Чулацаман тӀегӀо

Амалия Гессен-Дармштадтан

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Амалия Гессен-Дармштадтан
нем. Amalie von Hessen-Darmstadt
Амалия Гессен-Дармштадтан
Амалия Гессен-Дармштадтан
Гессен-Дармштадтан паччахьан йоӀ
Баденан когаметтахинйолу паччахьан йоӀ

Йина терахь 1754 шеран 20 июнь({{padleft:1754|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:20|2|0}})[1][2]
Кхелхина терахь 1832 шеран 21 июнь({{padleft:1832|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})[2] (78 шо), 1832 шеран 21 июль({{padleft:1832|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:21|2|0}})[1] (78 шо) йа 1832 шеран 28 июль({{padleft:1832|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:28|2|0}})[3] (78 шо)
ДӀайоьллина Пфорцхаймера Сийлахь Михаилан килсехь
Тайпа Гессен-ДармштадтгӀар
Йича тиллина цӀе нем. Friederike Amalie von Hessen-Darmstadt
Да Людвиг IX Гессен-Дармштадтан
Нана Генриетта Каролина Пфальц-Биркенфельдан
Майра Карл Людвиг Баденан
Бераш Карл Баденан, Каролина Баденан, Фредерика Баденан, Вильгельмина Баденан, Елизавета Алексеевна, Мария Елизавета Вильгельмина Баденан, Амалия Баденан, Карл Фридрих Баденан
СовгӀаташ Сийлахь Екатеринин I тӀегӀанара орден
Викилармин логотип Викиларми чохь медиафайлаш

Фридерика Амалия Гессен-Дармштадтан (нем. Friederike Amalie von Hessen-Darmstadt; 1754 шеран 20 июнехь, Пренцлау1832 шеран 21 июнехь, Брухзаль) — Гессен-Дармштадтан паччахьан йоӀ, марехь Баденан когаметта принцесса. Гессен-Дармштадтан ландграфан Людвиг IX а, Генриетта Каролинин Пфальц-Цвейбрюккенан йоӀ. Оьрсийн хин волчу император Павел I хьалхара зудчун сийлахь-йеза стун Наталья Алексеевнин йоккхаха йолу йиша, Александр I зудчун император-аьзнин Елизавета Алексеевнин нана, Александр II зудчун император-аьзнин Мария Александровнин нена нана, сийлахь-йоккха стун Ольга Фёдоровнин нена ненан нана, тӀаьххьара россин император-аьзнин Александра Фёдоровнин а, сийлахь-йоккха стун Елизавета Фёдоровнин а нена нена ненан нана.

1773 шарахь Амалия, шен кегийчу йижаршца цхьаьна, Вильгельминица а, Луизица а, император-аьзнис Екатерина II нускал санна лорура когаметтаволчу сийлахь-воккхачу элин Павелан. Шен цхьана кехат тӀехь цо йаздина паччахьан йоӀах лаьцна: «...Йоккханиг чӀогӀа эсала йу»[4]. Паччахьан кӀанта Вильгельмина хаьржинчул тӀаьхьа, Амалиян император-аьзнис Сийлахь-йоккха Екатеринин орден йелира[5], кхин тӀе совгӀат делира 5 эз. туьма.

Амалия 1774 шеран 15 июлехь маре йахара шен шичега Карл Людвиг Баденера, маркграфан Карл Фридрихан а, иза 1806 шарахь хилира хьалхара сийлахь-воккха Баденан герцог, Каролина Луиза Гессен-Дармштадтан а кӀанте, Амалин дейиша йу. Амалия хила а ца хилира Баденан сийлахь-йоккха герцог-аьзни, хӀунда аьлча цуьнан майра дел хьалха велира 1801 шарахь.

Цуьнан заманхоша дийцарехь, маркграф-аьзни Амалия «чӀогӀа хьекъале а, онда амал йолуш а йара». Наполеонан политикаца мостагӀалла долуш йара иза, шен кӀента Стефани Богарнеца захалонна дуьхьал йара иза. Венин конгрессан заманчохь шен дакъа лецира Сийлахь-йоккха Баденан герцогаллин, иза коьллинера Наполеона, латташ а ца дойуш Ӏалашдина.

Билгалдахарш

[бӀаьра нисйан | нисйан]
  1. 1 2 Lundy D. R. Amalie Friederike Prinzessin von Hessen-Darmstadt // The Peerage (инг.)
  2. 1 2 Carl-Maria-von-Weber-Gesamtausgabe (нем.)
  3. Find a Grave (инг.) — 1996.
  4. Данилова А. Русские императоры, немецкие принцессы. Династические связи, человеческие судьбы. — М.: Изографус, ЭКСМО-Пресс, 2002. — С. 145.
  5. Кавалеры ордена Святой Екатерины. ТӀекхочу терахь: 2011 шеран 2 апрель. Архивйина 2016 шеран 5 мартехь