Арсалиев Шавади Мадов-Хьаьжи воӀ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Арсалиев Шавади Мадов-Хьаьжи воӀ
Вина терахь 1958 шеран 24 август({{padleft:1958|4|0}}-{{padleft:8|2|0}}-{{padleft:24|2|0}}) (62 шо)
Вина меттиг ССРС , РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀошт, Гуьна эвлахь
Пачхьалкх
Ӏилманан кхоче Филологи, этнопедагогика
Белхан меттиг Нохчийн пачхьалкхан хьехархойн университет
Ӏилманан дарж хьехархойн Ӏилманийн доктор
Ӏилманан цӀе профессор
Альма-матер Нохчийн пачхьалкхан университет
СовгӀаташ


Российн Федерацин лакхара говзаллийн дешаран Сийлахь белхало
«Нохчийн Республикан дуьхьа хьуьнарш гайтарна» мидал
Images.png Арахьара суьрташ
Image-silk.png Шавади Арсалиев

Арсали́ев Шава́ди Мадов-Хьаьжи́ воӀ (вина 1958 шеран 24 август, ССРС , РСФСР, Нохч-ГӀалгӀайн АССР, Веданан кӀоштахь, Гуьна эвлахь) — российн, нохчийн Ӏилманча, хьехархойн Ӏилманийн доктор, профессор, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин корреспондент-декъахо.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вина 1958 шеран 24 августехь Нохч-ГӀалгӀайчуьра Веданан кӀоштан Гуьнахь. 1974 шарахь чекхъяьккхира Гуьнан юккъера ишкол. Ишкол чекхъяьккхинчул тӀаьхьа болх бира колхозехь белхалочун даржехь. 1978 шарахь Советийн эскаран Германера советийн эскаран тобанера цӀавеира[1].

1984 шарахь чекхъяьккхира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан университетан филологин факультет. 1983-1989 шерашкахь болх бира Соьлжа-юртан ишколехь: оьрсийн меттан а, литературин а, нохчийн меттан а, литературин а хьехархо, завуч, цул тӀаьхьа ишколан директор. 1987-1991 шерашкахь болх бира Нохч-ГӀалгӀайн пачхьалкхан хьехархойн институтан юьхьанцара дешаран педагогикин а, психологин а кафедран ассистент а, лакхара хьехархо а[1].

1991 шарахь дӀахӀоьттира Москохан хьехархойн В. И. Ленинан цӀарах институт аспирантурин лакхара ишколан педагогикин кафедран декъе. 1993 шарахь чекхдаьккхира кандидатийн диссертаци. Кандидат хиллачул тӀаьхьа 1996 шо кхаччалц Нохчийн хьехархой институтан педагогикин а, психологин кафедрин доцент вара[1].

1996—1999 шерашкахь дийшира Москохан хьехархойн пачхьалкхан университетан лакхарчу ишколан кафедран докторантурехь. 1999 шарахь чекхдаьккхира докторийн диссертаци[1].

1999 шарахь дуьйна профессор а, Нохчийн хьехархойн институтан кафедран куьйгалхо. 2003 шарахь дуьйна Москохан хьехархойн пачхьалкхан университетан хьехархойн лакхара ишколан кафедран профессор. 2008—2010 шерашкахь Нохчийн пачхьалкхан университетан арахьара а, дуьненаюкъара а уьйранийн проректор. 2010 шарахь дуьйна университетан историн факультетан декан[2].

Зорба тоьхна 70 сов Ӏилманийн а, методикин а белхаш, царех кхоъ монографи ю. Цуьнан куьйгаллийца чекхдаьккхина ворхӀ кандидатийн диссертаци. Ву Дуьненаюкъара хьехархойн академин академик, Дуьненаюкъара хьехархойн дешаран Ӏилманан академин академик, Нохчийн Республикин Ӏилманийн академин «Этнопедагогикин» секторан куьйгалхо[1].

СовгӀаташ а, сийлахь цӀераш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. 1 2 3 4 5 Арсалиев Шавади Мадов-Хажиевич(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2014 шеран 20 августехь. Теллина 2014 шеран 19 августехь.
  2. О декане Архивацийина 20 августехь 2014 шеран.

Библиографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]