Антигуа а, Барбуда а

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Антигуа а, Барбуда а
Antigua and Barbuda
Flag of Antigua and Barbuda.svg Coat of arms of Antigua and Barbuda.svg
Байракх ХӀост
Девиз: «Each Endeavouring, All Achieving
(Старанием каждого свершается общее)»
Шатлакхан Илли: «Fair Antigua, We Salute Thee»noicon
LocationAntiguaAndBarbuda.png
Маьрша яьлла хан 1 ноябрь 1981 (Йоккха Британех)
Официалан мотт ингалсан
Коьрта гӀала Сент-Джонс
Яккхий гӀаланаш Сент-Джонс
Урхаллин тайпа Йоккха Британис куьйгалла ден ДоттагӀаллин юкъара маьрша пачхьалкх[1][2]
Паччахь-аьзни
Инарла-губернатор
Премьер-министр
Елизавета II
Уильямс Родни
Браун Гастон
Латта
• Массо
• % хина тӀехле.
181-гӀа дуьненахь
440 км²
кӀезиг
Бахархой
• Мах хадор (2014)
Луьсталла

93 581 (2016 июль, мах хадийна)[3] адам.
213 адам./км²
ДЧС
  • Дерриг (2012)
  • ХӀораннан а сина

$1.579 миллиард $ (172-гӀ)
$18,026 $
АДКМ (2013) 0,760[4] (лахара) (67-гl)
Ахча Малхбалера-карибийн доллар (XCD, код 951)
Интернет-домен .ag
Код ISO AG
Код МОК ANT
Телефонан код +1-268
Сахьтан асаш -4

Анти́гуа а, Барбу́да а (инг. Antigua and Barbuda [ænˌtiː.ɡə ænd bɑːˈbjuː.də]) — иштта цӀе йолчу гӀайренаш а, Кегийра Антилийн гӀайренийн тобанера Редонда гӀайрен а тӀиера пачхьалкх (Карибийн хӀорд).

Бахархой — коьртаниг хӀуӀаьржа расан нах бу. Дукхаха берш динаца — протестанташ бу.

ДоттагӀаллин а, Американ пачхьалкхийн кхолламан а декъашхо.

Пачхьалкхан корта — Йоккха Британин паччахьо, хӀоттийна инарла-губернатор.

Этимологи[нисъе | нисъе чухулара]

ЦӀе схьаяьлла испанийн дешах:Antigua — «шира» а, barbuda «маж йолу». Юьхьанца аравакаша «Вададли» цӀе тиллина долу Антигуа гӀайре, тахана а меттигерчу бахархоша «Вададлы» олу; карибаш, тера ду, Вайомони олуш хилла хилар. 1493 шарахь гӀайрен тӀехь хилла волу Колумб Христофора, Санта-Мария-ла-Антигуа (испан. Santa Maria la Antigua) цӀе тиллина хила тарло, Севильян кафедралан килсерчу иконин сийнна.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Антигуа а, Барбуда а гӀайренаш тӀе дуьххьара нах хевшина вайн эрал 3 эзар шо хьалха. Вайн эра долалуш кхузахь гучудевлира юьртабахам лелош долу аравакийн тайпанаш. XIII бӀешарахь уьш аратеттира майрачу карибаша.

ГӀайренаш дӀадиллина 1493 шарахь Колумб Христофора шен шолгӀачу экспедицехь. Амма климатан халонаш а, карибийн тайпанаш тӀелетар бахьнехь дуккха лаьттира гӀайренаш тӀехь нах хевшина ярташ йоцуш.

1632 шарахь дуьйна — Йоккха Британи мохк. 1674 шарахь Антигуан тӀехь дӀайийра дуьххьарлера шекаран эрзан аре. Ингалсхоша иштта йийра Антигуан тӀехь кхин а аренаш (бамба, тонка, кокосаш), белхаш бан Африкера хӀуӀаьржа лайш чубалон буьйлабелира. Лолла дӀадаьккхира 1834 шарахь. 1666—1667 шш. Антигуа дӀалецира Францис.

