Арсалиева Люба Лечин йоӀ

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Арсалиева Люба Лечин йоӀ
оьрс. Арсалиева Люба Лечиевна
ГӀуллакхан тайпа Поэтесса, журналист
Йина терахь 1979 шеран 10 октябрь({{padleft:1979|4|0}}-{{padleft:10|2|0}}-{{padleft:10|2|0}}) (41 шо)
Йина меттиг Нохч-ГӀалгӀайн АССР, ТӀехьа-Мартанан кӀоштара, ТӀехьа-Марта,
Гражданалла Российн байракх Росси
Да Леча

Арсалиева Люба Лечин йоӀ (оьрс. Арсалиева Люба Лечиевна; 1979 шеран 10 октябрехь, Нохч-ГӀалгӀайн АССР , ТӀехьа-Мартанан кӀошт, ТӀехьа-Марта) — нохчийн поэтесса[1], Российн Федерацин Яздархойн бертан декъахо, Российн Федерацин Журналистийн бертан декъахо[2], «Соьлжа-ГӀала» телерадиокомпанин шеф-редактор[3]. Яздо оьрсийн а, нохчийн а меттанашкахь.

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Жималла[нисъе бӀаьра | нисъе]

Любас дешна ТӀехьа-Мартанан № 2 йолчу юккъера ишколехь, иза чекхъяьккхинчул тӀаьхьа деша хӀоьттира Нохчийн пачхьалкхан университетан филологин факультете. Оццу хенахь дийшира Къона корреспондентийн ишколехь. Цул тӀаьхьа берашна оьрсийн мотт а, литература а хьийхира ТӀехьа-Мартанан № 7 йолчу юккъера ишколехь[4].

Карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Байташ яздан йолаелира ишколехь дуьйна. Марзъелира синмехаллин хӀоттам исбаьхьа дӀакховдоран романтика. Юьхьанца иза дара ийзалуш шен ойланаш кехатан тӀеяхар. Коьртаниг яздора мехкарийн лирикин могӀанаш шен чохь болу сингаттамах, сатийсамех, ойланех лаьцна. ТӀаьхь-тӀаьхьа оцу лаамо орамаш тесира, цунах доцуш цатерг хилира. Юьхьанца Любина яздинарг гайта иэхь хетара. Амма цунах къайле хилла дукха ца лаьттира. Байташ республикин газеташкахь, а журналашкахь а гучуевла йолаелира. Байташ зорбане яхийтира тамехь долу литературин-исбаьхьаллин журналашкахь, масала, «Орга», «Вайнах», «Нана». Масех байт араелира жамаӀатан гуламехь: «ЗӀийдигаш» а, «Седарчийн гулам»[4].

2008 шарахь Къилбаседа Кавказан къона яздархойн дийцарий декъахо хилира. Ткъа 2009 шарахь Нохчийн литературин гӀоьнна фонда агӀора хиллачу республикин къовсамехь, толамхо хилира. Евразин яздархойн бертан а, Москохан гӀалин кхолламан яздархойн бертан совгӀатийн лауреат ю. СовгӀат дина М. Мамакаевн цӀарах «Дешин аьрзу» орденца а, А. Чеховн цӀарах мидалца а[4]. Л. Арсалиевас байташ йоцуш язйо кхин проза а, ткъа кхин а гочдо нохчийн маттера оьрсийн матте. Байташ язйо нохчийн а, оьрсийн а маттахь[4].

«Соьлжа-ГӀалин белхало» арахецаралло зорба тоьхна, Нохчийн маттахь болу хьалхарчу гуламехь «ЦӀархазмана аьлла доцуш…», ю поэзи а, проза а. Иза арабелилира Нохчийн Республикин арахьара зӀенийн, къоман политикин, зорбанан, хаамийн министраллин гӀоьнца, цунна юкъаяхара поэзии а, проза (кегийра дицар) а[4].

Жайна чухоамца жима делахь а, амма цуьнан агӀонаш тӀехоьира 80 байт а, жима 4 дийцар. Ерриш уьш кӀоргера чулацам болуш, ешархочуьнга дахаран маьӀнех ойла йойтуш. Любин байтийн тематика доттагӀаллех, адамийн юкъаметтигех лаьцна ю. Шен байташкахь цуо бала хьоьгу, сагатдо, цабезам хуьлу, гӀайгӀане хуьлу, амма охьа ца таьӀа дахаран баланийн дозаллин. Царна чохь шортта гӀайгӀа бу, амма дог эшар дац. Шен ойланийн турпал санна, иза чӀогӀа натура ю[4]. Гуламехь хьалха язйина ю байт «Даймохк»[4].

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. В Москве состоялась презентация нового романа Канты Ибрагимова «Стигал». ChechnyaTODAY.com (06 апреля 2015г.). Теллина 2021 шеран 15 мартехь.
  2. В Чечне определены финалисты конкурса «Нохчийн мотт – сан дозалла». grozny-inform (13.04.2011). Теллина 2021 шеран 15 мартехь.
  3. В Центарое состоялся концерт ансамбля «Нохчо». телерадиокомпания «Грозный» (6 марта 2018). Теллина 2021 шеран 15 мартехь.
  4. 1 2 3 4 5 6 7 Без тебя все кажется туманным…. Малика Абалаева - «Вести республики» №154 (1837) (16.08.2012). Теллина 2021 шеран 15 мартехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]