Анхель, Вилькер
![]() | |||||||||||||
Юкъара хаамаш | |||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1993 шеран 18 март[1][2][3] (27 шо) | ||||||||||||
Вина меттиг | |||||||||||||
Гражданалла | |||||||||||||
Позици | турсло | ||||||||||||
|
|||||||||||||
|
|||||||||||||
![]() |
Вилькер Хосе Анхель Ромеро (испан. Wilker José Ángel Romero; вин. 1993 шеран 18 март[1][2][3], Валера[d]) — Венесуэлера футболист, «Ахмат» клубан а, Венесуэлан гулйина тобанан а турсло. Венесуэлера футболистех уггаре дукха Российн чемпионатан ловзаршкахь дакъа лаьцнарг.
Клубан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Вилькер ловза волавелира «Трухильянос» клубехь. 2010 шеран 12 сентябрехь «Карабобо» клубан дуьхьула ловзуш хилира цуьнан Венесуэлан лакхара лигехь. Шен хьалхара сезонехь Вилькерс гӀо дира шен клубанВенесуэлан Кубок яккха. 2011 шарахь Анхель «Депортиво Тачира» клубе велира. 5 мартехь хилира цуьнан хьалхара ловзар «Карони» клубан дуьхьула. Оцу ловзарехь Вилькерс шен хьалхара гол «Депортиво Тачира» клубехь. Керла клубаца Анхельч шозза яккхира Венесуэлан чемпионат. 2016 шеран 6 апрелехь Кубок Либертадорес къуьйсуш Эквадорера «Эмелекан» дуьхьул ловзуш цо гол чуьтуьхийра.
2016 шарахь Вилькер волавелира «Терекехь» ловза[4]. Цуьнан хьлахара ловзар хилира 14 августехь Москвара «Локомотиван» дуьхьула[5]. 28 августехь «Ростован» дуьхьул ловзуш Анхельс шен «Терекехь» хьлхара гол[6]. 2017 шарахь Анхельс кхиъ шин шара яхъйира «Терекца» контракт[7].
«Ахматан» болельщикаш лерира Анхель тоьллира ловзархо 2016/17 шерийн сезонехь[8].
Карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]
2011 шарахь Анхельс дакъа лецира Перухь хилла Къилба Американ кегирхойн чемпионатехь. Оцу турнирехь иза байтӀе ца велира. 2013 шарахь Вилькерс юха а вагӀара Аргентинехь хилла Къилба Американ кегирхойн чемпионате. Цигахь иза левзира Уругвайн а[9], Эквадоран а[10], Перун а[11], Бразилин а[12] гулйина тобанийн дуьхьула.
2014 шеран 19 ноябрехь Вилькерс хьалхара левзира Венесуэлан гулйина тобанехь Боливин гулйина тобанан дуьхьула товарищески ловзарехь[13]. Оцу ловзарехь Анхельс чуьтуьхира шен гулйина тобанехь хьалхара гол.
2015 шарахь Вилькерс дакъа лецира Чилехь хилла Америкин Кубкехь, амма тренераш иза байтӀе ара ца хийцира.
2016 шарахь Анхельс юха а дакъа лецира СШАхь хилла Американ Кубкехь. Цигахь иза левзира Ямайкан[14] а, Уругвайн[15] а, Мексикан а[16], Аргентинан а[17] гулйина тобанийн дуьхьула.
Венесуэлан гулйина тобанехь чуьтоьхна голаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
# | Терахь | Меттиг | Къийсамхо | Счёт | Хилларг | Къийсам |
---|---|---|---|---|---|---|
1. | 19 ноября 2014 | Эрнандо Силес, Ла-Пас, Боливи | ![]() |
0:1 | 3:2 | ДоттагӀаллийн матч |
2. | 3 февраля 2016 | Агустин Товар, Баринас, Венесуэла | ![]() |
1:0 | 1:0 | ДоттагӀаллийн матч |
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Клубашкахь
- «Трухильянос»
- Венесуэлан Кубок — 2010
«Депортиво Тачира»
Венесуэлан футболан чемпионат — 2010/2011
Венесуэлан футболан чемпионат — 2014/2015
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 Transfermarkt.com — 2000.
- ↑ 1 2 (unspecified title)
- ↑ 1 2 As — Madrid: PRISA, 1967.
- ↑ Анхель Вилькер подписал контракт с «Тереком» (оьр.). fc-terek.ru (1 августехь 2016).
- ↑ Терек VS. Локомотив Москва 1:1 (оьр.). soccerway.com (14 августехь 2016).
- ↑ Терек VS. Ростов 2:1 (оьр.). soccerway.com (28 августехь 2016).
- ↑ Анхель продлил контракт с «Тереком» до 2021 года (оьр.). soccerway.com (28 августехь 2016).
- ↑ Вилькер Анхель — лучший игрок сезона в «Тереке» (оьр.).
- ↑ Уругвай (до 20) VS. Венесуэла (до 20) 2:2 (оьр.). soccerway.com (18 январехь 2013).
- ↑ Эквадор (до 20 лет) VS. Венесуэла (до 20 лет) 0:1 (оьр.). soccerway.com (13 январехь 2013).
- ↑ Перу (до 20) VS. Венесуэла (до 20) 1:0 (оьр.). soccerway.com (15 январехь 2013).
- ↑ Бразилия (до 20) VS. Венесуэла (до 20) 1:0 (оьр.). soccerway.com (17 январехь 2013).
- ↑ Боливия VS. Венесуэла 3:2 (оьр.). soccerway.com (19 ноябрехь 2014).
- ↑ Ямайка VS. Венесуэла 0:1 (оьр.). soccerway.com (5 июнехь 2016).
- ↑ Уругвай VS. Венесуэла 0:1 (оьр.). soccerway.com (10 июнехь 2016).
- ↑ Мексика VS. Венесуэла 1:1 (оьр.). soccerway.com (14 июнехь 2016).
- ↑ Аргентина VS. Венесуэла 4:1 (оьр.). soccerway.com (19 июнехь 2016).