ОвхӀан мохк

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
(АфгIанистан дӀасахьажийна кхузе)
Дехьа гӀо: навигаци, Лахар


ОвхӀан мохк
пушту د افغانستان اسلامي جمهوریت
(Da Afġānistān Islāmī Jomhoriyat)
дари جمهوری اسلامی افغانستان
(Jomhuri-ye Eslāmi-ye Afġānestān)
Flag of Afghanistan.svg Emblem of Afghanistan.svg
Байракх Герб


Гимн: «Soroud-e Melli»noicon
Afghanistan on the globe (Afro-Eurasia centered).svg
Маьрша яьлла хан 19 август 1919 (Йоккха Британех)
Официалан меттанаш пушту, дари[1]
Коьрта гӀала Къабул
Яккхий гӀаланаш Къабул
Урхаллин тайпа Исламан республика [2]
Президент
Вице-президент
Вице-президент
Хьамид Карзай
Мохьаммад Фахим
Карим Халили
Пачхьалкхан дин ислам суннизм
Латта
• Массо
• % хина тӀехле.
41-гӀа дуьненахь
647 500 км²
кӀезиг.
Бахархой
• Мах хадор (2013)
Луьсталла

31 108 077[3][4] адам.
43,5 адам./км²
ДЧС
  • Дерриг (2008)
  • ХӀораннан а сина

21,39 млрд[5] $ (96-гӀ)
760[5] $
АДКМ (2013) 0,374 (лахара) (175-гl)
Ахча афгани (AFN, код 971)
Интернет-домен .af
Код ISO AF
Код МОК AFG
Телефонан код +93
Сахьтан асаш +4:30

Координаташ: 33°56′00″ къ. ш. 66°11′00″ м. д. / 33.93333° къ. ш. 66.18333° м. д. / 33.93333; 66.18333 (G) (O)

ОвхӀан мохк, АфгӀанистан (пушту افغانستان, дари افغانستان, Afġānestān), юьззина официальни цӀе — Исламан Республика ОвхӀан[2] (пушту د افغانستان اسلامي جمهوریت, дари جمهوری اسلامی افغانستان) — Юккъера Малхбалера пачхьалкх ю, пачхьалкхан хӀордан йист яц. ОвхӀан къен пачхьалкхех цхьаъ ю. 1978 шарахь дуьйна чуьра тӀом бу дӀабоьдуш. Бахархой, 2013 шеран дӀаязбаран жамӀашца, 31 миллион стаг ву, майда — 652 864 км².

Коьрта гӀала — Къабул. Пачхьалкхан меттанаш — пушту а, дари а.

Унитарни пачхьалкх, президентан республика. 2014 шеран 29 сентябряхь президентан дарж дӀалаьцна Ахьмадзай Ашраф ГӀанис.

Доза ду Иранца малхбузехь, Пакистанца — къилбехь а, малхбалехь а, Туркменица, Узбекистанца, Таджикистанца — къилбаседехь, Цийца — уггар а малхбален декъехь, ХӀиндица (нийса аьлчи ХӀиндис, Цийс, Пакистана къуьйсуш йолу Джамму а, Кашмир а) малхбалехь.

ОвхӀан ю Малхбалений, Малхбузений юккъахь, иза ю шира йохк-эцаран а, миграцин а юкъ. Къилба а, Юккъера а Азин юккъехь лаьтта цхьана агӀора, Гергара Малхбален вукха агӀора, оцуо аьтту боккха экономикан а, политикан а, оьздангаллин а регионан пачхьалкхашна юкъара гергарлонаш лелоран коьрта роль ловзо.

Этимологи[нисъе | нисъе чухулара]

ОвхӀан-пачхьалкх ОвхӀан-пачхьалкхан истори
ОвхӀан-пачхьалкхан эмблема

Гандхара: XVII бӀешо вайн эрил хьалха

Ахеменидаш: VI бӀешо вайн эрил хьалха

Селевкидаш: IV бӀешо вайн эрил хьалха

Греко-бактрийн
паччахьалла
: 250 вайн эрил хьалха — 125 вайн эрил хьалха

Кушанийн паччахьалла: I—V бӀешо

Эфталиташ: V бӀешо

Сасанидаш: VI бӀешо

Газневидаш: XI бӀешо

Саффаридаш: 861—1590 шераш

Гуридаш: 1148—1206 шераш

Сефевидаш: XIV бӀешо

Гильзейн: 1709—1737 шераш

Гераттйн

Къабулан

Кандагаран

Пешаваран

Хаттасан

Абдалийн

Дурранийн пачхьалкхан байракх Дурранийн
пачхьалкх
: 1747—1823 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Эмират
Афганистан
: 1823—1926 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Паччахьалла
Афганистан
: 1926—1973 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Республика
Афганистан
: 1973—1978 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Демократическая
Республика Афганистан
: 1978—1992 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Исламан Пачхьалкх
Афганистан
: 1992—2001 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Исламан Эмират
Афганистан
: 1996—2001 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Къилбаседа
Альянс
: 1996—2001 шераш

