Чулацаман тӀегӀо

Ас-саламу Ӏалайкум

Талларе хьожуш
ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

миниӀаьрбийн каллиграфица «Ас-саламу Ӏалайкум»

Ас-саламу Ӏалайкум дешнаш Ӏаьрбийн йаздар
Ас-саламу Ӏалайкум алар
Ва Ӏалайкумус-салам алар

Ас-сала̄му Ӏалайкум (Ӏаьр. السَّلَامُ عَلَيْكُمْ — «салам-маршалла хуьлда шуна») йа самӀалат (السَّمْعَلَة)[1], дуьззина дешнаш ас-саламу Ӏалайкум ва рахьматулла̄хӀи ва барака̄тухӀ (السَّلَامُ عَلَيْكُمْ وَرَحْمَةُ اللهِ وَبَرَكَاتُهُ — «салам-маршалла хуьлда шуна, Делан къинхетам а, Цуьнан беркаташ а») — иза ислам динехь маршаллахаттар ду, дерриг а дуьненахь бусалбачара а, иштта Ӏаьрбийн мотт буьйцучу жуьгташа а, насараша а лелош ду иза. Ткъа цунна дуьхьал жоп луш олу ва Ӏалайкумус-сала̄м (‏وَعَلَيْكُمُ السَّلَامُ — «шуна а хуьлда салам-маршалла»).

  1. "النحت".. لهجة الدير في الاختزال والاختصار (Ӏаьр.). www.esyria.sy. ТӀекхочу терахь: 2024 шеран 19 июль.