Арсаханов Исраил
| Арсаханов Исраил | |
|---|---|
| Арсаханов Исраил | |
| Вина терахь | 1916 шеран 16 декабрь йа 1916 шеран 19 декабрь |
| Вина меттиг | Бони-Эвла, Хаси-Эвлан гуо, Теркан область, Россин импери |
| Кхелхина терахь | 1989 шеран 25 октябрь (72 шо) |
| Кхелхина меттиг | Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР |
| Пачхьалкх | |
| ГӀуллакхан тайпа | филолог |
| Ӏилманан кхоче | филологин Ӏилманийн доктор, профессор |
| Белхан меттиг | |
| Альма-матер | |
| Ӏилманан дарж | Филологин Ӏилманийн доктор[вд] |
| Ӏилманан цӀе | профессор[вд] |
| Воьвзу сана | Ӏилманча |
Арсаханов Исраил Ӏабдул-Хьамидан воӀ (1916 шеран 16 декабрь, Бони-Эвла, Хаси-Эвлан гуо, Теркан область, Россин импери — 1989 шеран 25 октябрь, Соьлжа-ГӀала, Нохч-ГӀалгӀайн АССР) — филологин Ӏилманийн доктор, профессор[1]. РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо[1]. Исраилан де цӀе йара Ӏабдулгамид[2].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1916 шеран 16 декабрехь Теркан областан (хӀинца ДегӀаста), Хаси-Эвлан гуонахь[1]. Дешна Шури-ГӀаларчу хьехархойн училищехь, Ленинградерчу университетан филологин факультетехь[1]. 1959-чу шарахь дуьйна белхаш бо Нохч-ГӀалгӀайн Ӏилманан-талламан институтехь а, Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтехь а (тӀаьхьо — университет). Еххачу хенахь оцу институтан нохч-гӀалгӀайн филологин кафедрин куьйгаллехь лаьтта[1].
Белхаш
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏилманан дуккха а белхийн автор ву профессор И.Арсаханов. Царах коьрта лара догӀу: Аккинский диалект в системе чечено-ингушского языка. Грозный, 1959; ХӀинцалерчу нохчийн меттан лексика. «Известия ЧИНИИИЯЛ» Т. 5, Грозный 1964; Чечено-аварские языковые встречи. Тезисы докладов. Махачкала, 1965; Чеченская диалектология. Грозный, 1969. Ӏилманан белхан лаккхара мах хадош, Арсаханов Исраилна совгӀат динера «РСФСР-н Ӏилманан хьакъволу гӀуллакххо» сийлаллин цӀе йаларца[1].
Валар
[бӀаьра нисйан | нисйан]Ӏилманчин кхалхар хилла 1989-чу шарахь[1].