Амазонка (хи)

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Дехьа гӀо: навигаци a, Лахар
Амазонка
порт. Amazonas, испан. Amazonas
Амазонкан йистехь гилакемаi
Амазонкан йистехь гилакемаi
Характеристика
Бассейнан майда 7 180 000 км²
Хи дайар 220 000 м³/с
ДӀаэхар
Хьост хиш вовшахкхоьтийла йолчу: Мараньон а, Укаяли а
 · Локхалла 110 м
 · Координаташ 4°26′25″ къ. ш. 73°26′50″ м. д.HGЯO
Хикхоче Атлантикан океан
 · Локхалла 0 м
 · Координаташ 0°35′35″ къ. ш. 49°57′22″ м. д.HGЯO
Хин охьане 0,016 м/км
Хи долу меттиг
Хина система Атлантикан океан

Пачхьалкхаш ПеруFlag of Peru.svg Перу, КолумбиFlag of Colombia.svg Колумби, БразилиFlag of Brazil.svg Бразили
Амазонка (хи) (Къилба Америка)
Blue 0080ff pog.svg
хьост
Blue pog.svg
хикхоче
Амазонка Викигуламехь

Амазо́нка (испан.  я порт. Amazonas) — Къилба Американ хи. Кхоллало Мараньон а, Укаяли а хиш вовшехкхетча. Мараньон хин хьостера дохалла — 6992,06 км[1], Апачет хин хьостера — 7000 км гергга, Укаяли хин хьостера 7000 км сов. Амазонка шен уггар дехачохь, Нилца цхьаьна къийсало дуьненан деха охьадоьду хи цӀе езаш, ткъа иштта бассейнан майданца а, дестарца а дуьненахь уггар доккха хи ду.

Бассейнан майда — 7180 эзар км² (кхин терхьашца 6915 эзар км²). Иза хаъал йоккха ю Ла-Платан эстуари бассейнал (4140 эзар км²) а, Конго ( 3700 эзар км² гергга) бассейнал а.

2011 шарахь дуьненан къовсаман жамӀашца, Амазонка дуьненан Ӏаламан ворхӀ Ӏаламатах цхьаъ лаьрра[2].

Амазонкан бассейнан доккхаха дакъа Бразилин ду, къилба-малхбузан а, малхбузан а кӀошташ — Боливин а, Перун а, Эквадоран а, Колумбин а ю. Дукхах долу дакъа охьадоьдуш ду Амазонкин тогӀе чухула экваторан уллохула субшораллин агӀора, Амазонка Атлантикан океанах кхета, цигахь кхуллу дуьненахь уггар даккхийчарех дельта (майда 100 эзар км² сов, оцу юкъахь ду дуьненахь уггар доккха охьадоьдучу хин тӀиера гӀайре Маражо).

Амазонкан хи латтадо дукха геннаш; 20 гергга царех дохалла 1500 км сов ду. Уггар даккхийчарех геннаш: аьттунаш — Журуа, Пурус, Мадейра, Тапажос, Шингу; аьрунаш — Иса, Жапура, Риу-Негру.

Бразилин Къоман обсерваторин геофизикан Департаментан хаамца, цхьана агӀора Амазонкица, амма 4 км кӀоргехь, охьадоьдуш ду лаьттан бухахула Хьамза (Hamza) хи. ОхьадагӀаран бараман маххадабо 3 эзар м³/с[3].

Хи дайаран юккъера барам хин лахенашкахь 220 тыс. м³/с (хийцало шеран хенашка хьаьжжина 70 тӀиера 300 эзар м³/с кхаччалц, кхин сов а) гергга бу. Хи охьадагӀаран шеран юккъера барам 7000 км³ (дуьненан шар тӀехь мелдолу хишшан шеран охьадагӀаран барамах 15 % гергга) гергга бу. ТӀулгаш, гӀум, сацкъар охьахьо — 1 млрд тонн сов. Хи айдалар хин лакха 1400 км хьаладоьду, хикхочехь поророкица цхьаьна айло иза.

