Али-Бердуковски

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Эвла
Али-Бердуковски
абаз. Алибердыкъва
гӀебарт.-чергаз. Али Бердыкъуэ
кхарач.-балк. Али-Бердуковскийоьрс. Али-Бердуковский
Али Бердыкъуэ.jpg
Регион Кхарачой-Чергазийчоь
Муниципалан кӀошт Хабезан кӀошт
Координаташ 43°59′18″ къ. ш. 41°44′20″ м. д.HGЯO
Юьртда Ионов Руслан Борисович
Йиллина 1831 шарахь
Хьалхара цӀерш 1931 шо кхачале Хагундоково (Хьэгъундыкъуей)
Майда 55 км²
ХӀордан сизал локхалла 759 м
Бахархой 5414[1] стаг (2016)
Луьсталла 98 стаг./км²
Къаьмнийн хӀоттам чергазий
Динан хӀоттам бусалбанаш-суннийш
Бахархойн цӀерш али-бердуковхо, али-бердуковхой
Сахьтан аса UTC+3
Телефонан код +7 87873
Поштан индекс 369 425
Автомобилан код 09
[[{{{идентификаторан тайпа}}}]] 91240000003
Али-Бердуковски картан тӀехь
Али-Бердуковски картан тӀехь
Red pog2.svg
Али-Бердуковски картан тӀехь
Red pog2.svg

Али-Бердуковски (оьрс. Али-Бердуковский) — Российн Федерацин Кхарачой-Чергазийчоьнан Хабезан кӀоштан юкъа йогӀу эвла.

Бо шена юкъахь ша́ цхьа эвла бен йоцу муниципалан кхоллар Али-Бердуковски юьртан меттиг.[2]

Географи[нисъе | нисъе чухулара]

Эвла лаьтта Хабезан кӀоштан юккъерачу декъехь, Жима Зеленчук эркан аьрру бердаца. Лаьтта 5 км къилбехьа кӀоштан юкъ йолчу Хабезан, 38 км къилба-малхбузехь Черкесск гӀалан, Р265. ЧеркесскАрхыз трассин тӀехь.

Юьртан меттиган майда ю — 55 км2.

Доза ду эвланийн лаьттанашца: Жакон къилбехахь, Хабезан къилбаседехь, Инжич-Чукунан къилбаседа-малхбален. Малхбузехь а, къилба-малхбузехь а эвлан лаьтташ байданашка довлу.

Эвла лаьтта республикан ломан кӀажошкара зонехь. Меттиган рельеф гунаш долу акъари ю, лаьтта шина дукъ юкъахь. Юккъера локхалла эвлан махкахь 759 метр ю хӀордан тӀегӀанан тӀиера.

Гидрографин маша коьртаниг гайтина Жима Зеленчук эрко. Эвлан малхбузехьа лаьтта Бачби боьра, къилбаседа-малхбалехьа Кайбук боьра.

Климат барамера ю. ХӀаваан шеран юккъера температура ю + 9°. Уггаре шийла бутт — январь (беттан юккъера температура – 4°), ткъа уггаре бовха — июль (+ 22°). ГӀур туху декабрь болалуш, чекхйолу апрель болалуш. Йочанийн шеран юккъера барам шарахь 600 мм бу. Уьш алсама хуьлу апрелера июне кхаччалц болчу муьрехь.

Истори[нисъе | нисъе чухулара]

1825 шарахь ГӀебарта ерриг юкъатуьйхира Российн империн декъа. Иза бахьнехь, дукхаха болу оьрсийн паччахьан Ӏедал къобал дан лууш боцу гӀебартой, яккхий тулгӀенашца кхалха буьйлабелира ГӀебартчуьра Кубань дехьа, кхин адыгаш болчу.

Эвла кхоллаялар доьхку Машук ломаца Ӏийна «бевдда» гӀебартошца. Жигара оьрсий охьаховшаро, дукха сиха аратетта йолийра чергазийн йисина эвланаш.

1824 шарахь Хагундоков эвлара бахархойн доккхаха долу дакъа, дӀакхелхира Кубан тӀе, хевшира хӀинцалерачу Мара эвлан кӀоштахь, эвла цигахь лаьттира шарахь гергга. Амма 1825 шарахь рогӀера эвлан тӀелатаро дизийтира церан кхин а гена бовла.

Цул тӀаьхьа ХагундоковгӀар хевшира Ахьмад-лам тӀе. Цул тӀаьхьа кхелхира Сторожеви гӀалан йисташка. Цигахь а баха ца белла, дӀабахара Маруха эркан атагӀе.

Бахархойн дукхалла[нисъе | нисъе чухулара]

Бахархойн дукхалла
2002[3]2010[4]2012[5]2013[6]2014[7]2015[8]2016[1]
5071535453715360536853805414

Климат[нисъе | нисъе чухулара]

Кхузахь климат барамехь континентан ю, аьхка йовха хуьлу, ткъа Ӏа барамехь-шийла хуьлу. Шеран уггаре а бовха бутт бу — июль (мангалан), уггаре а шийла — январь (кхолламан).

Сахьтан аса[нисъе | нисъе чухулара]

Map of Russia - Moscow time zone.svg

Кхузахь сахьт Москваца нийса лелаш ду. Сахьтан аса ю UTC+3.

Билгалдахарш[нисъе | нисъе чухулара]

  1. 1 2 Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2016 года
  2. Закон Карачаево-Черкесии от 16 декабря 2004 года № 48-РЗ «Об установлении границ муниципальных образований на территории Хабезского района и наделении их соответствующим статусом». Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 2 апрелехь. Теллина 2018 шеран 14 мартехь.
  3. Всероссийская перепись населения 2002 года. Том. 1, таблица 4. Численность населения России, федеральных округов, субъектов Российской Федерации, районов, городских поселений, сельских населённых пунктов - райцентров и сельских населённых пунктов с населением 3 тысячи и более. Архив йина хьалхара хьостан чура 2012 шеран 3 февралехь.
  4. Численность постоянного населения территорий КЧР по окончательным данным Всероссийской переписи населения 2010 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 10 октябрехь. Теллина 2014 шеран 10 октябрехь.
  5. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям. Таблица 35. Оценка численности постоянного населения на 1 января 2012 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 31 майхь. Теллина 2014 шеран 31 майхь.
  6. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2013 года. — М.: Федеральная служба государственной статистики Росстат, 2013. — 528 с. (Табл. 33. Численность населения городских округов, муниципальных районов, городских и сельских поселений, городских населённых пунктов, сельских населённых пунктов). Архив йина хьалхара хьостан чура 2013 шеран 16 ноябрехь. Теллина 2013 шеран 16 ноябрехь.
  7. Таблица 33. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2014 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2014 шеран 2 августехь. Теллина 2014 шеран 2 августехь.
  8. Численность населения Российской Федерации по муниципальным образованиям на 1 января 2015 года. Архив йина хьалхара хьостан чура 2015 шеран 6 августехь. Теллина 2015 шеран 6 августехь.