1671 ш. Антигуа а, Барбуда а Сент-Китс, Невис, Ангилья, Монтсеррат гӀайренашца цхьаьна Мехна дуьхьалара гӀайренаш колонин юкъадоьду. 1689 ш. гӀайренаш тӀехь юкъаевлла дуьххьарлера урхаллин меженаш, уьш лаьттара лаьттан дайх а, латта лелорхойх а. 1816 ш. Мехна дуьхьалара гӀайренаш йийкъира шина декъе, амма 1833 ш. колони юха а меттахӀоттийра, ткъа Антигуа гӀайре цуьнан центр хилира.

19581962 шерашкахь Антигуа — Вест-ХӀиндин федерацин юкъахь ю, ткъа Мехна дуьхьалара гӀайренаш колони 1960 ш. официалан дӀаяьккхира.

1967 шеран февралехь Йоккха Британис Антигуан «Йоккха Британица ассоциаци йина пачхьалкх» статус елира, юьззина чоьхьара шен урхалла а долуш, Йоккха Британис мохк ларбаран а, арахьара юкъаметтигех жоп луш.

1981 шеран 1 ноябрехь — маьрша пачхьалкх Антигуа а, Барбуда а (гочдичахь испан.  — «шира» а, «маж йолу» а).

Российн Федерацица дипломатин юкъаметтигаш ю (хӀиттийна ССРСца 5.01.1990).

Политикан система[нисъе | нисъе чухулара]

Сент-Джонсан центр

Антигуан а, Барбудан а политикан система билгалйоккху унитаран парламентан монархи олий. Антигуахь а, Барбудахь а болх беш ю вестминстеран модель, цуьнан амалехь ю башха хьолаца екъар а, Ӏедалийн геннийн юкъаметтигаш лелор а. Пачхьалкхан корта бу Йоккха Британин паччахь, цуо хӀоттаво инарла-губернатор, цуьнгахь ерш вакийлатан функцеш. Лейк-Тэк Луиза, 2007 шарахь Антигуан а, Барбудан а исторера инарла-губернатор хӀоьттина дуьххьарлера губернатор-зуда ю.

Министрийн Кабинет кхуллу харжамашкахь тоьллачу партин декъашхойх, премьер-министро (2014 шеран 13 июнехь дуьйна — Браун Гастон) аьлла йолу министрийн кандидатураш формалан къобалйо инарла-губернаторо. Премьер-министр ву правительствон корта, цуьнгахь ду кхочушдаран Ӏедал. Правительствос жоп ло парламентан хьалха, цуо цунна гайта таро ю цатешаран вотум (конституцин 73 яз.). Премьер-министро охьадуьллу шен дарж, нагахь парламент дӀасахецнехь я кхечу меттигехь, цуьнан депутатийн мандат дайнехь я цхьаьна хенан ницкъ дӀабавьллехь. Министран пост йов инарла-губернаторан омарца, цуо сацам бо премьер-министран дехарца, ткъа иштта премьер-министр я парламент дӀасахецча.

Антигуан а, Барбудан а Законашкхолларан Ӏедал правительствехь а, парламентан шинне палатехь а ду. Шина палатан парламент лаьтта Сенаторех (17 сенатор) а, Палатан векалех (17 депутат) а.

Итт сенатор хӀоттаво инарла-губернаторо премьер-министро къобалбийриш, виъ сенатор — оппозицин тхьамдано къобалбийриш. Инарла-губернаторо цхьа сенатор хӀоттаво инарла-губернаторан оьшу аьлла хета социалан я кхечу тобанийн лаамаш кхочашбаран векал вой. Инарла-губернаторо хӀоттийна сенатан цхьа декъашхо, Барбудан Законашкхолларан кхеташонан лаамийн векал ву, кхин цхьаъ а иштта хӀоттаво Барбудера премьер-министро къобалвийриг. Сенатор хила таро ю муьлхха а мехкан гражданин, 21 шерал къуона воцург, даиман а цуьнан махкахь вехаш волу ша хӀоттавале 12 бутт хьалха дуьйна (ст. 29).

Векалийн Палатан депутат хила таро ю муьлхха а мехкан гражданин, 21 шерал къуона воцу, харжале 12 бутт хьалха дуьйна гуттаренна а махкахь вехаш волу (ст. 38). Векалийн Палатан депутаташ хоржу дуьххьала дӀа къайлаха дерриг къомо кхаж тасарца цхьаьна мандатан гуонехь (2010 ш. хьолашца — 17) мажоритаран системица (ст. 40). Парламентера цхьа меттиг йитина ю Барбуда гӀайренна. Жигара харжаман бакъо ю Антигуан а, Барбудан а 18 шо кхаьчначу гражданийн, ткъа иштта ДоттагӀаллин гражданийн (18 шерера дуьйна), нагахь пачхьалкхехь бахам белахь.

