Алиев, Али Зурканаевич

ХӀара яззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Навигацин тӀегӀо Лахарна тӀегӀо
Али Зурканаевич Алиев
Ali Aliyev 1960.jpg
Шех лаьцна
Стен-боьршалла божарийн[d]
Пачхьалкх
Говзалла спортехь латар[d]
Клуб «Гуниб», г. Махачкала
Вина терахь 1937 шеран 29 ноябрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:29|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1995 шеран 7 январь({{padleft:1995|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}) (57 шо)
Кхелхина меттиг
Тренер
Commons-logo.svg Али Зурканаевич Алиев Викилармехь

Али Зурканаевич Алиев (1937 шеран 29 ноябрь({{padleft:1937|4|0}}-{{padleft:11|2|0}}-{{padleft:29|2|0}}), Чох[d], ДегӀастанан Автономин Советийн Социалистийн Республика1995 шеран 7 январь({{padleft:1995|4|0}}-{{padleft:1|2|0}}-{{padleft:7|2|0}}), Москох) — советски паргӀат кепар латархо, СССР Сийлахь спортан говзанча (1962). ЖӀайхо[1]. Исторехь хьалхара 5-за дуьненан паргӀат кепар латаран чемпион[2].

Биографи[нисъе бӀаьра | нисъе]

Али Алиев вина 1937 шеран 29 ноябрехь Гунибски кӀоштан Чох цӀейолу юртахь. Цуьнан да бухгалтер вара, нана медсестра яра. Али да велира 1948 шарахь.

Алиевс чекхъяккхира Дагестанан лоьрийн институт. Иза вара лоьрийн Ӏилманийн кандидат[3].

Спортан карьера[нисъе бӀаьра | нисъе]

Али Алиев а, Масаюки Мацубара а. 1960 шо.

Али Алиев дакъа лецира кхаа Олимпиадехь: 1960 а, 1964 а, 1968 а шерашкахь. Амма массо Олимпиадашкахь цуьна толам баккха аьтту ца хуьлура - цхьана Олимпиадехь мидал яккхара ца хилира цуьна.

Амма цо дакъа лаьцна 6 дуьненан чемпионаташкахь цо 5 деши мидал а, цхьаъ дети мидал а яккхира[4].

Алиевс дакъа лецира цхьана Европан чемпионатехь. Оцу къовсамехь цо деши мидал яккхира.

Юкъараллин болх[нисъе бӀаьра | нисъе]

1963 шарахь иза хаьржира Дагестан АССРн Лакхара Советан депутат. 1988 шарахь иза хӀоттира Дагестан АССРн спортан пачхьалкхан комитетан председатель.

Дагахьлаттавар[нисъе бӀаьра | нисъе]

Памятникаш[нисъе бӀаьра | нисъе]

1998 шарахь Махачкалахь Гамид Гамидов цӀарах йолу спорткомплексан уллехь схьайиллира Алиеван памятник[5].

2011 шарахь Корзье-сюр-Вевье замкехь FILA штаб-квартирехь схьайиллира Али Алиеван памятник[6].

2011 шарахь Каспийскехь Али Алиеван цӀарах йолу спортан гӀалан хьалха хӀоттийн цуьнан памятник[7].

2015 шеран 12 августехь Чохехь схьайиллина Алиеван памятник[8].

Турнираш[нисъе бӀаьра | нисъе]

Каспийскехь хӀора шарахь хуьлу Али Алиеван цӀарах йолу турнир.

ГӀишлош а, урхаллаш а[нисъе бӀаьра | нисъе]

1979 шарахь Махачкалара ШВСМн тиллина Али Алиеван цӀе[9].

2011 шарахь Каспийскехь йолу Спортан гӀалан Али Алиеван цӀе тиллина[10].

Махачкалара СДЮШОРн тиллина Али Алиеван цӀе.

Билгалдахарш[нисъе бӀаьра | нисъе]

  1. Аварцы // Дагестанская правда. — 2015. — № 50—51. Кеп:Архивировано
  2. CHAMPIONS. // The Daily Review, November 16, 1967, Vol. 13, P. 21. Цитата: "CHAMPIONS: Ali Aliev of the Soviet Union became the first in sport history to win the world free-style wrestling crown five times".
  3. 29 ноября 1937 года
  4. Aliev, Ali (URS)(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2015 шеран 22 декабрехь. Теллина 2016 шеран 8 январехь.
  5. Описание достопримечательности
  6. В Швейцарии открыт памятник Али Алиеву
  7. Памятник Али Алиеву Каспийск (Республика Дагестан)
  8. Памятник легенде мирового спорта Али Алиеву открыли в Гунибском районе
  9. ШВСМ имени АЛИ АЛИЕВА
  10. О дворце спорта Али Алиева(ТӀе цакхочу хьажорг — истори). Архив йина хьалхара хьостан чуьра 2016 шеран 4 мартехь. Теллина 2016 шеран 8 январехь.

Хьажоргаш[нисъе бӀаьра | нисъе]