Артиллерин герз
Артиллерин герз — долу герзан а, кхечу (масала Ӏаьнаран) 20 мм сов калибран долу герзан тайпа.
Иштта тайпана герз пайден дац цхьаьна стеган ницкъашца тӀеман аренахь дӀасатекхо. Иза лерина йу хӀоьънаш (минанаш) кхийсина, чӀагӀонаш, герз, тӀеман техника хӀаллакйан а, мостагӀчуьн дийна ницкъ, долу герза охьатаӀо а, латтан а, хӀордан а тӀехь, хӀаваэхь хӀиттийна кхин Ӏалашонаш кхочушйан а. Артиллерин герз — нуьцкъала йовхонан машен йу, цуо лелайо 300—400 МПа Ӏаткъам болу, температура 3000°С кхочу, молхан газийн энерги.
Классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]
Муьлхха а артиллерин герзан белхан хьесап цхьабосса ду: мостагӀчун а, цуьнан материалан декъан а кхета лерина хӀоъ, аратотту чӀижаргӀа чуьра шорлучу молхан газан Ӏаткъаман ницкъаца, уьш кхоллало хӀоьан молха даьгчи. Амма тарло, артиллерин герзо кхечу кепара а кхоссаран хьесапаш хила:
- Ӏаьнаран йоккха тоьпан шорло лакхара температурин Ӏаткъамца,
- рельсашца уьду рельсотронан гӀад чохь рельсотроно йо магнитан арено кхуссу хӀоъ.
Артиллерин герзан дукха кепийн тайп-тайпана хьесапийн классификаци йу.
-
Декъна хӀурдкеманан герз
-
Танканашна дуьхьала туху 57-мм йоккха топ ЗИС-2 Нижни Новгородан Кремлехь
-
81-мм миномёт Италехь 1944 (en:M1 Mortar)
-
Оьрсийн аэропланашна дуьхьала туху йоккха топ 1916 (1902 шеран 76-мм дивизионан йоккха топ)
-
ДХьТӀ немцойн тӀаьхьатосу йоккха топ
Коьрта тӀеман хьесапаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
Артиллерин герзан йукъадогӀу лахара тӀеман хьелаш: хӀоьънийн нуьцкъалалла, нийса кхоссар, гена тохар, сихатохар, манёвралла (герз сихха тохар), дӀасахьуш тӀеман аренехь атта хилар, тешамалла а, тойан атта хилар.
Артиллерин герзан йоцца классификаци[нисйе бӀаьра | нисйе]

Конструкцин башхаллашца[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ЧӀижаргӀин артиллери:
- Реактиван артиллери
ТӀаманна хьажорца[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Танкашна дуьхьала йоккха-топ
- Зенитан йоккха топ
- Берд ларбаран йоккха топ
- Аренан йоккха топ
- ГӀопан йоккха топ
Тактикин-техникин а, базин тӀеман платформин а цхьаьна хьажорца[нисйе бӀаьра | нисйе]
ДӀасалеларан а, дӀасалелоран а хьесапца[нисйе бӀаьра | нисйе]
- ТӀаьхьатосу йоккха топ (ТӀЙТ)
- Ша лела йоккха топ (ШЛЙТ)
- Ша йоьду йоккха топ (ШЙЙТ)
- Танкан йоккха топ
- Лело йоккха топ
Нишин конструкцица[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Йозуш йоцу нишин асанца йолу йоккха топ
- Ахйозуш йолу нишин асанца йолу йоккха топ
- Йозуш йолу нишин асанца йолу йоккха топ
ЧӀижаргӀийн харшан хӀоттамца[нисйе бӀаьра | нисйе]
Хьажа кхин а[нисйе бӀаьра | нисйе]
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Якимович А. А. Орудие артиллерийское // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Артиллерийское вооружение. Основы устройства и конструирование(ТӀе цакхочу хьажорг), Машиностроение, 1975, 420 c.
- История материальной части артиллерии (1904).