Альпийн аса
А́льпийн а́са — географин а, ломан а аса, лаьтта субальпийн асанал лакхахь а, нивалан асанал (гуттаренна а лайш долу аса) лахахь. Иштта биом оцу асан.
Альпийн асанан амалехь ду хаъал серло хилар, мелхан радиацин жигаралла. Температуран шеран юккъера барам дацаре бу. ЧӀогӀа мехаш. 1000 мм сов шеран атмосферан йочанаш деха а, дукха хьолахь ца деша лайн чкъор. Альпийн асан лахара дозанехь амал хӀорда йисттера континентан дакъошка воьдуш санна хийцало.
Альпийн асан амалехь ду, дан а дац ала мегар долуш, дитташ а, коллаш а ца хилар. Бецан юкъараллаш ю лоха дукхашерийн ораматех лаьтташ, царна юкъахь даиман баьццарнаш а. КӀезиг ца хуьлу ораматаш гӀайбан а, розеткан а кепара.
Альпийн асанера дукхаха йолу ораматаш ксероморфан ю. Иза доьзна ораматийн тӀехуло дийнахь чӀогӀа йохъяларца (+50 °C кхаччалц).
Буьйсенан температураш альпийн асанехь аьхка а охьаяла тарло нолал, цуо гӀуорадо заза, амма талха ца телха: дийнахь зезагаш даста а лой, кхиа дуьйлало.
Альпийн бай шина кепара хуьлу:
- байнаш тӀехь алсама цхьа дакъа долу ораматаш хуьлу Кенан ораматаш (Poaceae) а, Эрзаш (Cyperaceae) а доьзалера.
- байнаш тӀехь алсама тайп-тайпана бецаш йолу, уьш алсама ю ши дакъа долу ораматаш.
Андийн Альпийн асан амалехь ю гӀайбакепара ораматаш.
Альпийн асанехь еха дийнаташ билламе екъа мега шина тобане:
- даиман а оцу биомехь еха кепаш, — ерриш уьш Ӏай дӀаюьшу (пищухаш, полёвкаш, дӀамаш);
- Хьал гӀуо хилча лахара асанашка кхелха кепаш (ломан кой, масарш, хьехаш).
Альпийн асан мохк лелабо аьхкенан дежийлашна.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Тимонин А. К. Ботаника: в 4 т. Высшие растения: учебник для студ. высш. учеб. заведений. — М.: Издательский центр «Академия», 2007. — Т. 3. — С. 341. — ISBN 978-5-7695-3184-2.
Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Альпийский пояс // А — Ангоб. — М. : Советская энциклопедия, 1969. — (Большая советская энциклопедия : [в 30 т.] / гл. ред. А. М. Прохоров ; 1969—1978, т. 1).