Алексеев, Николай Михайлович

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Николай Михайлович Алексеев
Вина терахь 1919 шеран 26 июнь({{padleft:1919|4|0}}-{{padleft:6|2|0}}-{{padleft:26|2|0}})
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1943 шеран 12 июль({{padleft:1943|4|0}}-{{padleft:7|2|0}}-{{padleft:12|2|0}}) (24 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа военно-воздушные силы[d]
Дарж младший лейтенант[d], старшина[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза
орден Ленина орден Красного Знамени орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Красной Звезды медаль «За отвагу»

Николай Михайлович Алексеев (1919 шеран 26 июнь, Соьлжа-ГӀала, Терски область1943 шеран 12 июль, Орловскан область) — эскаран кеманхо, Сийлайхь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, Брянски фронтан 15-гӀа хӀаваан армин 1-ра гвардин истребителин авиацин корпусан 4-гӀа гвардин авиацин дивизин 64-гӀа гвардин истребителин авиацин полкан эскадрилин куьйгалхонан когаметтаниг, гвардин лахара лейтенант, Советски Союзан Турпал (1943 шеран 24 август)[1].

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Алексеев вина 1919 шеран 26 июнехь Шира Промыслашках (хӀинца Соьлжа-Г1алан юкъаяхна) белхалон доьзаллехь. Иза оьрси вара.

1937 шарахь цо ФЗУ «Нефтеуч» школа чекхъяккхира, цул тӀаьхьа цо оцу школехь белхан практикан инструктор болх а бира, «Нефтяник» спортан юкъараллехь а болх бира. Белхац цхьана цо Соьлжа-ГӀалан аэроклубехь доьшара. 1939 шо дуьйна иза ЦӀен Эскарехь вара. Цо дийшира Нахичеванан эскаран авиацин школехь. 1941 шарахь цо чекхъяккхира А. К. Серовн цӀарах йолу Батайскан эскаран авиацин школа. 1942 шо дуьйна иза ВКП(б) декъашхо вара.

1942 шеран сентябрь дуьйна иза Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман фронтехь вара кеманхо а, звенон куьйгалхо а. 1943 шеран июль кхачале Алексеевс 102 тӀеман тӀемавалар кхочуш а дира, 30 хӀаваан латарехь дакъа а лецира, ша 14 а, тобанехь 3 а мостагӀийн кема а чудаийтира[2].

1943 шеран 12 июлехь гвардин лахара лейтенант Алексеев вара Орловски областехь йолу Новосиль гӀалан уллехь хӀаваэра лаьттахь долу советски эскар лардеш. Сов долу мостагӀийн кеманашна дуьхьула леташ цо ши кема чудаийтира. Шен тӀеман гӀирсаш чекхбевлича цо шен кема тӀетоьхна кхи цхьаъ мостагӀийн кема а чудаийтира, ша а велира.

1943 шеран 24 августехь СССР Лакхара Советан Президиуман омраца тӀеман тӀедилларш тӀехдика кхочушдаран, уьш кхочушдеш гайтина хьуьнараллина а, майраллина а гвардин лахара лейтенантан Алексеев Николай Михайловичан елира Советски Союзан Турпалан цӀе (веллачултӀаьхь)[3].

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Советски Союзан Турпал;
  • Ленинан орден;
  • ЦӀен Байракхан орден;
  • 1-ра даржан Сийлахь-Боккху Даймехкан тӀеман орден;
  • ЦӀен Седан орден;
  • Майраллин медаль.

Дагахьлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

2010 шеран 8 майхь Соьлажа-ГӀалахь схьайиллина «Силаллийн Аллейхь» хӀоттийна Николай Алексееван барельеф а, мемориалан у а.

Алексееван цӀе Соьлжа-ГӀалахь болу ураман тиллина[4].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. Алексеев Николай Михайлович // Авиационная энциклопедия в лицах / Отв. А. Н. Ефимов. — М.: Барс, 2007. — С. 27. — 712 с. — ISBN 978-5-85914-075-6.
  2. М. Ю. Быков. Все Асы Сталина 1936—1953 гг.. — Научно-популярное издание. — М.: ООО «Яуза-пресс», 2014. — 1392 с. — (Элитная энциклопедия ВВС). — 1500 экз. — ISBN 978-5-9955-0712-3.
  3. Газета «Известия» № 200 от 25 августа 1943 года с опубликованным Указом о присвоении звания(ТӀе цакхочу хьажорг)(Хьаьжина 8 июнехь 2010)
  4. Грозный, ул. Алексеева

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.
  • Герои-грозненцы. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1947.
  • Золотые Звёзды Чечено-Ингушетии. — Грозный: Чечено-Ингушское кн. изд-во, 1985.
  • Костенко Ф. А. Корпус крылатой гвардии. — М.: Воениздат, 1974.
  • На грани возможного. — 2-е изд., испр. и доп. — М.: Лимб, 1993.
  • Пономарёва И. З., Сайко В. Б. Их именами названы улицы. — Грозный, 1983.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]