ОвхӀан-пачхьалкх Республика
Афганистан
: 2001 шо тӀера


Ков «ОвхӀан-пачхьалкх»

ЦӀе схьаялар[нисъе | нисъе чухулара]

«АфхӀан» гӀажарий дош ду, гочдича «вистцахилар» я «дистцахилар» хуьлу; тюркийн меттанашкахь Ауган (Афган) гочдо «дӀавахана», «къайлаваьлла» олий. Иза йоккхуш йолу арахьара къоман цӀе ю. Иштта цӀераш тохкуш хилла шайн лулара къаьмнашна хьалха, царна шайн мотт ца хуу дера. Иза иштта шолгӀа цӀе а ю пуштунийн — пачхьаьлкхера уггар а йоккха этнически тобан. Боккъал а ОвхӀанийн мохк тӀекхача хала бу, цхьацца бахьнашца лаьмнашка дӀабахна я дӀакхелхина долчу цигара къаьмнашна аьтту болуш а бу, иза бахьанехь тайп-тайпанчу Юккъерчу Азин даккхархойх шайн мохк паргӀата а битина.

«ОвхӀанаш» боху термин къоман цӀе санна лелош ю, лаххара а, исламан мур болабаллалц. Цхьа могӀа Ӏилманчаша дийцарехь, исторехь «овхӀанийн» боху дош хаало дуьххьара 982 шарахь; оцу хенахь и цӀе яккхара малхбуза дозанехь ХӀинд хица дехачу овхӀанийн тайп-тайпана къаьмнийн[6].

1333 шарахь Къабуле ваханчу мароккийн некъахочо Ибн Баттута яздо:

« «Тхо кхирстира Къабулехула, хьалха йоккха хилла йолчу, оцу меттехь хӀинца деха гӀажарийн тайпа, шайха овхӀанхой олуш долу».
Nancy Hatch Dupree - The Story of Kabul (Mongols)
»

«Иранике энциклопедехь»[7] дуьйцу: Этнологин агӀора, гӀажарийн маттахь «овхӀан» боху терминах пуштунаш олу. И термин яьржаш ю тӀехь-тӀехьа ОвхӀанан арахьа, хӀунда аьлчи пуштунийн тайпанийн уьйр тахана уггар а лараме ю оцу пачхьалкхехь, шен барамца а, политикан агӀо а.

Цул сов, цуо билгалдоккху: И этнически тоба «Avagānā» цӀарца дуьххьара хьахийна хӀиндера астронома Varāha Mihira VI-гӀа бӀешо долалуш бинчу «Brihat-samhita» балхехь.

И хаам тӀечӀагӀбеш бу пуштунийн литературехь, масала, XVII-гӀа бӀешеран пуштунийн маттахь яздеш хиллачу назманчин Хаттак Хушаль-ханан белхашкахь[8]:

« Ӏарбашна хаа иза, иза хаа румахошна: овхӀанаш пуштунаш бу, пуштунаш овхӀанаш бу! »

«ОвхӀан мохк» термин хьахийна шен дагалецамашкахь Бабур императора XVI бӀешарахь: оцу хенахь цу дашо билгалдохура Къабулан къилбехьа долу латтанаш, цигахь бехаш дукхаха берш пуштунаш а бу[9].

Иштта, 1808 шарахь ОвхӀанехь британийн дипломатийн мисси коьртехь хиллачу сэр Элфинстон Монстюарта, шен жайнехь «Account of the Kingdom of Cabul and its Dependencies in Persia and India» яздора, шеш овхӀанаш теша Бану Исраилан тайпанах хиларх, шайн юьхьиг Юсупан кхоалгӀачу кӀантах ОвхӀанах йолаяларх. Циггахь Эльфинстона яздо и теори бакъ ца хилар а, цуьнан делил ца хилар а.

XIX бӀешарахь и цӀе лелайора деккъа пуштунийн латтанаша, ткъа оццу хенахь пачхьалкх евзаш яра Къабулан пачхьалкх цӀарах[10]. Пачхьалкхан кхечу дакъошкахь историн цхьацца муьрашкахь яра йозуш йоцу пачхьалкхаш, масала, ХVIII бӀешо чекхдолуш XIX бӀешо долалуш хилла йолу Балхе Пачхьалкх[11].

ТӀеххьара, пачхьалкхан Ӏедал шордина, цхьана карадерзийна даьлчи, овхӀанийн куьйгалхоша тӀеийцира «ОвхӀанистан» шайн пачхьалкхана. «ОвхӀанистан» шайолу пачхьалкхан цӀе санна хьахийна 1857 шарахь Энгельс Фридриха[12], цунах официальни цӀе хилира, 1919 шарахь Йоккхабританех паргӀатъяьллачул тӀехьа пачхьалкх дуьненан юкъараллаша къобалйича, и цӀе чӀагӀйира 1923 шеран ОвхӀанийн Конституци тӀехь[13].

