Анторян, Роберт Овакимович
Юьззина цӀе | Анторян Роберт Овакимович | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина терахь | 1942 шеран 22 февраль (78 шо) | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Вина меттиг | Тиблиси, ССРС | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Гражданалла |
![]() ![]() |
|||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Локхалла | 173 см | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
Йозалла | 72 кг | |||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||||
|
Анторян Роберт Овакимович (1942 шеран 22 февраль, Тиблиси, Гуьржийн ССР, ССРС) — советийн а, кхазакхстанан а футболист, тренер, футболан арбитр.
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Юьхьанцара шераш[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вина, кхиина Тиблисехь. АнторянгӀеран доьзал бехира гӀалин юккъехь. Анторянан да — Оваким Арутюнович Туркойчоьра ведда эрмало вара, иза охьахиира дозанера Ахалкалаки гӀалахь. Тиблисе кхелхинчул тӀаьхьа Анторянан да мачаш еш вара. ТӀаьхьуо Оваким Арутюнович бехк боцуш бехке вина бархӀ шо тоьхна лецира. Нана — Наталья Акоповна (ден фамили Джанкулашвили), хӀусамнана яра, бераш кхиор бен кхин болх беш яцара. Футболех Анторян левзира бераллехь дуьйна. Юьхьанца иза левзира керташкахь, дас ца могуьйтура профессионалан ловзархо хила.
Анторянан дуьххьарлера футболан секци хилира футболан ишкол № 35. ТӀаьхьуо ишколан кххаа ловзархочуьнца дехьаваьккхира Футболан кегийрхойн ишколе, цигахь директор вара гӀараваьлла арбитр Баканидзе Григорий Константинович. Анторян оцу хенахь Ӏамош вара Баканидзес а, ССРС хьакъ долу тренера Гальперин Асер Марковича а, Баканидзе матчашкахь суьдхо волуш цуо хуьйцура иза.
ИссалгӀачу классехь «Къона динамохо» ишколаца йолчу матчехь турслочуьнца Ӏоттавелла Анторянан чӀогӀа коьртан хье лазийра. Оцу ловзаран моментера кхин ткъа минотехь левзира аренехь, тӀаккха гӀо хилла, самвелира дарбанцӀахь.
«Кайрат»[нисъе бӀаьра | нисъе]
Оцу хенахь Анторянан да, лаьцначура цӀа веина, шен зудчун ненавешийца, шахматех ловзаран иссалгӀачу дуьненан чемпионанца Петросян Тигранца дагавала Москоха вахара. Хьешан цӀа чохь вевзира кхазакх, иза хиллера генара гергарло долуш Кунаев Динмухьамадца. Керла вевзинарг хиллера Кустанайн областан дахаран хьашташ кхочушдаран куратор, ден баланаш бевзина, ша волчу кхайкхира, гӀо дан дош делла. Иштта Анторянан да болх бан волавелира Кустанайхь.
Иза хиина, Анторянан нанас телеграммица Оваким Тиблисе а кхайкхина, дийхира кӀант ша волчу дӀавига аьлла. 1958 шеран июлехь Анторянан да кеманахь веина дӀавигира Роберт шеца Кустанай. Ишкол чекхъяьккхина, Анторян сихха ловза волавелира коьртачу командин юкъахь меттигерачу «Динамохь». 1959 шеран аьхка Кунаевн гергарниг дехьаваьккхира Алма-Ата, цунна тӀаьххье вахара Анторянан да а. ЦӀавеина матчера Робертан стоьла тӀехь ахча а, билет а, яздина кехат а карийра, дас кхойкхура цуьнга шеца Кхазакхстанан коьрта шахьре. Цул тӀаьхьа Анторян левзира «Кайратан» кечаман тобанехь, ткъа 1959 шеран сентябрехь Болотов Владимира кхайкхира цуьнга коьртачу команде. Анторянца баьхкира Горбов Владислав, Омаров Диас, кевнахо Водопьянов Олег. Оцу хенахь хууш дара, юха шарахь «Кайратан» ССРС А классан лакхарчу лигехь дебют хир юй. «Кайратан» коьрта тренер Глебов Николай Алма-Ата веира Москохара, амма футболисташна хьалха авторитет сиха яьккхира. Николай Яковлевича йоцучу хенахь тӀеман кийча коллектив кхоьллира. Ловзархой аренехь вовшех кхетара, вовшеннан кхачамбацарш дӀабохура.
Кхиамаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ССРС Хьалхара лигин чемпион: 1967
- ССРС Хьалхара лигин детин совгӀатхо: 1969
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 22 февралехь
- Бинарш 1942 шарахь
- Адамаш абатца
- Бинарш Тиблисехь
- Википеди:Суьрташ доцу футболистех яззамаш
- Спортхой абатца
- Футболисташ абатца
- Футболан тренераш абатца
- ССРС футболисташ
- ССРС футболан тренераш
- Кхазакхстанан футболан тренераш
- ССРС футболан суьдхой
- ФК «Арарат» Ереван ловзархой
- ФК «Астана-1964» ловзархой
- ФК «Восток» ловзархой
- ФК «Кайрат» ловзархой
- ФК «Спартак» Семей ловзархой
- ФК «Тараз» ловзархой
- ФК «Шахтёр» Караганда ловзархой
- ФК «Актобе» тренераш
- ФК «Шахтёр» Караганда тренераш