ТӀаьххьара харжамаш хилла 2009 шеран 12 мартехь. Харжамийн жамӀашца Цхьаьнатоьхна прогрессиван партис 9 депутатийн меттиг баьккхина, Лейбористийн партис — 7 меттиг, Барбудан Халкъан Болам — 1 меттиг.

Суьдан Ӏедал гойту Малхбален-карибан Лакхарчу суьдо (штаб-квартира ю Сент-Люсехь, цхьа суьдхо ву Антигуан а, Барбудан а резидент, Юкъара юрисдикцин суьдехь председатель а ву иза). Малхбален-карибан Лакхарчу суьдан системан хӀора пачхьалкхан-декъашхочун ю шайн Лакхара бакъонан суд, иза канцелярица цхьаьна белхан меттиг ю меттигерчу суьдхочун гуламан меттиг. Антигуа а, Барбуда а иштта ю Карибан нийсонан суьдан декъашхо.

Меттигера шеш шайна урхалла даран меженаш Антигуахь яц гӀайрен барам жима хиларна. Ерриг урхаллин функцеш лелайо къоман правительство. Леррина Барбудан регламент йо меттигера кхеташонан белхо, иза ю коьрта меже меттигерчу шеш шайна урхаллин гӀайренан тӀехь. Лелаш ду Барбудан меттигерчу шеш шайна урхаллин акт тӀеэцна долу 1976 шарахь. Меттигера кхеташо лаьтта 11 декъашхочух.

Административан екъаялар[нисъе | нисъе чухулара]

Мехкан карта.

Антигуан а, Барбудан а мохк бекъна 6 гуон — Сент-Питер, Сент-Филип, Сент-Джордж, Сент-Джон, Сент-Мэри, Сент-Пол — кхин а 2 бозуш болу мохк — Барбуда а, Редонда а (ма-дарра дийцича дозуш долу мехкаш доцу, хӀунда аьлчи гойту шеш къасто йиш йоцу мехкан дакъош санна).

Гуо
  1. Сент-Джордж (Saint George)
  2. Сент-Джон (Saint John)
  3. Сент-Мэри (Saint Mary)
  4. Сент-Пол (Saint Paul)
  5. Сент-Питер (Saint Peter)
  6. Сент-Филип (Saint Philip)
Коьрта гӀала

Пигготс (Piggots)
Сент-Джонс (Saint John’s)
Боланс (Bolans)
Фалмут (Falmouth)
Парем (Parham)
Карлайл (Carlisle)

The Parishes of Antigua

Географин хьал[нисъе | нисъе чухулара]

Пачхьалкх лаьтта дикка доккхачу шина гӀайренах а, церан бердашна йисттерачу масех кегийра гӀайренех а. Антигуа — уггаре доккха (280 км²) а, адам охьахиина а ду. Барбуда гӀайре, лаьтта Антигуан 48 км къилбаседехьа, иза шен барамца шолгӀа гӀайре ду (161 км²). Жима тӀехь дехаш адам доцу гӀайре Редонда (1,6 км²), Антигуан 40 км малхбузехьа долу, иштта дакъа ду Антигуа а, Барбуда а пачхьалкхан. Малхбалехь Атлантикан океанан хиш ду, ткъа малхбузехь — Карибан хӀордан.

Ландшафтехь, коьртаниг, аренаш ю. Антигуан уггаре лекха меттиг — Богги гу (402 м) бу, ткъа Барбудан — 32 м.

Пачхьалкхан коьрта шахьар — Сент-Джонс гӀала, Антигуа гӀайрен тӀехь ю. Цхьаъ бен йоцу нах хевшина меттиг Барбуда гӀайрен тӀехь ю Кодрингтон.

ГӀайренаш тӀехь ю йовха тропикан климат, гуттаренна цхьа температура а йолуш. Уггаре дика хенан хӀоттам хуьлу — ноябрь чеккхенгара май болабаллалц.

