Исаева, Асет Марцаровна

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
(Асет Исаева тӀера хьажжина кхуза)

Исаева Асет Марцаровна
Йина терахь 1915 шеран 5 сентябрь({{padleft:1915|4|0}}-{{padleft:9|2|0}}-{{padleft:5|2|0}})
Йина меттиг Лаха Невре, Нохчийчоь, Теркан область, Российн импери
Кхелхина терахь 1971 шеран 5 март({{padleft:1971|4|0}}-{{padleft:3|2|0}}-{{padleft:5|2|0}}) (55 шо)
Кхелхина меттиг: Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС
Корматалла: актриса
Гражданалла: Российн импери Российн импери ССРС
Театр: Х. Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драман театр
Спектаклаш:
СовгӀаташ: РСФСР Хьакъдолу артист

Иса́ева Асе́т Марца́ровна (1915 шеран 5 сентябрехь, Лаха Невре, Нохчийчоь, Теркан область, Российн импери1971 шеран 5 мартехь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, РСФСР, ССРС) — Х. Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драман театран актриса, Нохч-ГӀалгӀайн АССР Халкъан артистка (1961), РСФСР Сийлахь артистка (13.9.1968).

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Йина 1915 шеран 5 сентябрехь Лаха Неврехь. Цуьнан ши ваша а, йиша а дара. Бераш кегий долуш да велира. Гергарчара церан нана маре а йелла, бераш берийн цӀа чу дӀаделира.

Масех шо даьлчи Асета чекхйехира бедарш йору а, тоьгу а курсаш, ткъа цул тӀаьхьа деша хӀоьттира партийн ишколе. 1931 шарахь иза деша хӀоьттира театран студи, цуьнан директор вара Бадуев СаӀид.

Кхузахь цунна вевзира Бадуев СаӀидан жимаха волу ваша — Мовждин. Дукха хан йаллале, гергарчеран лаамаза иза цуьнга маре йахара. Студи чекхйаьккхинчул тӀаьхьа уьш Х. Нурадиловн цӀарах йолу Нохчийн пачхьалкхан драман театран труппан йукъабахара. Дукха хан йаллале церан шиъ йоӀ дуьнен чуйелира.

1944 шарахь депортаци йолуш зудий майрий вовшех дайна къаьстира. Асет ненаца, йишийца, йоьӀаршца йехира Узбекистанан гӀалахь Аурахимат. Доьзал кхабархьама цуо болх бира плавикошпатан комбинатехь белхалочун даржехь.

Цул тӀаьхьа цуо доьзал Чимкенте дӀакхалхийра. Дукха хан йаллале хиира, цуьнан майра шен гергарчаьрца Меркехь вуй. Асет йоьӀаршца иза волчу дӀайахара. Йуьхьанца иза балха хӀоьттира дечигах аннаш дохучу меттиге, цул тӀаьхьа консервийн заводе. Ткъа суьйренашкахь цара берриг доьзалца цхьаьна цӀа дора.

1956 шарахь нохчашна реабилитаци йинчул тӀаьхьа артисташна хьалхарчу могӀаршкахь бакъо йелира цӀа берза. Дина даланза цӀа а дитина зударий Хамидов Ӏабдул-Хьамида кхоьллинчу эшарийн а, хелхарийн а ансамблан декъахь Нохчийчу цӀабирзира.


Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]