Алханов Ӏали Дадашевич
Алханов Ӏали (Алу) Дадашевич | |||||||
![]() 2018 | |||||||
|
|||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Кадыров, Ахьмад Абдулхамидович Абрамов Сергей Борисович (д. кх.) |
||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|
Когаметтаниг | Кадыров Рамзан Ахматович | ||||||
|
|||||||
Хьалха хилларг | Цакаев Руслан Узудиевич | ||||||
Когаметтаниг | Алханов Руслан Шахаевич | ||||||
|
|||||||
Дин | суннизм | ||||||
Вина терахь | 1957 шеран 20 январь (64 шо) | ||||||
Вина меттиг | ССРС, Кхазакхийн ССР, Талды-Курганан область, Кировскан кӀошт, Кировски э. | ||||||
Вича тиллина цӀе | оьрс. Алу Дадашевич Алханов | ||||||
Дешар | Могилёвн ЧГӀМ институт | ||||||
Динлелор | ислам суннитийн маьӀна | ||||||
СовгӀаташ | |||||||
Пачхьалкх |
![]() ![]() |
||||||
ЦӀе | Инарла[d], инарла-лейтенант[d], Российн Федерацин боккъала волу пачхьалкхан 1 классан хьехамча[d] | ||||||
Латар | |||||||
![]() |
Алха́нов Ӏали́ (Алу́) Дада́шевич [1] (вина 1957 20 январехь, ССРС, Кхазакхийн ССР, Талды-Курганан область, Кировскан кӀошт, Кировски э.) — российн пачхьалкхан гӀуллакххо; Российн Федерацин юстицин министран гӀовс; Экспертан тергонан комиссин декъашхо[2] (2008 шарахь дуьйна); Российн президентан уллера гӀазакхийн гӀуллакхийн советан декъашхо[3] (2010 шарахь дуьйна).
Нохчийн Республикан Президент (2004—2007); Российн Ӏалашонашна зедархьама историн фальсификаци яран дуьхьалон комиссин декъашхо (2009—2012).
Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]
Вина Кхазакхстанехь нохчий арабахарх сацам дӀабаьккхинчул тӀаьхьа масех де даьлча. Схьавалар гендарганойн тайпанах[4] ду. КӀант вина дукха хан ялале доьзал цӀабирзира Нохчийчу. Ишкол чекхъяьккхинчул тӀаьхьа эскаре кхайкхира, цул тӀаьхьа чекхъяьккхира транспортан милицин ишкол Могилёвхь (хӀинца Могилевн Белорусь Республикан Чоьхьарчу гӀуллакхийн министраллин институт). 1984 шарахь милицехь болх бан волавелира. Чекхъяьккхира милицин лакхара ишкол Дон-тӀера-Ростовхь, тӀаккха дарж делира Нохчийчоьн транспортан де́къан хьаькаман гӀовс. Хьалхара нохчийн тӀамехь дӀакхийтира федералан эскарех, НРИ тӀемлой тӀелетачу хенахь Соьлжа-ГӀала ларъярна совгӀат дина Стогаллин орденца. 2003 шеран апрелехь республикан президента Кадыров Ахьмад-Хьаьжас хӀоттийна чоьхьарчу гӀуллакхийн министран дарже. 2003 шеран 10 ноябрехь Кадыров Ахьмад-Хьаьжас дӀаделира цунна инарла-майоран утаркхаш[5].
Кадыров Ахьмад-Хьаьжа вийначул тӀаьхьа 2004 шеран 9 майхь, Кремль тӀетайна аратеттира шен кандидатура президентан дарже. Оцу шеран августехь хаьржира Нохчийчоьн президент. Дарже велира 2004 шеран 5 октябрехь.[6]
2007 шеран 15 февралехь Российн Президента Путин Владимира къобал дира Алхановс дарж дитар. Иза хӀоттийра Российн юстицин министран гӀовс.
