Асида
Асида | |
---|---|
| |
Компоненташ | |
Коьрта | кӀен дама, налха я моз |
![]() |
Асида (Ӏарб.:عصيدة ‘aṣīdah) — кӀен демах дина ламастан Ӏаьрбийн даар, наггахь тӀетуху налха я моз. Наггахь берам туху цестина жижигах, томатах, сарамсекхах, етта шурех бина[1]. Даар чӀогӀа даьржина ду Ливехь, Тунисехь, Суданехь, СаӀудийн Ӏаьрбийчохь, Яманехь. Асида юу куьйгашца.
Иза дукха хьолахь хьалха дуьллу динан Ӏиданашкахь, масала Мавлид а, Мархан а, ткъа иштта диначу беран ворхӀ де кхочуш акъикъатан а.[2]
Дан атта а, амма токхе а даар, кхин цуьнца хӀумма а ца ло, Ӏуьйрен хьалха дуьллу, ткъа иштта доьзалхо винчу зудчуьнга а дууьйту.[2]
Этимологи[нисйе бӀаьра | нисйе]
«Асида» Ӏаьрбийн дош ду, иза даьлла عصد («asad») орамах, иза гочдича «хьийзо» бохург ду.
Истори[нисйе бӀаьра | нисйе]
ДӀаяздинчех уггаре хьалхарчех асидан цхьа рецепт карийна итталгӀачу бӀешеран Ӏаьрбийн Ибн Сайяра аль-Варракъан дааран «Китаб аль-Шаби» (Ӏаьр. كتاب الطبيخ) цӀе йолчу жайнахь.[3][4] It was described as a thick pudding of dates cooked with clarified butter (samn).[5]
Асида хьахийна XIII бӀешарахь испанин-бусалбанийн юургийн жайнахь. Хууш ду, XIII—XIV бӀешерашкахь лаьмнашкара Эр-Рифехь кӀен демах ца дорий, ткъа лелабора кхаьрзина мукх. XV бӀешеран гергахь тоха долийра арганан даьтта, иза яздина Ӏаьрбийн географо Африкин Лоьмас (1465-1550 гергга), бусалба нахана вевза Хьасан аль-Вазан цӀарца.[2] Французийн Ӏилманчо Максим Родинсона дийцарехь, асида дара акха Ӏаьрбийн исламал хьалхарчу муьрера мискачу нехан даар.[2]
Вариацеш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ливи[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ливехь асида юу башха мерза хурманийн я маӀан диттан шатӀца я мозца.
Тунис[нисйе бӀаьра | нисйе]
Тунисехь и даар охьадуьллу моз а, даьтта а иэдой цхьаьна, я кӀуо томатийн берамца. КӀуо берам дукхах дерг сарахь ло, ткъа моз, даьттан иэдар - хьалха. Ассида кхин а дуу хурман шатӀца Тунисан къилбехьа.
Йоккхачу цӀеран тӀе ялгӀу хӀоттадо, тӀаккха тӀе кхехка хи дутту. Меллаша буьйнахь тӀе буьртигахь кӀа духку, тӀаккха сиха кегадо боккхачу оьрзан Ӏайгаца, гӀорзолгаш ца хилийтархьама. Иза юх-юха до иэдар дукъдаллалц. Юург ечо охьадуьллу ялгӀу лаьтта, шен когара тударкаш довхачу ялгӀун гонаха а хьовзадой, сихха бод кего волало. ТӀаьххьара, даьтта хьаькхна куьйгашца, бовха Ӏаьнарбаьккхина бод кепа туху, тӀаккха буьллу шуьйрачу дечиган кеда.
Наггахь асидан юкъахь ор доккху тӀе бовхачу чили бурчаца я хелбица томатан берам бутту, берамах туху липпар, чам-буц, саьрмасекх. УьстагӀан я котаман жижиган дакъош охьадутту асидан гуонаха. ТӀаккха довха а долуш охьадуьллу.
Асида иштта кечдан таро ю кӀайн. Цул сов, мо злело мега чорпан а, чилин я хельбан меттана.
Яман[нисйе бӀаьра | нисйе]
Ассида (Ӏаьр. عصيدة) коьртачех даар ду Яманехь, хьалха дуьллу дукхах дерг делкъена а, пхьорана а. Иза деш леладо дийна буьртигаш болу кӀа, кхехкаш долу хи, оьшшучул туьхьа.
Дукха хьолахь охьадуьллу кхехкаш доллушехь, дуу куьйгашца я Ӏайгашца.
Асида алсама дуу делкъехь а, мархин баттахь а.
ХӀиндонези[нисйе бӀаьра | нисйе]
ХӀиндонезехь азида каро тарло Молуккан гӀайренаш тӀаьхь. И даар кхаьчна кхуза Ӏаьрбийн кухни чуьра. Алсама дуу мархин баттахь.
Судан[нисйе бӀаьра | нисйе]
Суданехь даар дуу томатан берамца.
Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ↑ Поедим… в Рамадане
- ↑ 1 2 3 4 Famous Everyday Dishes from the Medieval Arab World
- ↑ annals of the caliphs' kitchens: ibn sayyār al-warrāq's tenth-century baghdadi cookbook authors. — Brill. — P. 97.
- ↑ annals of the caliphs' kitchens: ibn sayyār al-warrāq's tenth-century baghdadi cookbook. Теллина 2018 шеран 29 августехь.
- ↑ annals of the caliphs' kitchens: ibn sayyār al-warrāq's tenth-century baghdadi cookbook authors. — Brill. — P. 97,98.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Кхин дӀа а[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Barnard, Hans (2008-07-04), «Eastern desert ware : traces of the inhabitants of the eastern desert in Egypt and Sudan during the 4th-6th centuries CE» ([[::«Eastern desert ware : traces of the inhabitants of the eastern desert in Egypt and Sudan during the 4th-6th centuries CE»|]]), Faculty of Archaeology, Leiden University