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: ОвхӀанан географи
ОвхӀанан рельеф

Рельеф[нисъе | нисъе чухулара]

ОвхӀан мохк лаьтта ГӀажарийн лам-акъарин къилбаседа-малхбален декъа тӀехь. Алсама долу мехкан дакъа лаьмнаш ду, царна юкъахь йолу атагӀаш а ю[14].

Маьхкан къилбехьа ю Бактрийн аре, оцуна тӀехь лаьтта гӀум-сазлаьттах йолу гӀум-аре, иза Кхаракумийн чеккхе ю. Къилбехьа а, малхбалехьа цунна гуо бина лаьмнийн системаш: Паропамиз, шин рогӀах лаьтташ йолу — Сафедкох (=КӀайн лаьмнаш), Сиахкох (=Ӏаьржа лаьмнаш), кхин а Гиндукуш.

Къилбехьа ду ЮккъераовхӀан лаьмнаш а, Газни-Кандагаран чӀаплам а. Малхбузехь, Иранан дозанца, лаьтта акъари Наомид (=бӀарздаларан гӀум-аре) а, Систан кӀаг а. Йисттера къилбе дӀалоцу Гауди-Зира кӀагго, сазлаьттан-тӀоьнан гӀум-арено Дашти-Маргос (=валаран гӀум-аре), Гармсер а, Регистан а гӀум-аренаш.

Гиндукушан малхбузехьа лаьтта 3000-4000 м локхалла йолу лам-акъари Хазараджат. Пакистанан дозанца бу пачхьалкхан уггар лекха лам Ношак, шен локхалла 7492 м а йолуш болу.

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

ОвхӀанехь субтропикийн континентан климат ю, Ӏа шила ду, ткъа аьхке екъий, йовхий ю. Температуран а, йочанийн а юккъера барам хийцало локхалле хьаьжна: Ӏай +8 тӀиера −20 °C тӀе а, кхин лахара а, аьхка +32 тӀиера 0 °C тӀе кхаччалц. ГӀум аренашкахь 40-50 мм йочанаш хуьлу шарахь, ткъа чӀаплаьмнашкахь — 200—250 мм, Гиндукушан мох кхета басешкахь 400—600 мм, ОвхӀанан къилба-малхбалехь, ХӀиндин океанан тӀиера муссонаш кхочучахь, 800 мм гергга. Максимум йочанаш хуьлу Ӏай а, бӀаьста а. 3,000-5,000 м лакхахь лайн чкъор лаьтта 6-8 баттахь, кхин а лакхахь — шалаьмнаш ду.

Геологин хӀоттам[нисъе | нисъе чухулара]

ОвхӀан мохк дукхахберг Альпийн-Гималайн лелачу асан тӀехь бу, Туранан платформан къилбан дозанехь йолу Бактрийн аре йоцург.

Охьадоьду хиш а, Ӏаьмнаш а[нисъе | нисъе чухулара]

Охьадоьду хиш, ХӀинд хих кхеташ долу Къабул доцург, хӀордах ца кхета. Уггар доккханиг царех мехкан къилба дозанца охьадоьду Амударья ду, хи дуьллуш дӀасадоккхуш Герируд а, Гильменд а ду. Уьш Фарахруд, Хашруд, Харутруд хишца кхета Систан кӀаг чу, цу чохь кхуллу Хамун цӀе йолу цхьа тоба теза хин Ӏаьмнаш. Охьадоьду хиш схьадовлу шалаьмнашкара. Аренан хиш бӀаьста деста, ткъа аьхка лекъа. Ломан хишца алссама гидроэнергоницкъ бу. Дукхаха йолу кӀошташкахь шайн хьашташна а, латтан хи дилла а лаьттан бухара хиш бен дац.

Пайден маьӀданаш[нисъе | нисъе чухулара]

ОхӀанан лаьттан кийра пайден маьӀданех буьззина бу, амма уьш доху меттигаш таяр ледара ду, тӀекхача халчу ломан кӀошташкахь хиларна.

ТӀулган кӀора а, мехала металлаш а, бериллий маьӀда а, саьнгал а, туьха а, шагатӀулг а, лазурит а, барит а, целестин а ду лаьттан кийрахь. Йолуш ю маьхкдаьтта, Ӏаламан газ, гипс доллу меттигаш. Теллана цӀестан, эчиган, марганцан маьӀданаш.

