Ангорин газа

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Ангорин газа

Анго́рин га́за (иштта кемелан газа, схьадаьлла Ӏаьрб. chamal, дуткъа) — даккхий охкаделла лергаш а, беха чо а болу даьхнех йолу газа. ТӀаргӀа кӀеда, дари санна бу. Ангорин гезарийн тӀергӀах до къега тайнаш, уьш дика девза мохер санна. Нахана йукъа дукха хьолехь цунах олу ангора.

Ангорин газа йоккха а, онда а ю европерачарал, ткъа бож къаьста башха шен дисташ долу, горизонталан шозза хьевзина, онда маӀаш. Шен цӀе (ангорин пхьагал а, ангорин цициг а) оцу тайпанан схьаяьлла хӀинцалера Туркойчоьнан коьрта шахьрехь Анкарах — Ангора[1]. Дуьххьарлера ангорин тайпана гезарий Европе ялийна Сийлахь Руман империн императоро Карл V-гӀачо 1554 шеран гергга, амма и болх аьтту болуш ца хилира.

Америкин Цхьаьнатоьхна Штаташка ангорин гезарий дуьххьара ялийна 1849 шарахь докторо Джеймс П. Дэвиса (инг. James P. Davis). ВорхӀ йоккха газа совгӀат дира султана Ӏабдул-Маджид I-чо реза хилла цуо бамбин дикалла тоярехь деллачу хьехарна. АЦШ гражданийн тӀом болуш жен доккхаха долу хӀаллакдира, тӀаккха а, ангорин гезарий лелор къегира къилба-малхбузехь, масала, Техас штатехь, цигахь тоъал бецаш а, коьллаш ю докъарна. АЦШхь Техас тахана а ю яккхийчех мохер йийриг, ткъа дуьненахь шолгӀа ю иза.

Ангорин газа, уьстагӀехь къаьстина, лорга шарахь шозза, ткъа уьстагӀий цкъа бен ца лоргу. Цхьаьнатоьхна Штаташ, Туркойчоь, Къилба Африка ю коьрта мохер лело пачхьалкхаш. Ехачу хенахь ангорин гезарий кӀайн бос берш кхиайора, тахана гезарийлелорхоша кхиайо кӀайн, Ӏаьржа (чӀогӀа Ӏаьржа, сира, детин), боьмаша, цӀен (цӀен бос дӀаболу хенаца) гезарий.

Дийнайолуш бежалойн йозаллин барам хилар 45—50 кг, гезарийн — 30—35 кг. Лергина тӀаргӀа (мохер) бежалойн 4—7 кг, гезарийн 2—4 кг. ЦӀена схьадолу мохер 65—80 %. Шура ло гезарша 60—100 л, хьоналла 4,4 %. Жижиган чӀогӀа тайна чем бу, кхакханах до лакхара сортан тӀаьрсиг. Мохерах до дика кӀадеш а, кузанаш а[2].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Ангорская коза // Энциклопедический словарь Брокгауза и Ефрона: В 86 томах (82 т. и 4 доп.). — СПб., 1890—1907.
  2. Ангорская порода // Казахстан. Национальная энциклопедия. — Алматы: Қазақ энциклопедиясы, 2004. — Т. I. — ISBN 9965-9389-9-7.