2010 шеран апрелехь хаьржира РФС этикан комитетан председатель[7]. 10 августа 2011 года подал в отставку в связи с занятостью на государственной службе[8][9].
СовгӀаташ, цӀераш, классан чин[нисъе бӀаьра | нисъе]
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орден (2007 шо 15 февраль) — Республикан социалан-экономикан кхиарехь, российн пачхьалкхаллин а, конституцин а хӀоттам чӀагӀбарехь доккха дакъа лацарна[1]
- Невски Александран орден ([[2017 шо 20 март]]) — Пачхьалкх яран гӀуллакхехь а, законалла чӀагӀдарехь а, дуккха шерашкахь хьанал болх барна[10]
- Стогаллин Орден
- Силаллийн орден (2011 шо 12 октябрь) — Къинхьегамехь аьттунаш бахарна а, дуккха шерашкахь хьанал болх барна а[11]
- «Майраллина» мидал
- Российн Федерацин Президента Баркалла кхайкхор
- Российн Федерацин Правительствон Сийлаллин грамота (2007 шо 20 январь) — Нохчийн Республикан экономика а, социалан сфера а меттахӀотторехь доккха дакъа лацарна[12]
- Дешийн Сийлаллин 2004 шарахь «Юкъаралло къобал варан» хьаркан кавалер.
- Российн спортан говзанча дзюдохь.
- Российн Федерацин Боккъала волу пачхьалкхан юстицин 1 классан хьехамча (2007 шо)
Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- ↑ 1 2 Указ Президента Российской Федерации от 15 февраля 2007 г. № 171(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Состав Комиссии по экспортному контролю Российской Федерации. Kremlin.ru (18 сентября 2008). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 15 февралехь. Теллина 2013 шеран 12 февралехь.
- ↑ Изменён состав Совета по делам казачества. Kremlin.ru (2 мая 2010). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2013 шеран 15 февралехь. Теллина 2013 шеран 12 февралехь.
- ↑ Инна Новикова Чечня выбрала президента. Что дальше? - Региональные - Правда.Ру. Теллина 2015 шеран 14 сентябрехь.
- ↑ ПОЛИТИКА: Доживут ли Басаев с Масхадовым до Нового года?
- ↑ https://www.rbc.ru/politics/05/10/2004/5703b6699a7947783a5a5baa
- ↑ Много чести. Футбол-1960.ру. Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2012 шеран 18 февралехь.
- ↑ Глава комитета РФС по этике Алу Алханов ушёл в отставку
- ↑ Глава комитета РФС по этике должен уделять работе все время — Алханов
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 20 марта 2017 года № 119 «О награждении государственными наградами Российской Федерации»
- ↑ Указ Президента Российской Федерации от 12 октября 2011 года № 1342(ТӀе цакхочу хьажорг)
- ↑ Распоряжение Правительства РФ от 20 января 2007 г. № 50-р
Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]
- Бинарш 20 январехь
- Бинарш 1957 шарахь
- «Даймехкана динчу гӀуллакхашна» 4 тӀегӀанера орденан кавалераш
- Невски Александран орден (Российн Федераци) кавалераш)
- Стогаллин орденан кавалераш
- Сийлаллин орден елла нах
- «Майраллина» мидал елларш
- «Юкъараллин низам лардарехь билгалваларан» мидалца совгӀат динарш
- «Петарбухан 300 бӀешо кхачарна иэсан» мидалца совгӀат динарш
- Адамаш абатца
- Нохчийчоьнан министраш
- Коксусан кӀоштахь бинарш
- Нохчийчоьнан куьйгалхой
- Хьалхарчу нохчийн тӀамехь дакъалаьцнарш
- ШолгӀачу нохчийн тӀамехь дакъалаьцнарш
- Полицин инарла-лейтенанташ (Российн Федераци)
- Российн бакъонийн академин хьехархой
- Могилёвн ЧГӀМ институт чекхъяьккхинарш
- Ростовн милицин лакхара ишкол чекъяьккхинарш