ӏемаш.

19731975 шерашкахь иза вара армехь Германехь долу советан эскарехь (Лейпциг). Цигара цӀавирзича иза кхайкхира «Вайнах» ансамбле балха цу хенахь оцу ансамблин куьйгалхо волу Топа Хамитович Элимбаев.

Цо чекхйаьккхира Дон-тӀера-Ростовн халкъан бахаман институт.

СССР тоьлла артистийн табанийн йукъахь иза хилира СССР халкъийн культурин векал.

1995 шарахь иза хилира «Вайнах» ансамблин исбаьхьал куьйгалхо.

1998 шарахь иза деша волавелира Краснодаран культурин академин заочни декъехь.

1998 шарахь иза хилира Соьлжа-ГӀалин культурин урхаллан куьйгалхо. 1999 шарахь цо кхоьллира берийн эшеран а, хелхаран а ансамбль «Даймохк». Нохчийн Республикин сацамца 2003 шарахь иза хилира Пачхьалкхан ансамбль.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Нохч-ГӀалгӀай АССР Сийлахь артист (1982);
  • Нохч-ГӀалгӀай АССР Халкъан артист (1987);
  • РСФСР Сийлахь артист (1990);
  • Российн Халкъан артист (2009);
  • Нохчийн Республикин Сийлахь исбаьхьаллийн белхало (2009)[1];
  • Медаль «За заслуги перед Чеченской Республикой» (2009)[2];

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Указ Президента Чеченской Республики № 181 от 30.5.2009 «О присвоении звания „Заслуженный деятель искусств Чеченской Республики“ Ахмадову Р. А.». Вести Республики. 19 июня 2009, № 116
  2. Указ Президента Чеченской Республики № 181 от 30.5.2009 «О награждении медалью „За заслуги перед Чеченской Республикой“ Ахмадова Р. А.». Вести Республики. 19 июня 2009, № 116

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]