Чулацаман тӀегӀо

Арсе, Хуан Карлос (футболист)

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Арсе Хуан Карлос
Йукъара хаамаш
Йуьззина цӀе Хуан Карлос Арсе Хустиниано
Харц цӀе Conejo
Вина терахь 1985 шеран 10 апрель({{padleft:1985|4|0}}-{{padleft:4|2|0}}-{{padleft:10|2|0}})[1][2] (41 шо)
Вина меттиг Санта-Крус-де-ла-Сьерра, Боливи
Гражданалла
Локхалла 176 см
Позици ахтурсло, тӀелатархо
Информаци клубех
Клуб Боливин байракх Олвейс Реди
Лоьмар 17
Кегийрхойн клубаш
Боливин байракх Академия Тауичи
Клубан карьера[* 1]
2003—2012 Боливин байракх Ориенте Петролеро 170 (33)
2006  Бразилин байракх Португеза Деспортос 3 (0)
2007  Бразилин байракх Коринтианс 18 (2)
2007—2008  КъатӀаран байракх Аль-Ӏараби 24 (3)
2008  Республика Корейн байракх Соннам 10 (0)
2009  Бразилин байракх Спорт Ресифи 15 (4)
2010  Россин байракх Терк 20 (0)
2012—2020 Боливин байракх Боливар 245 (74)
2021—хӀ.а. Боливин байракх Олвейс Реди 4 (0)
Къоман гулйина команда[* 2]
2004—2022 Боливин байракх Боливи 86 (14)
  1. Профессионалан клубехь ловзаран а, голийн а барам лору къоман чемпионатийн тайп-тайпана лиганашкара, карладаьккхина 2021 шеран 19 июнехь.
  2. Официалан матчашкахь къоман тобанан ловзарийн а, голийн а барам.
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Хуа́н Ка́рлос А́рсе Хустиниа́но (испан. Juan Carlos Arce Justiniano; 1985 шеран 10 апрелехь, Санта-Крус-де-ла-Сьеррехь) — боливин футболист, «Олвейс Реди» клубан тӀелатархо. Левзина Боливин гулйина командехь. Дуьххьарлера исторехь боливихо, футболех ловзаран Россин чемпионатехь левзина.

«Тауичин» кегийрхойн футболан академин кхиорхо, цо контракт йира Боливин лакхарчу дивизионан «Ориенте Петролеро» тобанца 2003 шарахь, 2006 шарахь ловзуш вара бегондехь «Португезехь», кхаа матчехь левзира. 2007 шарахь бегондица ловзуш вара «Коринтианс» клубехь, цигахь левзира 18 матчехь, 2 гол тоьхна Бразилин А серийн чемпионатехь, ткъа иштта 2 гол тоьхна Бразилин Кедехь. Тренер хийцинчул тӀаьхьа, шен меттиг дӀайаьлла цуьнан тобанехь; «Коринтианс» цу шарахь лакхарчу дивизионера охьайаьккхира. Цул тӀаьхьа жимма хан йаьккхира цо КъатӀарехь а, Къилба Корейхь а. 2009 шарахь иза йухавеара «Ориенте Петролеро» клубе, цул тӀаьхьа бегондехь ловзуш вара «Спорт Ресифи» а, Соьлжа-ГӀалара «Терк» а клубашкахь[3].

Боливин гулйина командехь дакъа лаьцна 2004 а, 2007 а шерашкара Америкин Кедашкахь.

Дуьненайукъара

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Арсе Боливин гулйина команде дуьххьара кхайкхира 2004 шарахь. Боливин гулйина командица дакъалаьцна пхеа Америкин Кедехь: 2004, 2007, 2011, 2016, 2021 шерашкахь.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. Juan Carlos Arce // Transfermarkt.com(бил-боцу.) — 2000.
  2. Juan Carlos Arce Justiniano // As (исп.)Madrid: PRISA, 1967. — ISSN 1888-6671
  3. «Терек» расстался с Лахияловым и Арсэ Кеп:Архивировано