Къабул уллора Айнак олу цӀаста доллу меттиг лору Евразехь уггар а йоккха (тӀаьхьалона 240 млн т. гергга маьӀда ду шеца 2,3 % цӀаста а долуш (мах хадийна 2006 ш.), Къабулана гена йоцуш ю эчиган маьӀда доллу меттиг Хьаджигек (тӀаьхьалона 428 млн т. гергга маьӀда ду шеца 62-68 % эчиг а долуш), иза лору уггар а йоккху къилбаазин регионехь[15].


Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: ОвхӀанан истори
Дуккха а бӀешерашкахь ОвхӀан мохк Персин империн малхбален дакъа хилла. Оцу хенахь дуьйна иза гӀажарийн оьздангаллин декъахь ю

ОвхӀан мохк шира историн пачхьалкх ю. Дуьххьара нах ОвхӀан махка охьахевшина, лаххара а 5000 шо хьалха. Дуьненахь хьалхачарех яртийн юкъараллаш оцу регионехь яра[16][17][тешам боцу хьост?].

Ӏилманчашна хетарехь, гӀажараш лелош долу цӀеран дин (зороастризм), кхолладелла ОвхӀан махкахь 1800—800 шерашкахь вайн эрал хьалха, ткъа Заратуштра ваха а ваьхна, вала а вела Балхахь[18][19]. Ширачу малхбалерчу гӀажарийн меттанашкахь, масала, авестийн маттахь, къамел дора оцу регионехь зороастризм тоеллачу хенахь. VI бӀешерашна юккъахь вайн эрал хьалха, Ахеменидаш юкъбалийра ОвхӀан мохк шайн Персин империна.

Ахеменидийн импери 330 шарахь вайн эрал хьалха юьйжира Македонийн Искандаран ницкъаца, ткъа ОвхӀан мохк цуьнан империн юкъа ягӀара. Македонийн Искандаран импери йоьханчул тӀехьа ОвхӀан мохк оцу регионехь вайн эрал хьаха 305 шо кхаччалц доладеш хиллаболу Селевкидийн пачхьалкъан дакъа хилира. Буддизм дин коьрте деара оцу регионехь.

Грекийн-бактрийн пачхьалкх шен уггар а таеллачу муьрехь

Цул тӀехьа регион Грекийн-бактрийн пачхьалкхан дакъа хилира. ХӀиндийн-грекаш бохийра скифаш, ОвхӀан махкара лаьхкира вайн эрал хьалха II-гӀа бӀешераш чекхдовлуш. Грекийн-бактрийн пачхьалкх лаьттира вайн эрал хьалха 125 ш. кхаччалц[хьост?].

I бӀешарахь Парфянийн империино караберзийра ОвхӀан мохк. II бӀешерашна юккъахь а, чекхдовлуш а Кушанийн импери центр ОвхӀан махкахь а йолуш, буддийн оьздангаллин тӀехоьттира. Кушанаш бохийра Сасанидаш III бӀешарахь[20]. Цхьаболчу куьйгалхоша шайх кушанаш олура (ткъа махаъара, Сасанидаш куьйгалла дира, лаххара а, оцу регионан декъан[21]). ТӀеххьара а, кушанаш халлакбира гуннаша, церан меттиг, шайн рогӀехь, дӀалецира эфталиташ, V бӀешеран хьалхпарчу декъехь оцу регионехь шайн пачхьалкх коьллина болчу[22]. Эфталиташ бохийра Тюркийн каганатан эскарша 557 шарахь. Амма, эфталиташан а, кушанийн а тӀехьешна аьтту белира жима пачхьалкх Къабулистан кхолла, тӀехьуо Саффаридийн бусулба куьйгалхоша схьабаьккхира мохк, цул тӀехьа Саманидийн а, Газневидийн пачхьалкхашна юкъах хилира иза.

Оцу муьрехь ОвхӀан мехкан юккъехь Бамианийн тогӀена чохь кхоьллира буддийн килсийн комплексан юкъайогӀу Буддин Бамианийн ж1араш, церан хан 6 бӀешо ю, уьш хӀиндийн исбаьхьалла Гандхара юкъара ю, ткъа бахархоша буьйцура Гандхарийн (мотт), иза хӀиндийн меттан Деванагарин цхьа кеп ю.

Исламан а, монголийн а мур[нисъе | нисъе чухулара]

ОвхӀан мохк 750 шарахь — Ӏаьрбийн Халифатан малхбален дакъа.

бӀешарахь малхбуза ОвхӀан мохк Ӏаьрбаша схьабаьккхана, чу шайн оьздангалла а, ислам дин а деана. Амма ислам чагӀ бӀешарахь бен ца делла, регион Саманидийн импери юкъа ягӀча[23].

бӀешарахь махка Юккъера Азера баьхкира прототюркаш (тюркийн дай). ОвхӀан махкахь кхоллаелира Газневидийн импери (коьрта шахьар Газни), шена юкъахь Иранан, Юккъера Азин, ХӀиндин дакъош долуш. Тодала дуьйлира Ӏилма а, оьздангалла а[23].

