Чулацаман тӀегӀо

Арахьара гӀуллакхийн министр

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди

Арахьара гӀуллакхийн министрпачхьалкхан арахьара политикин ведомствин куьйгаллин министран рангера даржехь верг. Правительствон декъахо ву (министрийн кабинетан, министрийн кхеташонан). Правительствон даржех ладамех цхьаъ. Наггахь министрийн кабинет шолгӀа дарж.

Ламастехь даржах олу арахьара гӀуллакхийн министр. Амма юкъардахарш ду: АЦШ оцу даржах олу пачхьалкхан секретарь (пачсекретарь). Йоккха Британехь — арахьара гӀуллакхийн а, ДоттагӀаллин гӀуллакхийн а министр (пачхьалкхан секретарь). Цхьацца пачхьалкхашкахь: арахьара юкъаметтигийн министр, арахьара уьйранийн министр, дуьненайукъара гӀуллакхийн министр, арахьара гӀуллакхийн а, махлелоран а министр, арахьара гӀуллакхийн пачхьалкхан секретарь, кхин дӀа а. Латинан Америкин дукхаха болчу мехкашкахь, арахьара гӀуллакхийн министрах олу canciller (аьлча а канцлер).

Арахьара политикин ведомствин коьртан дарж юкъадаьлла, пачхьалкх а, дипломати а юкъаяларца. Даржан тайп-тайпана цӀе лора. Яьржинчех цхьа цӀе яра — канцелярин хьаькам. ЮккъерабӀешерийн муьрехь — канцлер, и дарж юстицин министран даржаца догӀуш делахь а. Византехь арахьара политикин ведомстван коьртан даржах олуш хилла «оффицин магистр».

XVI бӀешарахь Францехь кхоьллира пачхьалкхан арахьара гӀуллакхийн секретаран дарж, цунах васт хилира арахьара гӀуллакхийн министран даржан. XVII бӀешарахь стаган арахьара гӀуллакхийн пачхьалкхан секретаран дарж лора, ткъа цхьа хан яьлча царех Пачхьалкхан министр хуьлу. Амма хилла юкъарадахарш а. XVIII бӀешарахь оцу даржан цӀе чаккхенца чӀагӀъелла йисира.

Ватиканехь арахьара гӀуллакхийн министран даржах олу Ватиканан Пачхьалкхан Секретариатан пачхьалкхашца юкъаметтигийн секретарь.

Россехь арахьара гӀуллакхийн министран дарж юкъадаьлла 1802 шарахь министраллаш кхолларца.

Арахьара гӀуллакхийн министрийн мехкашкахула йолу испискаш

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Австрали а, Океани а

[бӀаьра нисйан | нисйан]

Хьажа кхин а

[бӀаьра нисйан | нисйан]