Алханов, Хайдар Минералович
Вина терахь | 1951 шеран 18 февраль (72 шо) | |||||||||
---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|---|
Вина меттиг | Караганда, Кхазакхийн ССР, СССР | |||||||||
Гражданалла |
![]() ![]() |
|||||||||
Позици | тӀелатархо | |||||||||
|
||||||||||
СовгӀаташ а, мидалш а | ||||||||||
|
||||||||||
|
Хайдар Минералович Алханов — футболист, футболан тренер, спортан гӀуллакххо. «Терекан» коьрта тренер.
Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]
1967—1990 шерашкахь физкультуран учитель болх бина ЦӀоьнтаран школехь. Цунна йелира футболан 1-ра разряд. 1976 шарахь чекхйаьккхира Нохчийн пачхьалкхан университет. 1985 шарахь иза волавелира футболан тренер болх бан. 1990—1991 шерашахь иза вара Шелара «Вайнах» клубан тренер болхбеш. 1992—2000 шерашкахь иза вара «Терекан» коьрта тренер. 1997 шарахь иза вара Нохчийчоьнан футболан федерацин вице-президент. 1998 шарахь иза вара Нохчийчоьнан футболан гулйина тобанан коьрта тренер. «Терекан» вице-президент.
2000 шо дуьйна Нохчийн Республикин физкультуран а, спортан а, туризман а пачхьалкхан комитетан председатель. 2001 шо дуьйна Нохчийчоьнан физкультуран а, спортан а, туризман а министр. 2013 шарахь Нохчийн Республикин Куьйгалхон физкультуран а, спортан а хьашташна хьехамча.
СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]
- Нохчийчоьнан футболан Сийлахь тренер;
- Нохчийчоьнан физкультуран а, спортан а Сийлахь белхало.
Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]
- С-А. М. Аслаханов, Х. Х. Хизриев. Физическая культура и спорт Чечни: истоки и современность. — Москва: «Перо», 2015. — С. 82-83. — 240 с. — ISBN 978-500086-997-0.