Асеева, Татьяна Александровна

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Асеева Татьяна Александровна
Йина терахь 1959 шеран 21 январь({{padleft:1959|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:21|2|0}}) (61 шо)
Йина меттиг Владивосток
Пачхьалкх
Ӏилманан кхоче латталелор
Белхан меттиг Генара малхбален федералан университет
Генара малхбален Ӏилманан-талламан юьртабахаман институт
Тийнаокеанан пачхьалкхан университет
Ӏилманан цӀе профессор (2012)
РӀА корреспондент-декъашхо (2016)
Альма-матер Генара малхбален федералан университет

Асеева Татьяна Александровна (1959 шеран 21 январехь, Владивосток) — российн Ӏилманча-почвовед, ораматаш кхиоран, почван хьоналлин, туьханаш лелоран технологин областера говзанча, юьртабахаман Ӏилманийн доктор (2009), профессор (2012), РӀА декъашхой-корреспондент (2019).

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Йина 1959 шеран 21 январехь Владивосток гӀалахь.

1982 шарахь Генара малхбален федералан университетан «почвоведенин» факультет чекхъяьккхинчул тӀаьхьа йитира цигахь Ӏилманан белхалочун даржехь.

1995 шарахь кандидатийн диссертаци яздира «БӀаьстенан кӀен ойсаралла Юккъера Амур йисттера хенан-хӀоттаман хьолашка хьаьжжина а, езасуглинокан почвийн хьоналле хьаьжжина а» тема йолуш. 2009 шарахь чекхдаьккхира докторан диссертаци «Юккъера Амур йисттера хьолашца ялтанийн а, кхоьшшан а ойсаралла кхоллаяларан агроэкологин баххаш» тема йолуш.

1982 шарахь дуьйна — лакхара Ӏилманан белхало, 1991 шарахь дуьйна — Почвийн хьоналлин а, туьханаш леладаран технологин а лабораторин куьйгалхо, 1996 - 2011 шерашкахь — Ӏилманан белхан директоран гӀовс, 2012 шарахь дуьйна — Генара Малхбален Ӏилманан-талламан юьтабахаман институтан директор а, оццу хенахь 2018 шарахь дуьйна — коьрта Ӏилманан белхало а. Т. А. Асееван куьйгаллехь жигара евлла дуьненаюкъара Ӏилманан юкъаметтигаш ораматаш лелорехь. 2017 шарахь дӀайиллира ЦХР Цзилинь провинцин юьртабахаман Ӏилманийн академин а, Генара Малхбален Ӏилманан-талламан юьтабахаман институтан а Ӏилманан-талламан юьртабахаман центр[1][2].

2012 шарахь дуьйна Тийнаокеанан пачхьалкхан университетан геодезин а, латтанисдаран а кафедран профессор, почвоведенин лекцийн курс йоьшу[3][4].

2003 шарахь дуьйна ю ГМФУ диссертацин советан декъашхо, Ерригроссийн латталелоран а, почваш эрозех Ӏалашъяран а ӀТИ а, Ерригроссийн органикан а, торфан а ӀТИ Ӏилманан-техникан советан декъашхо, Хабаровскан мехкан Юьртабахаман а, дааран сурсатийн а министраллин коллегин декъашхо[2]. Т. А. Асеева — член редколлегии журнала «Дальневосточный аграрный Вестник», член Президиума ФГБНУ Дальневосточный региональный аграрный научный центр[3].

2019 шеран 14 ноябрехь иза хаьржира РӀА декъашхо-корреспондент, РӀА Генара Малхбален дакъа декъашхо, РӀА Юьртабахаман Ӏилманийн декъан Ораматашлелоран, ораматаш лардаран а, биотехнологин секцин декъашхо[5].

Ӏилманан кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  • талламаш бина ялтийн культурийн а, кхоьшшан а культурийн а, сортийн а адаптиван дикалла кхоллаяларан механизмашна Генара Малхбален гӀуочу почван-климатан хьолашкахь;
  • гуонахьарчу хийцалучу хьолашкахь ялтан сортийн эвсараллин а, цхьаьнаэшараллин а адаптиван потенциалан чот яран формула яьккхина;
  • гучуяьхна ялтан эвсаралла а, цуьнан структуран компоненташ а шен гидротермин а, почван а хьолашкахь кхолладаларан законаш;
  • кхоьллина керла Ӏилманан агӀо Генара Малхбалехь ораматаш кхиорехь – ялтанийн культурийн а, кхоьшшан а эвсаралла сов яккхар, лакхара эвсараллин а, экологин чӀогӀаллин а потенциалан сорташ харжаран чоьтаца;
  • яьхна ялтийн а, кхоьшшан а керла сорташ кхиоран керла технологеш.

Библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]


СовгӀаташ[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 Татьяна Асеева избрана в Российскую Академию наук. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  2. 1 2 Асеева Татьяна Александровна. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  3. 1 2 3 Асеева Татьяна Александровна: направление деятельности. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  4. Асеева Татьяна Александровна: расписание занятий ТГУ. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  5. Профиль Татьяна Александровна Асеева РlА официалан сайтехь
  6. Асеева Татьяна Александровна. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  7. Рапоряжение РАН. Теллина 2020 шеран 8 мартехь.
  8. № 10105-30 от 17.01.2019 — «За многолетний плодотворный труд на благо российской науки, практический вклад в обеспечение фундаментальных и прикладных исследований, проводимых в федеральном государственном бюджетном учреждении «Дальневосточное отделение Российской академии наук» и в связи с юбилеем»