Атавов, Ахмед Султаналиевич

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Ахмед Султаналиевич Атавов
Гражданалла ССРС СССРРоссиFlag of Russia.svg Росси
Клуб
Вина терахь 1961 шеран 23 февраль({{padleft:1961|4|0}}-{{padleft:2|2|0}}-{{padleft:23|2|0}}) (58 шо)
Вина меттиг Хаси-Эвл, Дагестан, РСФСР, СССР
Спортан карьера 1974-1990
Говзалла паргӀата кепар латархо
Тренераш
Йозалла 100 кг

Ахме́д Султанали́евич Ата́вов (1961 шеран 23 февраль, Хаси-Эвл, Дагестан, РСФСР, СССР) — нохчийн паргӀата кепара латархо, СССР а, Российн а, Европан а, дуьненан а чемпионатийн чемпион а, совгӀатхо а, абсолютни йозаллин категорехь дуьненан чемпион, дуьненан Кубок яккхинарг, СССР Сийлахь спортан говзанча (1989).

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Лата Ӏама волавелира 1974 шарахь Хаси-Эвлехь. Цуьнан хьалхара тренер вара Салимхан Нуцалханов. 1977 шарахь шен тренерца цхьана иза Черкесске дӀавахара. 1982 шарахь цо чекхъяккхира Карачаево-Черкесски пединститутан фазкультуран факультет.

1983 шарахь иза Красноярске дӀавахара. Цигахь цуьнан тренер вара Дмитрий Георгиевич Миндиашвили. 1987 шарахь цо СССР чемпионатехь дато медаль яккхира. Иштта цу шарахь цо яккхира дуьненан Кубкан дато медаль. 1988 шарахь цо дуьненан Кубок яккхира.

1989 шарахь иза СССР а, дуьненан а чемпион хилира, дуьненан абсолютный чемпион а хилира. Ахьмад ву дуьненахь цхьаъ бен воцу паргӀата кепара латаран дуьненан абсолютный чемпион.

1991 шарахь спорт йитинчул тӀехь иза Москва дӀавахар. Цигахь цо бизнес лелира. Тахана Хаси-Эвлахь вехаш ву иза.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]