Шен геннашца Амазонко кхуллу чоьхьара хин некъийн система, 25 эзар км сов деха ду уьш. Амазонкан коьрта харш кеманаш лелаш ду 4300 км (Андашка кхаччалц) лакха кхаччалц. Манаус гӀала (1690 км хикхочера) кхаччалц хьаладогӀу океанан кеманаш.

Коьрта порташ (лахара хьала): Белен, Сантарен, Обидус, Манаус (Бразили), Икитос (Перу).

Хин бассейнан майда Австрали майда санна ю. Хи дестар къилбаседан а, къилбан а Амазонкин геннаш тӀехь шеран цхьана хенахь ца хуьлу. Цуо мелла а Амазонкин хин барам цхьана эшшара латтабо, цундера иза массо а хенахь дистина ду. Хи дистича бухайоьду шуьйра меттигаш, кхуллу чекх а ца валалуш ишалш.

2017 ш. дац цхьан а транспортан тӀай хин тӀехула.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

Къилба Америкехь амазонкин тайпа хиларан хьалхара хаамаш балабо конкистадор де Кесада Гонсало Хименесца Колумбе (июль 1539) йинчу экспедицехь шаьшша дакъалаьцначу паччахьан гуонахьарчу де Сан Мартин Хуана а, де Лебрих Антониос а:

Лагерь Боготан тогӀенехь йолуш тхойга хаам беара цхьаьна, шаьшша Ӏаш болчу шайца индхой [божарий] а боцуш, зударийн халкъах лаьцна; цундера оха царех амазонкаш элира. Цара, тхойга иза хаам бинчара дийцарехь, шаьшша эцначу цхьаболчу лайшах доьзалхочух хуьлу, нагахь кӀант хилахь, иза дена дӀавохуьйту, ткъа йоӀ кхиайо шайн республика шоръярхьама. Дуьйцу, цара лай лелаво доьзалхочах хилархьама, хилча сихха юхавогӀуьйту ца оьшучу хана, оьшшучу хенахь уьш царна болуш бу.

Де Кесада Хименеса индхойн галдаьллачу хабарх тешна амазонкин паччахьан цӀе Харатива ю, кхин тӀе уьш бехачу кӀоште шен ваша де Кесада Эрнан Перес.

Амазонка карийна конкистадоран де Орельяна Франсискон, дуьххьара европахойх Къилба Американ уггар шуьйрачухула чекъваьлла волчу. 1542 шеран аьхка цуьнан тобана гина боху гӀарадаьлла амазонкийн тайпа, цьрца тӀом а бира цара. Тахана боху, уьш я индхойн зударий хила, божаршна улло хитина тӀом беш, я еха месаш йолуш индхой хилла, уьш испанхошна зударий бу моьттина. Юьхьанца де Орельянан лиира хин шен цӀарах цӀе тилла, амма тӀом сецча ойла а сецира «Амазонка» вариантан тӀехь.

1553 шарахь Амазонка [тайпанан] хи хьахайо «Перун хроника» цӀе йолчу де Леон Сьесан жайнахь:

«Амма хӀинца а деллало, карадо хиш иштта тамашийна даккхий, алсама уьш хета хӀордан айманаш, охьаоьхуш йолу лаьттан тӀехула. Аделантадо Орельянаца [Orillana] чекхбевлла, дукхаха болчу испахоша чагӀ ма дарра, иштта го цунах дерг, Перура къилбаседан хӀордане охьадоьдуш долу хи (оцу хин цӀе ю Амазонка [тайпана хи] (de los Amaзonas), я Мараньон (del Maranon) — дохала эзар сов лиг ду, ткъа шоралла меттигашкахь 25.»[4]

Дуьххьара европахойх хин дохала охьа хьостера хикхоче охьавагӀана 1639 шарахь португалахо Тейшейра Педру. Цуьнца хиллачу новкъахочо иезуита де Акунья Кристобала зорба тоьхна дуьххьара Амазонки чухула некъбарх.