XII бӀешарахь чӀагӀъелира, шайн Ӏедал кӀелахь ОвхӀан мохк а, лулара лаьттанаш а вовшахтоьхна, меттигера овхӀанан династи Гуридаш. бӀешераш долалуш Гуридийн пачхьалкх къарйира Хорезмо.

XIII бӀешарахь регионан тӀелетира Чингисханан монголийн бӀо[23]. ОвхӀан мохк юкъабахара Монголийн империн, оцу махкахь лаьттира Куртийн династин монголийн кӀелара пачхьалкх. ОвхӀан мохк Хулагуидийн пачхьалкх а, Чагатайн улус а олучу монголийн шина улусан дозанехь бара. XIV бӀешеран шолгӀа декъехь ОвхӀан мохк АстагӀа Тимаран империн юкъахь яра, ткъа иза велча кхузахь куьйгаллехь бара цуьнан тӀаьхьенаш, царех гӀараваьлларг моголийн Сийлахь Импери кхоьллина волу Къабулан эмир Бабур ву.

XVI — бӀешерашкахь ОвхӀан мохк къийсира Сефевидийн Ирано а, ХӀиндера моголийн Сийлахь Империно а.

Хотаки династи[нисъе | нисъе чухулара]

XVIII бӀешарахь ОвхӀанан мохк туркойн Сефевидийн Персийн импери юкъахь хилла. Перси гӀелъелча, масех гӀаттам а бича овхӀанийн кхолла аьтту белира цхьа могӀа элийн мехкаш — Кандагарийн а, Гератийн а. Кандагарийн элийн мохк бара Мир Вайсас кхоьллина пуштунийн Хотаки династин Ӏедал кӀелахь. шарахь овхӀанийн эскарш тӀелетира Сефевидана, кхин тӀе церан коьрта шахьар Исфахан схьа а яьккхира, амма тӀаьхьа иэшам хилира Надир-шахера.

Надир-шаха шен Ӏедал даржийра ОвхӀан махкахь, амма цуьнан Ӏедал гӀийла хилира, иза веллачул тӀаьхьа шарахь Сефевидийн импери юьйхира.

Дурранийн пачхьалкх[нисъе | нисъе чухулара]

Дурранийн импери ша тоеллачу хенахь

Дурранийн импери коьллина Кандагарехь 1747 шарахь тӀеман баьччо Ахьмад-шаха Дурранис. Иза яра дуьххьарлера шаболу овхӀанийн мехкаш вовшех тоьхна коьллина овхӀанийн пачхьалкх. Амма цул тӀаьха цуьнан болх дӀакхоьхьучара импери йохийна масех пачхьалкх кхоьллира — Пешаварийн, Къабулан, Кандагаран, Гератан.

Керла истори[нисъе | нисъе чухулара]

ОвхӀан мохк XIX бӀешераш чекхдовлуш.

Ингалсийн-овхӀанийн тӀемаш[нисъе | нисъе чухулара]

Шен Евразин юккъахь стратегин латтар бахьанехь, ОвхӀан махках къийсаман арие хуьлу оцу хенан шина онда пачхьалкхашна Британийн, Российн имперешна юкъахь. Оцу къийсамна цӀе елира «Доккха ловзар». Ӏалашо ОвхӀан мехкан доладар йолуш, Британийн империно цхьа могӀа тӀемаш бира, амма, тӀеххьара а, 1919 шеран 19 августехь ОвхӀан мохк бозуш цахиларх дери дан дийзира.

ОвхӀанийн паччахьалла[нисъе | нисъе чухулара]

Аманулла паччахь Берлине зерат дар. Оцу зерато долийра ОвхӀанан а, Германан а стратегин накъосталла

Дипломатин гергарло ду Российн Федерацийца (гергарло хоьттина РСФСРца 1919 шарахь — ОвхӀан пачхьаллла яра РСФСР йозаш цахиларах дери дина хьалхара пачхьалкх).

Хьалхара республика а, Даудан диктатура а[нисъе | нисъе чухулара]

1973 шеран 17 июлехь ОвхӀанехь нуьцкъала Ӏедал хийцира. Монархи дӀаяьккхира, пачхьалкхехь республика кхайкхийра. И мур исторехь цхьанаэшшара бацара. Президент Мухьаммад Дауд гӀиртара реформашца пачхьалкх тоян, амма иза цуьнга кхочуш ца дан делира.

Апрелан (Сауран) революци[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Сауран революци

1978 шеран апрелехь махкахь йолаелира революци. Президент Мухьаммад Дауд шен доьзалца вийра, ткъа Ӏедале еара коммунистийн ОвхӀанан Халкъан-демократийн парти (ОХДП).


