Аристократи

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Аристокра́ти (желт.-шира. ἀριστοκρατία, «уггаре дикачеран Ӏедал»; схьадаьлла ἀριστεύς — «уггаре вевзаш верг, беркате тайпанех схьаваьлларг» а, κράτος — «ницкъ, Ӏедал, баьчча») — Ӏедал элашкахь долу (къаьстина ша когаметта висинчу монархан урхаллех) пачхьалкхан урхаллин кеп.

Шена чуьра и термин схьайаьлла Шира Желтойчохь, и урхаллин кеп йуьхьанцарчу вариантехь ма-дарра кхетадора «уггаре дикачеран урхалла»[1], оцу хенахь хӀора аристократан шен дикалла йара. Теро гар дара йуккъерабӀешерийн Малхбузен Европехь (къонахийн дикаллаш) а, шира Цийчохь а (йалх говзалла), цигахь аристократ боккъала а уггаре дика ву цхьаьна коллективехь, тайпанехь, гӀалахь, махкахь (регионехь), пачхьалкхехь.

Аристократин истори а, дух а урхаллин кеп санна[нисйе бӀаьра | нисйе]

Оцу урхаллин кепан аматаш ган тарло цхьацца антикаллин (Шира Рум, Спарта, кхин а) гӀала-пачхьалкхашкахь а, Европин йуккъерабӀешерийн цхьацца республикашкахь.

Цунна дуьхьала хӀоттайо хьалхара демократи, цунна чохь пачхьалкхан Ӏедал массеран йа дукхаха болчу гражданийн ду.

«Аристократи» термин лело йукъайаьккхина антикин философаша Платона а, Аристотела а.

Аристотель къастайора аристократи, урхаллин дика кеп йу цхьаьна могӀара политица, цуо иза уггаре дика лорура (йуккъерчеран Ӏедал) а, монархица а, иза йоьдура аристократин хьалха, политин тӀехьа.

Аристотела талхийна аристократи лорура олигархи — хьал долчеран Ӏедал, цуьнца дукхаха дерг урхаллехь болчеран бала бен бац, пачхьалкхан бала хила безучехь.

Аристократин бух тӀехь лаьтта, пачхьалкханна урхалла дан деза массарел дикачара йа хаьржинчара боху, ойла. Амма харжараллин болх тайп-тайпана чекхбоккху: цхьацца аристократешкахь хаьржинарг кхетадо элех схьавалар, кхечара тӀемлойн доьналла, лакхара хьекъал хилар, динехь йа оьздангаллехь совбовлар, тӀаьххьара, иштта бахаман барам а, тайпа а (бахаман ценз). Дуккха а масалашкахь терго йан лур йу дозанаш леларна тӀехь ма-йарра дикаллин тӀера эллин доьзалера хиларе кхаччалц. Вуьшта, дукхаха йолчу аристократешкахь и масех фактор хуьлу, йа уьш массо цхьаьна кхета пачхьалкхан Ӏедалан бакъонаш билгалйахархьама.

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Диоген Лаэртский. О жизни, учениях и изречениях знаменитых философов. VIII. 3

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Аристократия // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
Урхаллин кеп, политикин дӀахӀоттамаш, системаш
Ков:Политика · нисъе