Флора а, фауна а[нисъе | нисъе чухулара]

Амазонино цецвоккху фаунан а, флоран а бахамца. Яккхийчу аренашкахь еха миллион сов тайп-тайпана дийнатийн а, ораматийн а кепаш, и меттиг, цӀаран а доцуш, дуьненан генетикан фонд ю ала мегар ду. Ӏилманчаш чӀагӀдо, 10 км² тропикийн хьаннашкахь 1,5 эзар кепара зезагаш, 750 кепара дитташ, 125 кепара декхашдерш, 400 кепара олхазарш, чот йоцуш букъадаьӀахкйоцу дийнаташ. Дукхах йолу кепаш теллина а яц, евзаш а яц.

Амазонкин бассейнехь яьржина дуьненахь уггар йоккху тӀуьна тропикийн хьаннаш. Иза шатайпа Ӏаламан кхоллам бийцина фон Гумбольдт Александра шен Къилба Америкехула 1799—1804 шерашкахь лелаш, цуо тиллина цӀе гилея (грекийн маттера «гилестон» — хьун). Даиман сийна йолчу экваторан хьаннийн климат йовха а, тӀуьна а ю; дийнна шарахь температура лаьтта 25-28 °C барамехь, буса а 20 °C охьа ца йолу. ДогӀанан йочанаш кхузахь тамашийна дукха ю: церан шеран барам 2000-4000 мм бу, амма наггахь кхин дукха а йогӀу. Хьун чохь мох ца хуьлу, чӀогӀа мох баьлчи диттийн баххьаш леста. Дуькъачу гӀаш юккъехула, лианийн машанаш юккъехула диттийн кондарш кӀела кӀезга серло кхета, ткъа хьийкъина ораматаша хало йо дӀасалела, ориентаци а йохайо. КӀеззиг дӀаваха а, некъ баккха беза.

Оцу меттигийн амалехь ду дуткъа, чехка гӀад кхуьуш, 100 м дахлуш долу лианаш шорта хилар. И ораматаш хьерча гӀодмех а, диттийн геннех а, кондаршка а кхочий дахаран оьшу серло карайо; циггахь уьш яьржа, заза доккху, стом кхуьу. ХьаладагӀа а, дитташ тӀехь кхаза а царна гӀо до тайп-тайпана хӀуманаш (хьесий, кӀохцалш, баьӀаш). Ораматийн дуьненахь боккъала а инзаре ю Victoria regia, йоккха хинан лили, чӀогӀа онда ю иза адаман дозалла а ловш.

Амазонкин тӀехула Белен кӀоштехула 1933 шарахь некъбинчу Вавилов Николайс, билгалдаккхара, Амазонкин бердашца чӀогӀа дукха кепара пальмаш хилар, уьш цигахь 800 гергга кепара ду. Пальмаш кхуьу яккхийра тобанашца а, шаьшша а. Цуо яздора:

«Иза дешан доккхачу маьӀнехь пальмийн пачхьалкх ю. Дуьненахь цхьанхьа а дац оццул тайп-тайпана пальмаш, иштта амплитудан хийцадаларш, кхузахь санна. ЧӀогӀа эффект ло пальман яккхий тобанаш шайн нийсачу гӀодмашца, къегина, гулйина четаре я нуьйне стоьмашца. Цара хоттайо шатайпа ландшафт, тропикашкахь цхьанхьа а йоцуш йолу.»[5]:156