ОвхӀанийн Демократин Республика. Чоьхьара тӀом болабалар[нисъе | нисъе чухулара]

Аминан гӀала советийн КТУн леррина эскар тӀелеттачул тӀехьа


1978 шеран апрелехь, Саурин (Апрелан) революцино кхайкхина ОвхӀанийн Демократин Республика. Пачхьалкхан корта хоьттира Нур Мухьаммад Тараки, ткъа Революцин кхеташонан председатель — Хьафизулла Амин. Правительствос болийра хийцамаш, масала, секуляризаци, оцуо чӀогӀа карзаха ехира овхӀанин юкъараллаш. Пачхьалкхехь болабелира чоьхьара тӀом. Куьйгаллера ОХДП парти 1967 шарахь дуьйна екъалора шина фракцина — Халкъ а, Парчам а. Нур Мухьаммад Тараки, Халкъ фракцин корта, къайлаха вийра шайн фракцин декъашхочо, иза, Амин Хьафизулла пачхьалкхан корта хоьттира. ССРС Амин тешаме стаг цахийтира, мичча хенахь а Малхбузехьа верза там болуш вара иза.

Цундера советийн куьйгалхоша барт бира Амин дӀаваккха, коммунистийн правительство мостагӀашца лараялийта ОвхӀане эскар а дагӀийтара. ЖамӀ, ССРС юкъагӀоьртира, хӀинца боьдуш болчу, чоьхьарчу тӀаман. АЦШ официальни позици: ССРС ОвхӀанан тӀе а летта иза дӀалаьцна. Президентан гӀалин советийн леррина эскар тӀелеташ Амин вийначул тӀехьа, Революцин кхеташонан председателан дарж дӀалецира Парчам фракцин коьрто Кармаль Бабрака.

Советийн эскаршца тӀом буора овхӀанийн муджахидаш. Цхьана хенахь царна гӀо дора финансашца а, герзашца а (дӀасалелон ракетийн комплекс «Стингер») АЦШ, Цийс, кхин а цхьа могӀа пачхьалкхаш а. Цасоццуш йолчу доьхьалоно ССРС куьйгалхошга ОвхӀанера эскарш арадаха дийзийтара.

1986 шеран 4 майхь ОХДП ЦК 18-гӀа пленуман бертаца Б. Кармаль мукъаваьккхира «могашалла бахьанехь». ДӀаваккхар бахьана Ӏедале Горбачев веана ССРС хилла хийцамаш бара. ОвхӀанийн Демократийн Республикан керла Революцин кхеташонан председатель 1 октябрехь хоьттира Наджибулла Мухьаммад. Цхьа бутт баьлчи, 30 ноябрехь, керла Лойя джирга конституцийца хаьржира иза пачхьалкхан керла президент. Саурийн революцино дӀадаьккхина дарж мета хоттийра. Советийн эскарш арадехира пачхьалкхера 1989 шарахь. Советийн эскарш арадаьхначул тӀехьа (1989) а Наджибулла Ӏедалехь висира кхин а кхаа шарахь.

ТӀалибаш Ӏедалехь[нисъе | нисъе чухулара]

ТӀалибаш Гератехь, 2001 шеран июль

1989 шарахь Советийн эскарш арадаьхчи чоьхьара тӀом ца сецира, ткъа кхин а чӀагӀбелира. Пачхьалкхан къилбаседехь баьччийн тобано кхоьллира Къилбаседа альянс. 1992 шеран апрелехь гӀевттанаш Къабул чубевлира, ОвхӀанийн Демократийн Республика юьйжира. Ӏедал къуьсуш Ахьмад Шах МасӀудний, Гульбеддин Хекматиярний юкъахь дов лаьттачу хенахь, коьрта шахьар Къабул чу яккхий тоьпаш йиттира шина агӀоно, дукхаха йолу оьздангаллин а, историн а хӀолламаш халлак бира[24]. Оцу хенахь пачхьалкхан къибехь чӀагӀлуш яра «ТӀалибан». Дукхаха болу тӀалибаш пуштунийн къомах бара, шеш овхӀан халкъан гӀуллакх дан хитина хилар кхайкхийра цара. Церан Ӏалашо яра ОвхӀанехь ШариӀатан низам тӀехь исламан пачхьалкх кхоллар.