Фауна[нисъе | нисъе чухулара]

ГӀайренийн дийнаташ гайтина, коьртаниг, луларчу хиш чура — маржанийн рифийн юкъараллин алсама йолчу орнитофауно.

Экономика[нисъе | нисъе чухулара]

Экономикан бух — туризм (60 % ДЧС).

2012 шеран хьолехь юьртабахамехь лелайо юьртабахаман культураш: бананаш, кхоьш, копаста, кхин копасткепарниш, жӀонк, хорсам, маниока, чили бурч, кхин бурчаш, бамба (бамбан хӀуш а, бамбан даьтта), наьрсаш (царна юкъахь корнишонаш), баклажанаш, хох, гӀабакхаш, кабачокаш, кхен сурсаташ, бадаржаш, хьаьжкӀаш; даьхний кхиадо.

Промышленность — бедарш тегар, вахон маларш дар.

Дуьненаюкъара АКТ мехкийн кхоллам юкъайоьду.

2010 шарахь зорбатоьхна Дерригдуьненан банкан хӀора шеран классификацехь, Антигуа а, Барбуда а — «юкъарчул лакхара сан» экономика йолу мохк бу. 1982 ш. кхиа йолаелла офшоран бизнес, 1993 ш. буьйлабелтира кхолла офшоран банкаш, ткъа тӀаьхьарчу шерашкахь кхиа йолаелла офшоран ловзаран бизнес Интермаша лелош. Къоман кхиаран фонде инвестицеш еш, пачхьалкхан облигацеш я гӀишлош, латта эцча Антигуан а, Барбудан а гражданалла ло.

Бахархой[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархой — 86,8 эз. (2010 шеран июлехь маххадийна).

Шарахь тӀекхетта — 1,3 %.

Бераш дуьнен тӀедовлар — 16,4 бер 1000 вахархочун (фертилалла — 2,06 бер цхьаьна зудчунна), баларш — 5,8 стаг 1000 вахархочух, 15 шо кхачанза бахархой дакъа — 28 %, 65 шо а, сов а — 7 %, иммиграци — 2,4 стаг 1000 вахархочух.

Дахаран юккъера хан — 73 шо божарий, 77 шо зударий.

Этно-расан хӀоттам: хӀуӀаьржаниш — 91 %, мулаташ — 4,4 %, хӀукӀайниш — 1,7 %, кхин — 2,9 % (2001 шарахь бахархой багарбарца).

Грамоталла — 86 %.

ГӀалин бахархой — 30 %, юьртан — 70 %. 15 шо кхачанза берш 26 % бахархойх, 15 тӀиера 65 шо кхаччалц берш — 67 %, 65 шерал совбевлларш — 7 %.

Хьажа ишта[нисъе | нисъе чухулара]

Къилбаседа Американ пачхьалкхаш
Антигуа а, Барбуда а | Багаман гӀайренаш | Барбадос | Белиз | Гаити | Гватемала | Гондурас | Гренада | Доминика | Доминикан Республика | Канада | Коста-Рика | Куба | Мексика | Никарагуа | Панама | Сальвадор | Сент-Люси | Сент-Винсент а, Гренадинаш а | Сент-Китс а, Невис а | Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташ | Тринидад а, Тобаго а | Ямайка
Бозуш болу мехкаш: Виргинийн гӀайренаш (АЦШ) | Ангилья | Аруба | Банка Бахо-Нуэво | Банка Серранилья | Бермуда гӀайренаш | Бонайре, Синт-Эстатиус а, Саба а (Карибан Нидерландаш) | Британин Виргинийн гӀайренаш | Гваделупа | Гренланди | Кайманийн гӀайренаш | Клиппертон | Кюрасао | Мартиника | Монтсеррат | Навасса | Пуэрто-Рико | Сан-Андрес-а-Провиденси а | Сен-Бартелеми | Сен-Мартен | Сен-Пьер а, Микелон а | Синт-Мартен | Тёркс а, Кайкос а | Венесуэлан долахь йолу меттигаш


Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. Кеп:Атлас мира
  2. Атлас мира: Максимально подробная информация / Руководители проекта: А. Н. Бушнев, А. П. Притворов. — Москва: АСТ, 2017. — С. 85. — 96 с. — ISBN 978-5-17-10261-4
  3. Antigua and Barbuda
  4. Human Development Report 2013 (ингалс.). United Nations Development Programme (2013). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 13 августехь.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]