Хишшан уллохьа дукха хьолахь ган тарло капибара — дуьненахь уггар йоккха Ӏуьйшучу экха (йозаллан барам 50 кг гергга), тӀехулара хӀордан хьакханах тера ю иза. Хи мала йогӀуш йолу дийнаташ бердаца ларйо анакондаш — и лаьхьарчий уггар а даккхийра ду кхечарал а, толлу хин чохь а, цу чохь цуьнга кайман а енло. Дукха йолу Амазонин дийнаташ юкъахь ю кхин а, теза хин чухула лела дельфин иния а, нутри (Европехь и экха кхиайо цӀоканан ферманашкахь) а. Амазонкин бердашца ган тарло тапир — дика неканча, 200 кг еза йоллушехь. Дукха хьолахь иза ша дӀасалела хин йистерчу тачанашкахула. Дуу гӀаш, геннаш, стоьмаш, дуккха а кепара хин ораматаш. Джунгляшкарчу кхерамечу дахархойх цхьаъ ду, цицигийн доьзалера уггар а чӀогӀа хи дезачех долу, хин бухахула лелалуш долу ягуар. Индахойн гуарани тайпанаш цунах олу «d’iaguar» — тхо санна.

Амазонкин чохь а, цуьнан геннаш чохь а деха 2 эзар сов кепара чӀерий, вовшех тера а доцуш. Кхузара схьадевлла дукхаха долу гӀарадевлла аквариуман чӀерий — масала, гуппи, меченосцаш, скаляриш, бронякови. Кхузахь бен дац tambaqui чӀерий, цара дуу хин чуоьга каучукийн диттийн хӀуш а, стоьмаш а. Хаало протоптераш — дуьненара тӀеххьара шинхьасадоӀу чӀерий, иштта цхьа метр беха аравана а, цуо хьалакхоссалой хин чуьра хин тӀехула долчу геннаш тӀиера чхьуьйрагаш лоьцу. Амазонкера уггар а гӀараяьллачу дийнатех ду пираньяш, дохала 13-40 см долу тамашена дукха дежа чӀерий. Уьш чӀогӀа дера хуьлу. ТӀекхета тарло хих дехьайолуш йолчу яккхийчу дийнаташна (лаьхьарчашна я екхашйолчарна). Адамашна а кхераме ду уьш — цӀийн хьожа кхетча, оцу чӀерийн жӀуганаш тӀелета, жижиг поттарчий цергашца схьайохуш даьӀахкаш тӀекхаччалц дӀаюу ижу.

Иштта чӀапакортаболу яй а, хараки а (тӀеххьарниг бу Амазонкин промыслан коьрта чӀара) чӀераш хин тӀехула а хезаш гӀара йоккху. Амазонкин чуьра «йиш лоькху» чӀерийн ойсаралла а, тайп-тайпана хилар а хи кегаделла хилар бахьанехь, чохь кира а, кхаьллеш а йолундела хила тарло. Ишттачу хин чохь чӀерашна са ца го, цундела цара аьзнашца хаам бо[6].

Экологи[нисъе | нисъе чухулара]

Хин такси

Амазонкин сельва — хийцалурйоцуш экосистема ю, амма цунна дитташ хьакхарна боккха кхерам бу. Уггар чӀогӀа халлакбина Манаусанний, хикхочений юкъахь болу ший а берд. ΧΧ бӀешеран 70-гӀа шерашкахь алссама хьаннийн аренех дожийлаш дира, цуо лаьттан эрозии йира. Оцу меттигашкахь хӀинца яц куьг кхачанза джунгляш. Хьаькхна я ягийна ораматаш юха метта хитто гӀертахь а, амма иштта хийцанчу хьуьнхахь дакъий бен дац хьалхалерчу бес-бесарчу кепех.

Хьаннех пайда оьцуш халлакхуьлу дукха кепара ораматаш а, дийнаташ а. ХӀинца наггахь бен ца хаало хешт Ptesonura brasilensis. Къайлайовлу кепашна юкъадагӀна цӀен дитт Rio Palenque а, бразилин палисандр а, шех еза мебель ен, дика дечиг йолун дела.