1996 шо кхочуш уьш доладеш бара мехкан алсама долчу декъан, сентябрехь Къабул схьаяьккхинчул тӀаьхьа Наджибулла Мухьаммад вийра, ткъа Къилбаседа альянс аратеттира генарчу дозанерчу къилбаседа провинцешка. ТӀалибийн Ӏедал керста динан тоха са долуш а дацара (иштта, масала, дуьненан юкъараллаш гӀовгӀайешшехь, царна юкъахь цхьайолу бусулба нах беха пачхьалкхаш а, тӀалибаша лелхийтара архитектуран хӀолламаш — Буддин Бамианийн хӀолламаш, уьш керстанийн жӀараш ю аьлла), къиза а дара — масала, къйн куьйгаш дӀадахара, зударшна а, зудаберашна а ишколе лела ца магадора, уллохь верас воцуш урам тӀехь лела а ца магадора иштта кхин дӀа а[25]

1980-гӀа шераш чекхдовлуш[26] ОвхӀанехь йолайо яккхийн масштабашца наркотикаш кхио. Уггар дукха опиаташ — 4600 тонн — гулйира 1999 шарахь, тӀалибаш Ӏедалехь болуш[27]. 2000 шарахь йокъал йолуш гулйира 3275 тонн опиуман петӀамат[28]. Оцу шарахь тӀалибаш сацадайтира опиуман петӀамат кхиор шаьш доладечу латан тӀехь, жамӀаш — 2001 шарахь ОвхӀанехь кхиийна уггар а кӀезга опиуман петӀамат: 185 тонн опиум, кхин тӀе цунах дукхахъерг гулйина Къилбаседан альянсо доладечу Бадахшан провинцехь[29].

2001 шеран 11 сентябрехь кхерамаллин акташ хиллачул тӀехьа дуьненан террористан бен Ладен Ӏусаман карийра тӀалибий ОвхӀанехь лачкъа меттиг. И бахьана а хоьттира АЦШ ОвхӀанан тӀелата. Амма, журналисто Пепе Эскобара дийцарехь, коьрта бахьана дара тӀалибаш Кеп:Нп3 (ТОПХӀ, Туркменистан — ОвхӀан — Пакистан — ХӀинди) йилла пурба ца далар АЦШ бохучу мехаца. АЦШ ОвхӀанан тӀелатаран план йолуш яра 11 сентябрь кхача ах шо хьалха а[30].

Овх1ан махкара 2001 шарера т1ом[нисъе | нисъе чухулара]

2002 шо долалуш йинчу «Йохонйоцу парг1ато» ц1е йолчу операцино т1алибийн 1едал дохийра. Амма, «Т1алибан» орамца йоха ца елира. Коьрта ницкъаш д1абахара Вазиристанан ломан к1ошташка, кхин берш паризанийн т1ом бан буьйлабелира Овх1ан махкахь а, Пакистанехь а.

Исламан Республика Овх1ан[нисъе | нисъе чухулара]

Т1алибийн 1едал доьжначул т1ехьа кхайкхира х1инцалера Исламан Республика Овх1ан. 2001 шеран декабрехь Боннан конференцехь овх1анийн политикахо Карзай Хьамид хоттийра 1едал хотталц йолчу Овх1анийн администрацийн коьрте. 2002 шеран июнехь Лойя джиргас (Овх1анан массо а къаьмнийн, тайпанийн, тобанийн тхьамданийн Лакхара кхеташо) хаьржира иза цхьана хана мехкан президент. 2004 шарахь т1еийцира керла Конституци, д1абаьхьира дуьххьарлера президентан харжамаш, цигахь туьйлира Карзай Хьамид.

2009 шеран 20 августехь махкахь чекхбевлира рог1ера харжамаш, толам юха а баьккхира Карзай Хьамида[31].

Тахана мехкан коьртехь ву Гани Ашраф (2014 ш. дуьйна).

Мухха делахь а, махкахь хьалха санна д1абоьдуш бу чоьхьара т1ом, амма оцу декъахь бу Овх1анера Кхерамазаллин г1оьнна кхоьллина Дуьненан юкъара ницкъаш (ISAF).

Хьажа ишта[нисъе | нисъе чухулара]

