Алибеков, Сайд-Ахмед

ХӀара яззам Википеди чура бу — маьрша энциклопеди
Перейти к навигации Перейти к поиску
Сайд-Ахмед (Саид Ахмедович) Алибеков
Алибеков Сайд-Ахмед.jpg
Вина терахь

1910 шо({{padleft:1910|4|0}})

Вина меттиг

Соьлжа-ГӀала, Нохчичоь, Терски область, Российн импери

Кхелхина терахь

хууш дац

Кхелхина меттиг:

?

Пачхьалкх

РоссиFlag of Russia.svg РоссиССРСFlag of the Soviet Union.svg ССРС

Эскаран тайпа

гӀашсалти

БӀахойн дакъа

2-гӀа Белорусин фронтан
50-гӀа армин
95-гӀа гӀашлойн Лакхара Днепран ЦӀен байракхан дивизин
13-гӀа къаьстина талламан взвод

Куьйгалхо

взвод

ТӀемаш

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀом

СовгӀаташ
ГӀарваларан Орден
Даймехкан тӀеман 1-ра даржан орден ЦӀен Седан орден ЦӀен Байракхан орден ЦӀен Байракхан орден

Сайд-Ахме́д (Саид Ахмедович) Алибе́ков (1910 шо, Соьлжа-ГӀала, Нохчичоь, Терски область, Российн импери — ?) — Гуьмсен милицин зуламан толлийлин хьаьким, гвардин лакхара лейтенант, 2-гӀа Белорусин фронтан 50-гӀа армин 95-гӀа гӀашлойн Лакхара Днепран ЦӀен байракхан дивизин 13-гӀа къаьстина талламан взводан командир.

Биографи[нисъе | нисъе чухулара]

Алибеков вара Гуьмсехь зуламан толлийлан хьаьким. Цо бехк боцуш тоьпаш тухуш кхел йина стаг вадитир. Цун дела Алибековн 10 шо хан туьхуьр.

1942 шарахь иза вара шен лаамца тӀамтӀе хаьжина гӀудан роте. ТӀом дика бар бахьнехь цун тӀера лаьцна хилар дӀадайира. Иза кхоьчу бӀахьойн декъе веккхира.

Алибеков Сайд-Ахмедан елла орденаш:

Цунна елла эскаран званиш:

Цуьнан совгӀатан кехатан тӀехь яздина дара:

«

… ша талларан взводан хьаьким ма-хӀоттийна цо масале дӀахӀоттийра 222-гӀа гӀашлойн полкан талларан болх. Цуьнан куьйгаллийца 1943 шарахь лаьцан цхьаъ обер-лейтенант. 1943 шеран 23-24-гӀа ноябрин буйьсанна лаьцна шозлугӀа немцойн унтер-эпсар. 1943 шеран 17-18 декабрин буьйсанна юха а лаьцна мостагӀан унтер-эпсар. 1944 шеран 4-5 февралин буьйсанна лаьцна мостагӀан обер-ефрейтор. ЦӀен Эскаран 23 шо кхочу буьйсанна 1944 шеран 22-23 февралехь лахара лейтенант шен взводаца мостагӀан декъе серан дуьхьаллонахул чекхваьлла цигахь болчу немцан тӀелетира. Оцу латарехь цара хӀаллаквира 15 салти а, пулемёт шен расчётца а, салти чохь болу блиндаж а. Иштта цара лецира унтер-эпсар. МостагӀас чӀогӀа герз тӀедаьтта долийра. ТӀаккха Алибековс шен накъостий дӀа а бахийтина тӀаьхьабевлла немцойн дуьхьало йира. ТӀедиллар сий а ца дойуш кхочуш динера.

»

Иза шозза хьалхатеттира Советски Союзан Турпалан цӀе яларна. Амма шозза а иза къобал ца вир. 1945 шеран 13 июнехь иза дивизин могӀаман юкъара дӀавеккхира иза 1944 шеран 31 декабрехь отпускера схьацавар бахьнехь. Цул тӀаьхьа цунах лаьцна хӀума хууш дац.

Хьажоргаш[нисъе | нисъе чухулара]