Алейников, Александр Георгиевич

ХӀара йаззам Википеди чуьра бу — маьрша энциклопеди
Александр Георгиевич Алейников
Вина терахь 1913 шеран 5 (18) август
Вина меттиг
Кхелхина терахь 1995 шеран март (81 шо)
Кхелхина меттиг:
Эскаран тайпа пехота[d]
Дарж красноармеец[d], старшина[d]
ТӀемаш
СовгӀаташ
Герой Советского Союза орден Ленина орден Красного Знамени орден Красного Знамени орден Отечественной войны орден Отечественной войны I степени орден Отечественной войны II степени орден Славы III степени медаль «За победу над Германией в Великой Отечественной войне 1941—1945 гг.» медаль «За взятие Кёнигсберга»

Александр Георгиевич Алейников (1913 шеран 5 (18) август, Саратовн губерни[d]1995 шеран март, Гуьмсе, Нохчийн Республика) — старшина, Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман декъашхо, 3-гӀа Белорусски фронтан 43-гӀа армин 70-гӀа кхиссархойн дивизин 252-гӀа кхиссархойн полкан взводан куьйгалхо, Советски Союзан Турпал.

Биографи[нисйе бӀаьра | нисйе]

Вина 1913 шеран 5 (18) августехь белхалон доьзаллехь. Иза оьрсий вара. 1949 шо дуьйна КПСС декъашхо. Цо Гуьмсехь йолу йукъаралин школа чекхйаьккхинчул Гуьмсера эчиг некъан станцин депохь болх бира. 1935—1937 шерашкахь иза ЦӀен Эскарехь вара[1].

1943 шерахь иза йуха а ЦӀен Эскаре дӀакхайкхира Коькчетаван областан Щучински райвоенкоматас[2]. ТӀом бан волавелира гӀуданан батальонехь[3].

Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀемтӀахь Алейников вара 1944 шеран октябрь дуьйна. 1945 шеран 5 апрелехь старшина Алейников массарелла хьалха мостагӀийн окопан чу а иккхина масийтта фашист а, мостагӀийн пулемёт а хӀаллакйира. Гросс-Фридрихсбергехь (Кёнигсберг уллехь) тӀом боьдуш хенахь Алейников хи дӀадохуьйту биргӀан тӀоьхулу шозлугӀа этаж тӀе а ваьлла шен шина накъостаца фашистан гранаташ чу а кхиссина уьш хӀаллакбира. 1945 шеран 11 апрелехь мостагӀий тӀелетча цунна чов йира, амма иза тӀеман йукъара ца велира[1][2][3].

1945 шеран 29 июнехь Алейникован Советски Союзан Турпал цӀе йелира[2][3].

ТӀом чекхбаьллча иза цӀавирзира. 1957 шо дуьйна иза вара Рубцовскехь йолу № 46 йолу гӀишлошйаран трестан № 1 йолу гӀишлошйаран урхаллин слесарь-ремонтхо болх беш. 1964 шо дуьйна Алейников Гуьмсехь болх беш вара[1][3]. ДӀавоьллина Гуьмсехь.

СовгӀаташ[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Советски Союзан Турпал (1945 шеран 29 июнь);
  • Ленинан Орден (1945 шеран 29 июнь);
  • Шиъ ЦӀен Байракхан орден (1945 шеран 8 апрель а, 9 апрель а);
  • 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1985 шеран 11 март);
  • 1-ра даржан Сийлахь-Боккха Даймехкан тӀеман орден (1945 шеран 17 март);
  • 3-гӀа даржан Силаллийн орден (1944 шеран 18 декабрь);
  • мидалш.

Дагахлаттавар[нисйе бӀаьра | нисйе]

Рубцовскехь йолу Толаман Паркехь Турпалхойн Аллейхь дӀахӀоттийна Александр Алейникован сурт[4].

1996 шарахь А. Г. Алейникован цӀе тиллина Дон-тӀера-Ростовехь болуш болу ураман[5].

Алейникован цӀе тиллина Гуьмсехь болу ураман[6].

Билгалдахарш[нисйе бӀаьра | нисйе]

  1. 1 2 3  Алейников, Александр Георгиевич. Cайт «Пачхьалкхан турпалхой».
  2. 1 2 3 Люди и Книги.
  3. 1 2 3 4 Павловская И. С..
  4. Алейников Александр Георгиевич. Официальный сайт органов власти Алтайского края (2015 шеран 11 март). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 11 август. Архивйина 2021-10-19 — Wayback Machine
  5. Улица Алейникова (Ростов-на-Дону, Советский район). Большой Ростов (2014 шеран 17 март). ТӀекхочу дата: 2015 шеран 11 август.
  6. Улица Алейникова. Гудермес

Литература[нисйе бӀаьра | нисйе]

  • Герои Советского Союза: Краткий биографический словарь / Пред. ред. коллегии И. Н. Шкадов. — М.: Воениздат, 1987. — Т. 1 /Абаев — Любичев/. — 911 с. — 100 000 экз. — ISBN отс., Рег. № в РКП 87-95382.

Хьажоргаш[нисйе бӀаьра | нисйе]