Эдиев, Асламбек Лечиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Асланбек Эдиев тӀера хьажжина кхуза)
Асламбек Лечиевич Эдиев
Шех лаьцна
Стен-боьршалла боьрша стаг[d]
Пачхьалкх ССРС СССР Росси
Говзалла штангист
Вина терахь 1970 шеран 4 январь({{padleft:1970|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:4|2|0}}) (54 шо)
Вина меттиг БердакӀел, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР
Спортан карьера 1984-2007
Тренераш
Йозалла 85 кг

Асламбек (Асланбек) Лечиевич Эдиев (1970 шеран 4 январь, БердакӀел, Нохчийн Республика, РСФСР, СССР) — нохчийн штангист, 5-за Российн чемпион, Европин а, дуьненан а чемпионатийн совгӀатхо, Российн Сийлахь спортан говзанча. Цьунан йозаллин категориш йара 56-85 кг. Цьунан тренераш бара Сергей Долгачев, Вячеслав Адаменко, Ибрагим Кодзоев, Руслан Балаев. Цо йахьаллонашкахь дакъа лоцура 19842007 шерашкахь.

Кхиамаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • 1991 шарахь СССР чемпионатан дато совгӀатхо;
  • 1991 шарахь СССР халкъийн Спартакиадан дато совгӀатхо;
  • 5-за Российн чемпион (1993 а, 2001 а, 2002 а, 2004 а, 2007 а шерашкахь);
  • 4-за Российн чемпионатан дато совгӀатхо (1991 а, 1992 а, 2005 а, 2006 а шерашкахь);
  • 2002 шарахь Российн Кубок йаьккхинарг;
  • 2003 шарахь Российн чемпионатан борзан совгӀатхо;
  • 2002 шарахь Европин чемпионатан борзан совгӀатхо (Антали, Туркойчоь);
  • 2005 шарахь дуьненан чемпионатан борзан совгӀатхо (Доха, Катар);
  • 2-за дуьненан чемпионатан дато совгӀатхо (2006, Санто-Доминго; 2007, Чанг-Мэй, Таиланд);
  • дуьненан цхьа рекорд хӀоттинарг.

Иза ву Нохчийн Республикин йеза атлетикин коьрта гулйина командан коьрта тренер.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]