Лаьттан бухара хи[нисъе | нисъе чухулара]

Бух болу яззам: Хьамза (хи)

Бразилехь 4000 метр гергга кӀоргехь Ӏилманчаш гучудаьлла дуьненахь уггар деха лаьттан бухара хи. Хин хьост Андийн кӀажошкара малхбузера малхбалехьа 6 эзар км дахделла Атлантикан океанан бердашка кхаччалц, мадарра аьлча Амазонка хин бассейнан кӀелахь. ХӀара Ӏилманчийн хаам баьржина 2011 шеран августехь[7][8] Рио-де-Жанейрохь бразилин геофизикан юкъаралло шайн вовшахкхетарехь дӀакхайкхича. Хин официально доцуш[9] цӀе елла Хьамза (порт. Rio Hamza, инг. Hamza River) и карийначу Ӏилманчана ХӀиндехь винчу Хьамза Валиян (V. Hamza) цӀарах[10], оцуо 45 шарахь сов теллина Амазонка хи[11]. Хьамза ву Рио-де-Жанейрора Къоман обсерваторин белхало, цунна дуьххьара карийна Бразилехула дуьненан чкъоьран тайп-тайпанчу тӀегӀан тӀехула охьадоьду геологин тамашийна а, шакепара а хин системан экземпляр. Ӏилманчо терго йина цхьайолу сейсмотулгӀенаш лагӀъяларан, оцу балхо аьтту бина лаьттан бухахь дукха хи каруо (юьхьанца иза «лаьттан бухара океан» ду моьттинера). Амма кӀоргехь болхбеш йоцучу 241-гӀа маьхкдаьттан буручохь хин температура теллича гучуделира тамашийна (оцу кепарчу кхечу бурунах тера доцуш) иза хийцаялар, цуо аьтту бира гучудаккха лаьттан бухара охьадоьду хи. Талламаш боьдуш а болуш гучуделира, охьадоьду агӀо дӀаяьккхичхьана, Амазонкин (лаьттан тӀехулара) а, Хьамзан (лаьттан бухара) а вовшех чӀогӀа къаьсташ васташ ду, чӀогӀа хаалуш дерг шоралла а, охьадагӀаран сихалла а ю. <!—Амазонкин шоралла цхьанна тӀиера {?} ткъа километре кхаччалц ю, лаьттан бухара Хьамзан шоралла 200—400 {?} километр ю.--> ТӀаккха а, Амазонкин охьадагӀаран сихоллин барам секундехь пхи метр бу, ткъа Хьамзан секундехь 1 миллиметрал меллаша бу[7]. Хьамза чӀогӀа меллаша охьадоьду 4 эзар метров гергга кӀоргехула лаьттан херолашна юкъахула Амазонкица нийсса[11]. Хьалха тоьхна чоьтаца, Хьамзан шоралла кхочу 400 км, ткъа хи дайар 3900 м³/с[12] — иза 2 % гергга ду Амазонкин дебитах. Хьамзан охьадагӀаран сихоллин барам бу шарахь масех метр. Иза меллаша ду ломан шан барамал а[12][13], цундела цунах охьадоьду хи ала мегар ду цхьа билламана[13]. Хьамза Атлантикан океанах кхета кӀоргехь[14]. Хьамза хин барам бу лакхарчу тӀегӀанара дуралла йолуш[13].