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Afghanistan. The World Factbook. Central Intelligence Agency (2007, 13 декабрь).
  2. 1 2 Атлас мира. Государства и территории мира. Справочные сведения. — Роскартография, 2010. — С. 14. — ISBN 978-5-85120-295
  3. Census.gov Country Rank. Countries and Areas Ranked by Population: 2013. U.S. Department of Commerce (2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 9 майхь. Теллина 2013 шеран 9 майхь.
  4. Department of Economic and Social Affairs Population Division (2009). «World Population Prospects, Table A.1» (.PDF) (United Nations).
  5. 1 2 Afghanistan. International Monetary Fund. Архив йина хьалхара хьостан чура 2011 шеран 21 августехь. Теллина 2009 шеран 1 октябрехь.
  6. Кеп:Cite encyclopedia
  7. «Afghan» Кеп:Недоступная ссылка (with ref. to «Afghanistan: iv. Ethnography») by Ch. M. Kieffer, Encyclopaedia Iranica Online Edition 2006.
  8. «Afghan Poetry Of The 17th Century: Selections from the Poems of Khushal Khan Khattak», extract from «Passion of the Afghan» by Khushal Khan Khattak; translated by C. Biddulph, London, 1890
  9. «Transactions of the year 908» by Zāhir ud-Dīn Mohammad Bābur in Bāburnāma, translated by John Leyden, Oxford University Press: 1921.
  10. Elphinstone, M., «Account of the Kingdom of Cabul and its Dependencies in Persia and India», London 1815; published by Longman, Hurst, Rees, Orme & Brown
  11. E. Bowen, «A New & Accurate Map of Persia» in A Complete System Of Geography, Printed for W. Innys, R. Ware [etc.], London 1747
  12. MECW Volume 18, p. 40; The New American Cyclopaedia — Vol. I, 1858
  13. Afghanistan’s Constitution of 1923 under King Amanullah Khan (English translation).
  14. География Афганистана
  15. Афганистан. Ру — Костыль для Карзая
  16. Sites in Perspective, chapter 3 of Nancy Hatch Dupree, An Historical Guide To Afghanistan.
  17. Afghanistan, Microsoft Encarta Online Encyclopedia 2006 (specifically John Ford Shroder, B.S., M.S., Ph.D. Regents Professor of Geography and Geology, University of Nebraska. Editor, Himalaya to the Sea: Geology, Geomorphology, and the Quaternary and other books).
  18. The history of Afghanistan, Ghandara.com website
  19. Afghanistan: Achaemenid dynasty rule, Ancient Classical History, about.com
  20. Dani, A. H. and B. A. Litvinsky. «The Kushano-Sasanian Kingdom». In: History of civilizations of Central Asia, Volume III. The crossroads of civilizations: A.D. 250 to 750. Litvinsky, B. A., ed., 1996. Paris: UNESCO Publishing, pp. 103—118. ISBN 92-3-103211-9
  21. Zeimal, E. V. «The Kidarite Kingdom in Central Asia». In: History of civilizations of Central Asia, Volume III. The crossroads of civilizations: A.D. 250 to 750. Litvinsky, B. A., ed., 1996, Paris: UNESCO Publishing, pp. 119—133. ISBN 92-3-103211-9
  22. Litvinsky, B. A. «The Hephthalite Empire». In: History of civilizations of Central Asia, Volume III. The crossroads of civilizations: A.D. 250 to 750. Litvinsky, B. A., ed., 1996, Paris: UNESCO Publishing, pp. 135—162. ISBN 92-3-103211-9
  23. 1 2 3 Онлайн энциклопедия «Кругосвет»: История Афганистана
  24. Афганистан: Ностальгия по «Талибану»? — Фергана. Ру
  25. Исламский Эмират Афганистан: тоталитарный режим рубежа XXI века.
  26. Хайдар Махмадиев. Нельзя преуменьшать опасность, исходящую от производства наркотиков в Афганистане (Хьаьжина 25 майхь 2013)
  27. PRESS CONFERENCE ON AFGHANISTAN OPIUM SURVEY 2004 (Хьаьжина 7 октябрехь 2011)
  28. Афганистан — крупнейший в мире поставщик опиума-сырца
  29. World Drug Report — archive
  30. Антинаркотический фронт
  31. Afghanistan Election Data

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

Азин пачхьалкхаш
LocationAsia.png Азербайджан¹ · Эрмалойчоь · ОвхӀан-пачхьалкх · Бангладеш · Бахрейн · Бруней · Бутан · Малхбален Тимор · Вьетнам · Гуьржех¹ · Мисар² · Израиль · Инди · Индонези ³ · Урдан · Ирак · Иран · Йемен² · Казахстан ¹ · Камбоджа · Катар · Кипр¹ · Киргизи · Китайн Халкъан Республика · Корейн Халкъан-Демократин Республика · Кувейт · Лаос · Ливан · Малайзи · Мальдиваш · Монголи · Мьянма · Непал · Ӏаьрбийн Цхьанатоьхна Эмираташ · Ӏоман · Пакистан · Росси4 · СаӀудийн Ӏаьрбийчоь · Сингапур · Шема · Таджикистан · Таиланд · Туркмени · Турци4 · Узбекистан · Филиппинаш · Шри-Ланка · Къилба Корей · Япони

Къобалцайина а, ахкъобалйина а пачхьалкхаш: Республика Абхази · Азад Кашмир · Ва (пачхьалкх) · Вазиристан · Ӏиракъан Курдистан · Тайвань · Ламанийн-Карабах · Палестина (пачхьалкх) (Газа секторан а, Урдан хин малхбузен хийистан а латта ) · Тамил-Илам ·Къилбаседа Кипран Туркойн Республика · Шан Пачхьалкх · Къилба ХӀирийчоь


Йозуш йолу мехкаш: Акротири а, Декелиа а · Британин латта Индин океанехь (арх. Чагос) · Гонконг · Аомынь (Макао)


¹ Цхьа дакъа Европехь я еррига Азехь, дозане хьаьжина. ² Кхин Африкехь. ³ Кхин Океанехь. 4 Кхин Европехь.



1000HA.png