Арборея (юдикат)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Тиламало, хӀинцалера Арборея гӀала яц
Историн пачхьалкх
Юдикат Арборея
Байракх ХӀост
Байракх ХӀост
Giudicati of Sardinia 1.svg
Siñal d'Aragón.svg 
IX бӀешо — 1420

Коьрта гӀала Тарра, Ористано
Мотт латинан, сардинийн
Дин Католицизм
Урхаллин тайпа Юдикат

Арбория я Арбореа (Arborea) — X—XV бӀешерашкахь Сардини гӀайренан малхбузехь хилла юдикат (юккъерчу бӀешерашкара феодалан мохк). Коьрта шахьар — хьалха хӀорд йистера Тарра хилла, тӀаьхьа — хӀордан талорхой тӀелатахь а аьлла чӀагӀйина Ористано.

Арборийн суьдхой (юдексаш) урхалла дора Сардинин малхбузан бердашца, X бӀешарахь Ӏаьрбий тӀелетачар севццачу хенара шаьш урхалла дика дора. 1164 шарахь меттигера урхалчо Баризо II-гӀачо комаьрша кхаъ белла, ийцира Фридриха Барбароссегара Сардинин паччахьан дарж, амма шолгӀачу шарахь императоро дӀадаьккхира и дарж.

Арборея уггар ницкъ болуш хилира Мариано IV-гӀа (урхалла дина 1347—1376 шерашкахь) волуш, цунна Сийлахь-Воккха цӀе тиллира. Цуо аьттонца тӀом латтабора арагоношца а, генуэзашца а, даржийра арборейхойн Ӏедал дерриг аьлча санна гӀайрен тӀе.

Марианон тӀаьхьа гӀайренан урхалла дира цуьнан йоӀа Арборейн Элеонорас. Цуо тӀеэцна сардинин низаман бакъо (карта де Логу) лаьттира ницкъ болуш 1827 шо кхаччалц. Цуьнан майра хилла генуэзхойн баьчча Бранкалеоне Дориа тайпанара.

Цул тӀаьхьа юдикатан урхалла дина Элеонорийн вешийн кӀента кӀанта Гийом II де Лара, виконт де Нарбонна. Иза тӀелеташ волчу сицилийн паччахьан Мартин I-чун дуьхьалона коьрте хӀоьттира. 1409 шарахь Гийом вийра Санлурин тӀамехь. ШолгӀачу шарахь арагонойн ницкъ ца лабелла, юьйжира арборейхойн коьрта шахьар Ористано.

Библиографи[нисъе | нисъе чухулара]

  • Dizionario Biografico degli Italiani. Rome, 1963 — Present.
  • Nowé, Laura Sannia. Dai «lumi» dalla patria Italiana: Cultura letteraria sarda. Mucchi Editore: Modena, 1996.
  • Day, John. La Sardegna sotto la dominazione pisano-genovese dal secolo XI al secolo XIV. UTET: Turin, 1987.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]

  • Арбореа // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.