Амазонкин хьаннаш хӀаваан кеман корехула

Иштта долу лаьттан бухара охьадоьду хиш хиларан а, кхолладаран а коьрта роль ю цхьайолчу геологин факторийн. 2007 шарахь гучудаьлла долу лаьттан бухара океан кхолладелла Тийна океанан бухан дакъа лаьттан буха чуозадар (бухадахар), цул тӀехьа кхоллаелла херо континентан пилтано дӀакъовлар бахьанехь. Хи, иштта кӀорге нисделча, хьалагӀерта, амма Тийна океанан малхбален бердаца кхолладеллачу тамашийначу хьоло, таро ло лаьттан бухарчу океанан гӀеххьа паргӀата диса. Лаьттан бухара хин Хьамзин хилларг, хийра а, хи чекхдолуьйту охьахевшина породаш таро хин кӀорге бухадагӀа. Малхбузера малхбале кхаччалц долу Латта датӀар, рельефан карстан кепара ду, иза дахделла ду Амазонкин бассейнан къилбаседан дозанца, цуо ловзайо мела а лаьттан бухара Хьамзин хи латторан роль. Хи чекх ца долуьйту геологин породаш хи хьаладагӀа новкъарло яр бахьанехь, хира охьахевшина породаш малхбузера малхбалехьа охьатаьӀна хиларо кхуллу топографин градиент, Хьамза Атлантикан океанехьа охьадогӀуйтуш. Хьамза санна доцуш, Мексикера Юкатан ахгӀайрен тӀиера 153 километр деха долу лаьттан бухара охьадоьду хи а, Филиппинашкара Puerto Princesa цӀе йолчу Къоман паркера 8,2 километр деха долу лаьттан бухара охьадоьду Cabayugan хи а кхоьллина карстан рельефо. Цара шайн охьадагӀаран агӀо хийцина, карбонатан породаш яшар бахьанехь керла некъ а карийна, кхоллаелла шуьйра лаьттан бухара хинан система.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. по данным Национального центра космических исследований Бразилии
  2. New7wonders.com
  3. BuenoLatina. Бразилия: под Амазонкой обнаружена подземная река Хамза (Hamza)
  4. Хроника Перу. Часть Первая. — Киев, 2008 (пер. А. Скромницкий). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 9 июлехь.
  5. Вавилов Н.И. Пять континентов / Н. И. Вавилов. Под тропиками Азии / А. Н. Краснов. — М.: Мысль, 1987. — 348 с.
  6. Морозов В. П. Занимательная биоакустика. Изд. 2-е, доп., перераб. — М.: Знание, 1987. — 208 с. + 32 с. вкл. — С. 26-30
  7. 1 2 Massive River Found Flowing Beneath the Amazon | International Business Times TV. Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 1 февралехь. Теллина 2013 шеран 22 январехь.
  8. Scientists find underground river beneath Amazon (2011). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 23 ноябрехь. Теллина 2011 шеран 25 августехь.
  9. Choi, Charles Q. Underground river discovered beneath Amazon. OurAmazingPlanet. Science on MSNBC (August 31, 2011). — «“The name given to the underground flow is not official,” Hamza said.»  Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 23 ноябрехь.
  10. Lehman, Stan Brazil scientists find signs of underground river(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Sacramento Bee (August 27, 2011). Теллина 2011 шеран 25 августехь.
  11. 1 2 Scientists discover underground river running beneath the Amazon, Fox News (2011, 25 август). Хьаьжна 25 августехь 2011.
  12. 1 2 Daniel Lingenhöhl Amazonas besitzt mächtigen Zwilling im Untergrund (нем.). Spektrum.de (Кеп:TranslateDate/de). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 23 ноябрехь. Теллина 2012 шеран 28 февралехь.
  13. 1 2 3 Richard Black Subterranean Amazon river 'is not a river' (ингалс.). BBC (27 August 2011). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 23 ноябрехь. Теллина 2011 шеран 30 августехь.
  14. Underjordisk flod upptäckt (Swedish). SE: Hela Gotland (2011). Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 23 ноябрехь. Теллина 2011 шеран 25 августехь.

Литература[нисъе | нисъе чухулара]

  • Географический энциклопедический словарь, М., 1986.
  • Открытие великой реки амазонок. М.: Географгиз, 1963
  • Кравчук П. А. Ӏаламан рекордаш. — Л.: Эрудит, 1993. — 216 с. — 60 000 экз. — ISBN 5-7707-2044-1

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]