Алиреза Арафи
| Алиреза Арафи | |||||||
|---|---|---|---|---|---|---|---|
| гӀаж. علیرضا اعرافی | |||||||
| Алиреза Арафи 2020 шеран ноябрехь | |||||||
|
|||||||
| Президент | Масуд Пезешкиан | ||||||
| Хьалха хилларг | Али Хаменеи (Лакхара куьйгалхо санна) | ||||||
|
|||||||
| Президент | Масуд Пезешкиан | ||||||
|
|
|||||||
| Дин | ислам, шийӀа | ||||||
| Вина терахь | 1959 шо | ||||||
| Вина меттиг | Мейбод, Йезд, Иран | ||||||
| Вича тиллина цӀе | гӀаж. علی رضا اعرافی | ||||||
| Парти | |||||||
| Дешар | |||||||
| Динлелор | ислам, шийӀа | ||||||
| Сайт | arafi.ir | ||||||
| Пачхьалкх |
|
||||||
Алиреза́ Арафи́ (гӀаж. علی رضا اعرافی; вина 1959 шарахь, Мейбодехь) — иранан динан а, политикин а гӀуллакххо, Экспертийн кхеташонан декъашхо (2022 дуьйна)[2].
2026 шеран 1 мартехь ракетийн тохар бахьнехь Иранан Лакхара куьйгалхо Али Хаменеи кхелхинчул тӀаьхьа, иза юкъавахара керла кхоьллинчу Ханна йолчу куьйгаллин кхеташонна, Иранан президентца Масуд Пезешкианца а, Лакхара суьдан куьйгалхочуьнца Голям Хоссейн Мохсени-Эджеица а цхьаьна[3][1].
Биографи
[бӀаьра нисйан | нисйан]Вина 1959 шарахь Мейбод гӀалахь, Йезд останехь, Иранехь.
1970 шарахь дӀавахара Кум гӀала, цигахь йуьхьанцара дешар чекхдаьккхира, цул тӀаьхьа кечамбаран динан курсашка лела волавелира. Цул сов, Арафи жигара Ӏамош вара Ӏаьрбийн мотт а, ингалсан мотт а.
Дешар чекхдаьккхинчул тӀаьхьа жигара динан гӀуллакх дӀадолийра. ДӀайоьдучу хенахь цо коьрталла дира Кумехь йолу Аль-Мустафан цӀарах дуьненайукъара университетна, ткъа иштта рогӀехь куьйгалла дора гӀалахь рузбан ламазашна.
2022 шеран мартехь Арафи хаьржира Иранан Экспертийн кхеташоне ТехӀран останера, цигахь иза йукъавахара Конституцин гӀаролийн кхеташонна[4].
2026 шеран 1 мартехь аятолла Алиреза Арафи хилира Иранан кхеташонан декъашхо, оцу кхеташоно цхьаьна кхочушдийр ду мехкан лакхара куьйгалхочун декхарш, 2026 шеран 28 февралехь америкин-исраилан тӀеман операци «Эпикин оьгӀазло»/«Лоьман гӀовгӀа» йоьдучу хенахь кхелхина волу рахбар Ӏалий Хаменеи хийца стаг харжалц[5].
Билгалдахарш
[бӀаьра нисйан | нисйан]- 1 2 Аятолла Арафи стал врио верховного лидера Ирана. Новая Газета. Европа (2026 шеран 1 март). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 1 март.
- ↑ The Islamic Republic's next generation of leaders: A profile of Alireza Arafi (инг.). mei.edu (2020 шеран 6 июль). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 1 март.
- ↑ Reals, Tucker. Iran names three men for interim Leadership Council to pick next supreme leader(бил-боцу.). CBS News (2026 шеран 1 март). ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 1 март.
- ↑ Biography of Alireza Arafi.
- ↑ Аятолла Арафи вошел в руководящий совет Ирана. Вечерняя Москва. ТӀекхочу терахь: 2026 шеран 1 март.